dАрадаккхар 3:1–12:42.
eАрадаккхар 14:1-31.
hЯкъуба 3:14-17; Якъуба 6:1-21.
iАрадаккхар 23:28; Карлабаьккхинарг 7:20.
Joshua 24
Шехем-гӀалахь ЮшаӀа дина весет
1Исраилхойн массо тайпанаш а, къаной а, хьаькамаш а, кхелахой а, тӀехьовсурш а Шехем-гӀалахь гулбира ЮшаӀа. Уьш берриш а Далла хьалха хӀиттира. 2 aДерриг а халкъе ЮшаӀа элира: «Везачу Эло, исраилхойн Дала, иштта боху: „Эпрат-хил дехьа дукха хенахь дуьйна Ӏийна шун дай. ИбрахӀиман а, Нахьиран а да ТӀахьир а Ӏийна цигахь. Цара кхечу деланашна Ӏамал йора. 3 bАмма Ас шун да ИбрахӀим, хил сехьа а ваьккхина, берриг а КанаӀан-махкахула чекхваьккхира. Цуьнан тӀаьхье а кхиийтира, цунна Исхьакх а велира, 4 cИсхьакхана Якъуб а, Ӏесав а велира. Ӏесавана СеӀир-лам белира тӀаьхьалонна. Якъуб а, цуьнан кӀентий а Мисар-махка дӀабахара. 5 dАс Муса а, АхӀарон а вахийтира Мисара. Мисархошна тӀе дукха цамгарш хийцира Ас. Цул тӀаьхьа шу цигара арадехира. 6 eШун дай, Мисар-махкара Ас арабаьхча, Эрзийн хӀорда тӀе баьхкира. Цу хенахь мисархой а шайн гӀудалкхашца а, дошлошца а, царна тӀаьхьабевлла, Эрзийн хӀорда тӀе кхечира. 7ТӀаккха шун дай Везачу Эле маьхьарца кхайкхира. Ас шуна а, мисархошна а юккъе бода баийтира. Юха, царна тӀе хӀорд а хецна, уьш хӀаллакбира. Шун бӀаьргашна гина Ас Мисарахь динарг. Юха дуккха а хан яьккхира аша яьссачу арахь. 8 fЙордан-хил дехьа, малхбалехьа, Ӏаш болчу эмархойн лаьтта тӀе далийра Ас шу. Эмархой шух летча, Ас шун кара дӀабелира уьш. Шуна церан латта дисира. Ас хӀаллакбира уьш шуна хьалха. 9 gМуабахойн паччахь, Ципуран кӀант Балакх, гӀаьттира тӀамца исраилхошна дуьхьал. Цо БеӀаран кӀант БалиӀам валавайтира, цуьнга шуна неӀалт кхайкхадайта. 10Амма Суна ца лиира БалиӀаме ладогӀа, тӀаккха цо шу декъалдира. Иштта Ас Балакхах кӀелхьардехира шу. 11 hЙордан-хих дехьа а девлла, Ерихоне даьхкира шу. Ерихонан бахархой шух летира. Уьш бара эмархой, перезахой, канаӀанхой, хьетахой, гӀиргӀашахой, хьаьвихой, явсайхой. Амма Ас шун кара дӀабелира уьш. 12 iАс церан эскарш, дохийна, даржийра, шул хьалха царна тӀе бомозий дахийтича санна. Цара эккхийра шу долчуьра эмархойн ши паччахь. Шун таррашца а, Ӏедашца а дина дацара иза. 13 jАш тӀехь къа ца хьегна латта делла Ас шуна, аш ца йина гӀаланаш елла, царна чохь Ӏаш ду шу хӀинца. Шаьш йийна йоцчу кемсийн а, зайт-диттийн а бошмашкара стоьмаш боу аша“». 14КхидӀа ЮшаӀа элира: «Везачу Элах кхера а кхоьруш, цӀена а, даггара а Цунна Ӏамал е. Эпрат-хил дехьа а, Мисарахь а Ӏачу хенахь шайн дайша Ӏамал йина деланаш дӀа а тасий, Везачу Элана бен Ӏамал ма е. 15Нагахь санна Везачу Элана Ӏамал ян шайна ца лаахь, тахана аш къасто деза, шаьш хьанна гӀуллакх дийр ду: Эпрат-хил дехьахь Ӏаш болчу хенахь шайн дайша Ӏамал йинчу деланашна я шаьш церан лаьтта тӀехь Ӏаш долчу эмархойн деланашна. Ткъа аса а, сан цӀийно а Везачу Элана Ӏамал йийр ю». 