‏ Joshua 19

ШимӀин тайпанан дакъа

1ШолгӀа кхаж ШимӀин тайпанна белира. ЯхӀудан тайпанна деллачу лаьттана юккъехь нисделлера церан дакъош. 2 aЦарна кхаьчнарг хӀара дара: Беар-ШабаӀ (я ШебаӀ), Мулада, 3Хьацар-ШуӀал, Бала, Ӏацам, 4Элтолад, Бетул, Хьорма, 5ЦакхелагӀ, Байт-Маркабут, Хьацар-Суса, 6Байт-Лебаот, Шарухьен – кхойтта гӀала шайн ярташца.

7Ӏейн, Римун, Ӏетар, Ӏашун – йиъ гӀала царна гонах йолчу ярташца. 8Цул сов, цу гӀаланашна гонах йолу массо а юрт яра церан, ур-атталла БаӀалт-Беарана (я кхечу тайпана къилбехь йолчу Рамина) тӀекхаччалц. Иштта дара ШимӀин тайпанан дакъа. 9ЯхӀудан тайпанах болчу нехан латта царна оьшучул сов дара, цундела церан лаьттах дакъа деллера ШимӀин тайпанна. Иштта церан дакъошна юккъехь нисделлера ШимӀин тайпанах болчеран латта.

Забулан тайпанан дакъа

10КхоалгӀа кхаж Забулан тайпанна белира. Церан декъан доза Сарид-гӀалина тӀекхаччалц дӀадоьдура. 11Юха, малхбузехьа МарӀалана тӀе а доьдий, цигара дӀадахча, Дабешетах дӀа а кхетий, тӀаккха ЯкхнаӀамна уллорачу хина тӀе кхочура иза. 12Саридана тӀера малхбалехьа Кислут-Табурна тӀедоьрзура доза, цул тӀаьхьа Дубратана тӀе а доьдий, юха ЯпияӀ йолчу хьаладолура иза. 13Цул тӀаьхьа малхбалехьа Гати-Хьепарна а, Ӏет-Кхацинна а тӀе а кхочий, кхидӀа Римуна тӀе а доьдий, НеӀа йолчу агӀор дӀадоьрзура. 14Къилбаседехь доза Хьанатон йолчу дӀадоьрзура, кхидӀа а доьдий, Яптахь-Эл-тогӀи чохь чекхдолура. 15Церан лаьтта тӀехь шийтта гӀала яра шайн ярташца. Царах цхьаерш хӀорш ю: КхатӀат, НахӀлал, Шимрон, Йида-Ала, Байтлахам. 16Иштта гӀаланаш а, ярташ а кхаьчнера Забулан тайпанах долчу гаранашна.

Иссарханан тайпанан дакъа

17БоьалгӀа кхаж Иссарханан тайпанах долчу гаранашна белира. 18Церан лаьтта тӀехь яра: ИзраӀал, Кесулот, Шунам, 19Хьапарайм, Шион, Анахьарат, 20Рабит, Кхишон, Эбец, 21Ремет, Ӏейн-Ганим, Ӏейн-Хьада, Байт-Пацац. 22Доза, Табурна а, Шахьацимана а, Байт-Шамашна а тӀе а кхочий, цигара дӀадоьдий, Йордан-хина уллохь чекхдолура. Царна кхаьчнарг ялхитта гӀала яра шайн ярташца. 23Иштта гӀаланаш а, ярташ а кхаьчнера Иссарханан тайпанах долчу гаранашна.

