‏ Joshua 14

Йордан-хина малхбузехьа латта декъар

1ХӀара ду исраилхошна юкъахь Йордан-хина малхбузехь болу КанаӀан-мохк бекъарх долу дийцар. Мохк боькъуш, цунах царна дакъош дира динан дас ЭлиӀазара а, Нунин кӀанта ЮшаӀа а, исраилхойн тайпанашкахь болчу доьзалийн тхьамданаша а. 2 aВезачу Эло Мусагахула тӀе-ма-диллара, кхаж а тосуш, дийкъира цара иза исс тайпанна а, Маннашан эха тайпанна а. 3 bШина тайпанна а, Маннашан тайпанан вукху эханна а Мусас Йорданал дехьа, малхбалерчу агӀор, дакъа деллера, ткъа Левин тайпанах болчарна царна юкъахь дакъа ца деллера. 4Юсупан кӀентех ши тайпа схьадаьллера: Маннашан а, Эпрайман а. Ткъа Левин тӀаьхьенашна латта ца деллера, царна гӀаланаш еллера, бежанаш а, жаш а лело меттигаш а луш. 5Везачу Эло Мусана тӀе-ма-диллара, дира исраилхоша дерриг а, шаьш лаьттан дакъош доькъуш.

Килабан дакъа

6 cЯхӀудан тӀаьхьенах болу нах баьхкира Галгале ЮшаӀ волчу. Епунин кӀанта Килаба, кхеназхочо, элира цуьнга: «Хьуна хаьа Везачу Эло Делан стаг волчу Мусага Кхадеш-БарнаьӀахь хьох а, сох а лаьцна аьлларг. 7 dСан шовзткъа шо дара, Везачу Элан ялхочо Мусас Кхадеш-БарнаьӀара со лаьтте хьажа вохуьйтучу хенахь. Аса, юха а веана, сайна хеташ дерг дӀадийцира цуьнга. 8Соьца баьхкинчу вежарша нехан дегнашка кхерам тесира, ткъа со сайн Везачу Дала бохучунна тӀера ца велира. 9 eЦу дийнахь Мусас чӀагӀо йира суна: „Хьан ког тӀебаьлла латта хьан а, хьан берийн а дакъа хир ду гуттаренна а, хӀунда аьлча сан Везачу Дала бохучунна тӀера ца вели хьо“, – аьлла. 10Иштта Везачу Эло дийна витина со, Цо Ша ма-аллара. Шовзткъе пхи шо ма даьлла Везачу Эло Мусага и дош аьллачул тӀаьхьа. Цу хенахь исраилхой яьссачу аренгахула лелаш бара. Хьажал соьга! ХӀинца сан дезткъе пхи шо ду. 11Хьалха Мусас со вохуьйтучу хенахь санна, хӀинца а гӀора долуш ву со. ХӀетахь хилла ницкъ бу соьгахь хӀинца а тӀом бан а, кхин гӀуллакх дан а. 12Ткъа хӀинца Везачу Эло цу дийнахь суна лур ю аьлла йолу акъареш схьало. Хьуна хезира хӀетахь, цигахь Ӏаш Ӏаьнакхан кӀентий бу, церан гӀаланаш яккхий а, чӀагӀйина а ю аьлла. Амма Везачу Эло гӀо а дина, ас арабаха мега уьш, Везачу Эло ма-аллара».

13Везачу Эле Епунин кӀант Килаб декъалвар а дехна, Килабе дола дайта Хьеврон-гӀала дӀаелира ЮшаӀа. 14Хьеврон хӀинца а кхеназхо волчу Епунин кӀентан Килабан тӀаьхьенна дакъа хилла йисна, хӀунда аьлча иза исраилхойн Везачу Дала бохучунна тӀера ца ваьллера. 15Хьевронан цӀе хьалха Кхиръят-АрбаӀ хилла. (АрбаӀ цӀе йолуш Ӏаьнакхахойн тӀаьхьенашна юкъахь цхьа сийлахь стаг хилла.)

Цул тӀаьхьа тӀамах садаьӀира лаьтто.
Copyright information for CheCAC2012