‏ Joshua 15

ЯхӀудан тайпанан дакъа

1ЯхӀудан тайпанна кхаьчна дакъа цуьнан гаранашна юкъахь дийкъира. Церан лаьтта тӀехь къилбехьа йолу яьсса аре Цин Эдом-махкаца доза лоцуш яра. 2Церан къилбехь долу доза Дуьрачу хӀордан къилбехь болчу берда тӀехула долалуш дара. 3Къилбехь Акхрабайм-Ӏинна тӀе а дахана, Цин цӀе йолчу яьссачу аренехула чекх а даьлла, Кхадеш-БарнаьӀа-гӀалин къилбехьарчу агӀонна тӀе а дахана, Хьацрани-гӀалех тӀех а даьлла, цигара дӀа Адар-гӀала йолчу хьала а даьлла, КхаркхаӀ-гӀала йолчухьа дӀахьаьвзаш дара и доза. 4Цул тӀаьхьа, Ӏацмун-гӀаланах тӀех а даьлла, Мисар-мехкан дозанехь долчу хица дӀа а дахана, Дуьненаюккъерчу хӀорда тӀе доьдура иза. Цигахь чаккхе яра цуьнан. Иштта дара ЯхӀудан тӀаьхьенан къилбехь долу доза.

5Малхбалехь доза Дуьрачу хӀордаца дара, Йордан-хи цунах дӀакхетачу метте кхаччалц.

Къилбаседехь долу доза Йордан-хи Дуьрачу хӀордах кхетачохь долалуш дара.
6Цул тӀаьхьа Байт-ХьагӀла-гӀалина тӀе а дахана, юха Байт-Ӏариба-гӀалин къилбаседехьарчу агӀонна уллохула доьдура иза. КхидӀа БохӀанан тӀулга тӀе доьдура иза. (БохӀан Раабанан кӀант хилла.) 7Цигара Ӏахур-тогӀи чухула Дибарна тӀе а дахана, къилбаседехьа а дирзина, Галгал-гӀалина тӀе доьдура доза. Хинан къилбехьара агӀор йолчу Адуммим-Ӏинна дуьхьал лаьтташ яра и гӀала. КхидӀа, Ӏейн-Шемешан хиш тӀе дӀа а дахана, Ӏейн-РегӀалахь чекхдолуш дара иза. 8Цул тӀаьхьа, Бен-ХӀинам цӀе йолчу тогӀи чухула Явсай-гӀалин (я кхечу тайпана Ярушалайман) къилбехьарчу агӀорахула дӀа а дахана, ломан буьххье хьаладолура иза. И лам ХӀинаман тогӀина дуьххьал малхбузехьа бара, цул сов, репахойн тогӀин йистехь къилбаседехьа а бара. 9Цу ломан буьххьера доза Нептухь олучу хина тӀедоьрзуш дара, ткъа цигара Ӏепрон-лома тӀерачу гӀаланаш тӀе доьдура. Юха БаӀала-гӀалина тӀедоьрзура иза (тахана цу гӀалин цӀе Кхиръят-ЯӀарим ю). 10БаӀалина тӀера хӀорда тӀе а доьрзий, цигара СеӀир-лам тӀе доьдура доза. Цул тӀаьхьа ЯӀарайм-ломан (хӀинца цунах Кесалун олу) къилбаседехьа йолчу агӀор дӀа а доьдий, Байт-Шамаш-гӀала йолчу чу а дуссий, Тамна-гӀалахула чекхдолура. 11Цигара дӀа, Ӏекхран-гӀалин къилбаседехьарчу агӀор а долий, Шикрон-гӀалина тӀедоьдура доза. Юха, БаӀала-лома тӀехула а долий, Ябниал-гӀала кхочура. Цуьнан чаккхе Дуьненаюккъерчу хӀорда тӀехь яра. 12Цу хӀордаца дара церан малхбузехь долу доза. Массо а агӀор иштта доза дара ЯхӀудан тайпанах болчу нехан.

Килаба Хьеврон а, Дибар а схьаяккхар

(Куьйгалхой 1:11-15)

13 aВезачу Эло шена тӀе-ма-диллара, Епунин кӀантана Килабана ЯхӀудан тайпанна юкъахь дакъа делира ЮшаӀа. Цо цунна елларг Кхиръят-АрбаӀ яра, хӀинца шех Хьеврон-гӀала олуш йолу. (АрбаӀ Ӏаьнакхан да хилла.) 14Килаба цигара Ӏаьнакхан тӀаьхьенаш араехира. Уьш Шешайн а, Ахьиманан а, Талмайн а цӀийнах болу нах бара. 15Кхузара дӀа Дибар-гӀалин бахархошна тӀелетира иза. (Цу гӀалин цӀе хьалха Кхиръят-Сапар яра.) 16Килаба элира: «Кхиръят-Сапарна тӀе а летта, и гӀала схьаяьккхинчу стаге сайн йоӀ Ӏахисат маре йохуьйтур ю ас». 17Килабан вешин Кхеназан кӀанта Ӏотниал схьаяьккхира и гӀала, тӀаккха цуьнга шен йоӀ Ӏахисат маре яхийтира Килаба. 18Майрачун цӀен тӀе дӀайоьдучу дийнахь Ӏотниал тешийра цо, шен дега Килабе латта деха деза аьлла
Майрачун цӀен тӀе дӀайоьдучу дийнахь Ӏотниал тешийра цо, шен дега Килабе латта деха деза аьлла – Грекийн гочдар тӀехь: Майрачун цӀен тӀе иза дӀайоьдучу дийнахь Ӏотниала тӀедиллира цунна, Килабе аре еха аьлла.
. Ӏахисат вира тӀера чуйоьссича, Килаба хаьттира цуьнга: «ХӀумма а оьший хьуна?»
19ЙоӀа элира: «Декъалъе со. Ахь суна делла латта декъа а, даьсса а ду, хин хьостанаш долу латта ахьа сайна дала лаьара суна». ТӀаккха Килаба лакхара а, лахара а хьостанаш дӀаделира цунна.