Ашаран тайпанан дакъа

24ПхоьалгӀа кхаж Ашаран тайпанах долчу гаранашна белира. 25Церан дола яьлларг яра: Хьелкхат, Хьали, Бетен, Ахишап, 26Алам-Малик, ӀамӀад, Мишъал. Малхбузерчу агӀор долу церан доза Кармал-ломана а, Шихьор-Либнатна а тӀекхочура. 27Юха, малхбалехьа Байт-ДагӀон йолчу дӀа а доьрзий, Забулна а, Яптахь-Эл-тогӀина а тӀекхочура иза. Цул тӀаьхьа къилбаседехьарчу агӀор Байт-Ӏамакхна, НеӀилна а тӀех а долий, Хабулна тӀекхочура иза. 28Цул тӀаьхьа доза, Ӏабранина а, Рахьубна а, Хьамунна а, Кханина а тӀе а доьдий, юха Сийлахьчу ЦӀаданна тӀекхаччалц дӀадоьдура. 29Рама-гӀала йолчу юха а доьрзий, цигара дӀа чӀагӀйина йолчу Цора-гӀалина тӀедоьдура доза, ткъа цигара дӀа Хьоса-гӀалина тӀедоьрзура. ХӀорда йистехь, Ахзиб олучу меттехь, чекхдолура иза. 30Ӏума, Апакх, Рахьуб а кхаьчнера царна. Ерриг а ткъе ши гӀала яра шайн ярташца. 31Иштта гӀаланаш а, ярташ а кхаьчнера Ашаран тайпанах долчу гаранашна.

Напталан тайпанан дакъа

32ЙолхалгӀа кхаж Напталан тайпанах долчу гаранашна белира. 33Церан доза, Хьелеп-гӀала а, ЦаӀнаним-гӀалина уллора нежнаш а долчуьра дӀадолалой, Адами-Некхабна а, Ябниална а тӀе а доьдий, Лакхумна тӀекхочура. Ткъа цигара дӀадахча, Йордан-хи тӀехь чекхдолура иза. 34Кхузара дӀа доза малхбузехьа Азнот-Табурна тӀе а доьрзий, юха цигара Хьукхакхана тӀе а доьдий, къилбехь Забулан лаьттах дӀахотталора, ткъа малхбузехь Ашаран лаьттах дӀахотталора. Малхбалехь иза Йорданна тӀе кхочура
Ӏебархойн тептар тӀехь иштта ду: Малхбалехь, Йорданна йистехь, ЯхӀудан лаьтта тӀе а кхочура иза.
.
35ЧӀагӀйина гӀаланаш хӀорш яра: Цидим, Зер, Хьамат, Ракхат, Канарот, 36Адама, Рама, Хьацор, 37Кхедаш, ЭдреӀи, Ӏейн-Хьацор, 38Йиръон, Мигдал-Эл, Хьорем, Байт-Ӏанат, Байт-Шамаш – ткъайоьсна гӀала шайн ярташца. 39Иштта гӀаланаш а, ярташ а кхаьчнера Напталан тайпанах долчу гаранашна.

Данан тайпанан дакъа

40ВорхӀалгӀа кхаж Данан тайпанах долчу гаранашна белира. 41Церан декъа чуйогӀуш яра: ЦорӀа, Эштаул, Ӏир-Шемеш, 42ШаӀалбан, Айлон, Йитла, 43Эйлон, Тамна, Ӏекхран, 44Элтакха, Габитун, БаӀалт, 45ЙихӀуд, Бини-Биракх, Гати-Римун, 46Ме-Яркхун, Ракхун, Яппи-гӀалина уллора латта. Данан тайпане шайна беллачу мехкан дола дан ца делира. 47 cТӀаккха, Лешем-гӀалина тӀе а летта, иза схьа а яьккхина, цуьнан бахархой хӀаллакбира Данах схьабевллачу наха. Цу гӀалахь баха хевшира уьш, цуьнан цӀе Дан а тиллина, шайн ден Данан цӀарах. 48Иштта гӀаланаш а, ярташ а кхаьчнера Данан тайпанах долчу гаранашна.

Нунин кӀентан ЮшаӀан дакъа

49Шаьш латта декъна бевлча, Нунин кӀантана ЮшаӀана а шайна юккъехь дакъа делира исраилхоша. 50Везачу Эло тӀе-ма-диллара, ЮшаӀа шена ехна йолу гӀала елира цара цунна. Иза Эпрайман лам тӀехь йолу Тамнат-Серахь яра. ГӀала то а йина, цу чохь ваха хиира ЮшаӀ.

51Иштта дара исраилхошна шайн тайпанашкахь декъна лаьттан дакъош. Динан дас ЭлиӀазара а, Нунин кӀанта ЮшаӀа а, халкъан тхьамданаша а, кхаж а тосуш, Шилунехь, Веза Эла волчохь, Цуьнан дезачу четарна хьалха декънера уьш. Латтанаш декъар иштта чекхделира.
Copyright information for CheCAC2012