16Халкъо жоп делира: «ХӀан-хӀа, оха Веза Эла дӀа а тесна, кхечу деланашна Ӏамал йийр яц! 17Веза Эла тхан Дела ву, Цо тхо а, тхан дай а Мисар-махкара, лоллехь болчуьра, арабаьхна. Цо инзаре хӀуманаш кхочушдина тхан бӀаьргашна хьалха, схьадогӀучу новкъахь тхо Ӏалаш а дина, царна юккъехула чекхдовлучу хенахь, массо а халкъах лар а дина. 18Дерриг а халкъаш, шайна юкъахь кху лаьтта тӀехь Ӏийна эмархой а болуш, тхо долчуьра дӀалаьхкина Везачу Эло. Цундела оха Ӏамал йийр ю Цунна, хӀунда аьлча Иза тхан Дела ву». 19ЮшаӀа элира халкъе: «Везачу Элана Ӏамал ялур яц шуьга, хӀунда аьлча Иза Веза Эла ву, Цо могуьйтур дац шуна низамехь цахилар а, къинош летор а. 20Нагахь Веза Эла дӀа а тесна, хийрачу деланашна аш Ӏамал яхь, шуна дуьхьал а ваьлла, Цо таӀзар дийр ду шуна. Хьалха шуьца дика хиллехь а, Цо хӀаллакдийр ду шу». 21Халкъо ЮшаӀе элира: «ХӀан-хӀа, оха Везачу Элана Ӏамал йийр ю». 22ЮшаӀа элира нахе: «Шу массо а теш ву, Веза Эла Цунна Ӏамал ян шайна хаьржина хиларх». Цара элира: «Ву! Тхох массо а теш ву!» 23«Делахь, шайн хӀинца болу хийра деланаш дӀа а тасий, шайн дегнаш Везачу Элана, исраилхойн Далла, тӀедерзаде», – элира ЮшаӀа. 24Халкъо элира ЮшаӀе: «Тхайн Везачу Далла Ӏамал а йийр ю, Цуьнга ла а дугӀур ду оха». 25Цу дийнахь Шехемехь халкъаца барт а бина, дан дезарг цунна тӀедиллира ЮшаӀа. 26Дала тӀедиллинарг яздинчу тептар тӀе и дерриг а дӀаяздира ЮшаӀа. Юха боккха тӀулг, схьа а эцна, Везачу Элан цӀенна уллохь лаьттачу ножана кӀел охьабиллира цо. 27Дерриг а халкъе ЮшаӀа элира: «ХӀара тӀулг вайн теш хир бу. Везачу Эло вайга аьлла дерриг а дешнаш кхунна хезна. Шуна дуьхьал а теш хуьлда и тӀулг, шайн Далла хьалха шуьга харцдерг ца дийцийта». 28Юха халкъ дӀадахийтира ЮшаӀа. Массо а шен-шен цӀа, шен декъа тӀе, дӀавахара.ЮшаӀ а, ЭлиӀазар а кхалхар
29Цул тӀаьхьа Везачу Элан ялхо, Нунин кӀант ЮшаӀ, кхелхира. Цуьнан бӀе итт шо дара. 30Шен лаьттан декъа тӀехь, ГаӀаш-ломана къилбаседехьа болчу Эпрайман лам тӀехь лаьттачу Тамнат-Серахь цӀе йолчу гӀалахь, дӀавоьллира иза. 31Исраилан халкъо ЮшаӀ дийна волчу хенахь Везачу Элана Ӏамал йора. ЮшаӀ кхелхича, цул тӀаьхьа бисина, Везачу Эло исраилхошна дина дика гӀуллакхаш гина болу къаной болчу хенахь а йора цара Везачу Элана Ӏамал. 32 kШехемехь дӀайоьхкира исраилхоша Мисар-махкара схьаеана Юсупан даьӀахкаш. Уьш дӀайоьхкина аре Шехеман да волчу Хьамуран кӀенташкара Якъуба эцна яра, бӀе дато ахча а делла. Юсупан кӀенташна кхаьчна дара и лаьттан дакъа. 33АхӀаронан кӀант ЭлиӀазар а кхелхира. Цуьнан кӀантана Пайнехьасана Эпраман лам тӀехь беллачу гу тӀехь дӀавоьллира иза.
Copyright information for
CheCAC2012