ЯхӀудан тӀаьхьенан гӀаланаш

20Иштта дара ЯхӀудан тайпанан шайн гаранашкахь долу дакъа: 21Эдом-мехкан дозанехь, къилбехь, церан яра гӀаланаш: Къабциал, Ӏедар, ЯгӀур, 22Кхина, Димуна, Ӏадада, 23Кхедаш, Хьацор, Йитнан, 24Зип, Телам, БеӀалт, 25Хьацор-Хьадата, Кхиръют-Хьацрани я кхечу тайпана Хьацор, 26Амам, ШемаӀ, Мулада, 27Хьацар-Гада, Хьешмон, Байт-Палти, 28Хьацар-ШуӀал, Беар-ШабаӀ, Бизъют-ЯхӀу, 29БаӀала, Ӏияйм, Ӏацам, 30Элтолад, Кесал, Хьорма, 31ЦакхелагӀ, Мадмана, Сансана, 32Лебаот, Шелахьим, Ӏейн, Римун – ерриг а ткъе исс гӀала яра шайн ярташца.

33Цул сов, малхбалехь долчу лаьмнийн когашкахь а кхаьчнера царна гӀаланаш: Эштаул, ЦорӀа, Ашна, 34Занухь, Ӏейн-Ганим, Тапухьа, Ӏейнам, 35Ярмут, Ӏадулам, Соха, Ӏазекхи, 36ШаӀрайм, Ӏадитайм, Гадира (я Гадирутайм) – ейтта гӀала шайн ярташца.

37Ценан, Хьадаша, Мигдал-ГӀад, 38ДилӀан, МицӀпа, Якхтаал. 39Лахиш, Боцкхат, ӀегӀлон, 40Каббон, Лахьмас, Китлиш, 41Гадирут, Байт-ДагӀон, НаӀмат, Макхеда – ялхитта гӀала шайн ярташца.

42Либна, Ӏетар, Ӏашун, 43Йиптахь, Ашна, Нециб, 44КъаӀила, Ахзиб, Мареша – исс гӀала шайн ярташца.

45Ӏекхран, шеца кегийра гӀаланаш а, ярташ а йолуш, 46Ӏекхранна тӀера Дуьненаюккъерчу хӀорда тӀекхаччалц болу мохк, цу чу йогӀуш Ашдод-гӀалина уллора гӀаланаш а, ярташ а йолуш.

47Ашдод, шеца йолчу гӀаланашца а, ярташца а, Ӏази, шеца йолчу гӀаланашца а, ярташца а Мисар-мехкан дозанехь долчу хина тӀекхаччалц а, Дуьненаюккъерчу хӀорда тӀекхаччалц а.

48Лаьмнаш тӀехь йолу гӀаланаш: Шамир, Итар, Соха, 49Данна, Кхиръят-Сана (я Дибар), 50Ӏанаб, ЭштамуӀ, Ӏаним, 51ГӀашан, Хьулон, Гило – цхьайтта гӀала шайн ярташца.

52Арба, Дума, Эшхьан, 53Янум, Байт-Тапухьа, Апекха, 54ХьумтӀа, Кхиръят-АрбаӀ (я Хьеврон), ЦиӀор – исс гӀала шайн ярташца.

55МаӀун, Кармал, Зип, ЮтӀа, 56ИзраӀал, ЯкхдеӀам, Занухь, 57Кхаим, ГебаӀ, Тамна – итт гӀала шайн ярташца.

58Хьалхьул, Байт-Цур, Гадур, 59МаӀарат, Байт-Ӏанот, Элтакхун – ялх гӀала шайн ярташца.

60Кхиръят-БаӀал (кхечу тайпана Кхиръят-ЯӀарим), Рабба – ши гӀала шайн ярташца.

61Яьссачу арахь царна кхаьчна гӀаланаш: Байт-Ӏариба, Миддин, Секаха, 62Нибшан, Туьха-гӀала, Ӏейн-ГӀади – ялх гӀала шайн ярташца.

63 cЯрушалайман бахархой болу явсайхой ара ца бахабелира ЯхӀудан тайпане, цундела тахана а явсайхой ЯхӀудан тайпанах болчу нахаца цхьаьна Ӏаш бу Ярушалаймехь.
Copyright information for CheCAC2012