Joshua 6
1Везачу Эло ЮшаӀе элира: «Ас хьан кара дӀало Ерихон-гӀала шен паччахьца а, тӀемалошца а. 2Хьо а, хьан тӀемалой а, дийнахь цхьа го а боккхуш, ялх дийнахь гӀалина гонах лела. 3ВорхӀ динан дас ворхӀ маӀа дӀаяхьа еза дезачу тӀорказна хьалха. ВорхӀалгӀачу дийнахь аша гӀалина ворхӀ го баккха. Ткъа динан дайша, шаьш гӀалина гонах мел лела, маӀаш локхур ю. 4Локхучу маӀан деха аз шайна хезча, дерриге а халкъо чӀоггӀа мохь хьакха беза, тӀаккха гӀалина гонахара пен охьабужур бу. Цул тӀаьхьа шу массо а гӀали чу гӀур ду». 5Исраилхойн динан дайшка, тӀе а кхайкхина, Нунин кӀанта ЮшаӀа элира: «Бартбаран тӀорказ дӀахьо. ВорхӀ динан дас ворхӀ маӀа хьо, Везачу Элан тӀорказна хьалха а яккхий». 6Юха халкъе омра дира цо: «Даха а гӀой, гӀалина гобаккха. Герзашца дерш, Везачу Элан тӀорказна хьалха а довлий, дӀагӀо». 7ЮшаӀа халкъе иза ма-элли, Везачу Элана хьалха ворхӀ маӀа эцна воьдучу ворхӀ динан дас, хьалха дӀа а волавелла, маӀаш лекхира. Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказ царна тӀаьххье дӀадаьхьира. 8Герзашца берш маӀаш лоькхуш богӀучу динан дайшна хьалхабевлла бара, кхиберш тӀорказна тӀаьхьахӀиттина богӀура. Ерриг а цу хенахь лоькхуш маӀаш а яра. 9ЮшаӀа халкъе омра динера: «Маьхьарий а ма хьекха, шайн аз а ма хазийта. Багара цхьа дош а ма далийта, ас мохь тоха бакъо лур йолу де тӀекхаччалц, тӀаккха маьхьарий тухур ду аша». 10Иштта Везачу Элан тӀорказ, гӀалех цхьа го а боккхуш, дӀадаьхьира. Цул тӀаьхьа уьш, шайн меттамотт болчу юха а баьхкина, цигахь буьйса йоккхуш севцира. 11ШолгӀачу Ӏуьйранна ЮшаӀ хьалххе хьалагӀаьттира. Динан дайша Везачу Элан тӀорказ юха а дӀадаьхьира. 12Везачу Элан тӀорказна хьалха ворхӀ маӀа дӀахьош волу ворхӀ динан да, маӀаш а лоькхуш, дӀавоьдуш вара. Герзашца берш царна хьалхабевлла дӀабоьлхура, ткъа кхиберш тӀорказна тӀаьхьахӀиттина богӀура. Массо а маӀа лоькхуш яра. 13Иштта шолгӀачу дийнахь а, гӀалина цхьа го а баьккхина, шайн меттамотт болчу юхабаьхкира уьш. Ялх дийнахь дира цара иза. 14ВорхӀалгӀачу дийнахь, маьлхан зӀаьнарш гучуйовлучу хенахь хьала а гӀевттина, гӀалина цу кеппара ворхӀ го баьккхира цара. Цу дийнахь бен ца баьккхира цара гӀалина ворхӀ го. 15Динан дайша ворхӀалгӀа а маӀаш лекхначул тӀаьхьа, ЮшаӀа халкъе омра дира: «Мохь тоха! Везачу Эло дӀаелла шуна гӀала! 16ГӀала а, дерриг а цу чохь дерг а Везачу Элана лерина ду. Нахаца лелаш йолу Рахьаб а, цуьнан цӀера нах а дийна бита, хӀунда аьлча цу зудчо вай бахийтина нах къайлабаьхнера. 17Амма аша цхьа а хӀума схьа ма эца, шайна бохам ца хилийта. Везачу Элана леринчух цхьа хӀума схьаэцахь, исраилхойн меттаматтана хӀаллакьхиллал зен дийр ду аша. 18Дерриг а дети а, деши а, цӀестан а, аьчка а пхьегӀаш а дӀакъастае Везачу Элана. Уьш Цуьнан хазни чохь хир ю». 19 aЛокхучу маӀийн аз ма-хеззи, халкъо цхьаьний чӀоггӀа мохь туьйхира – гӀалин пен охьабуьйжира. Берриг а исраилхой шаьш лаьтташ болчуьра гӀали чу бахара, цара схьаяьккхира иза. 20Шайн таррашца гӀали чохь дийна долу хӀума дерриг а хӀаллакдира цара: божарий а, зударий а, къонанаш а, къенанаш а, бежанаш а, уьстагӀий а, варраш а. 21Кху гӀалахь хӀун ду хьажа хьалха ваийтинчу шина жимачу стаге ЮшаӀа элира: «Нахаца лелачу цу зудчун цӀа чу а гӀой, иза а, цуьнан гергара нах а арабаха, шаьш цунна чӀагӀо йина ма-хиллара». 22ДӀаваханчу цу жимачу шина стага Рахьаб а, цуьнан да а, нана а, вежарий а, и йолчохь болу берриг а гергара нах а, ара а баьхна, исраилхойн меттаматтана улло дӀабигира. 23Юха гӀала а, цу чохь долу хӀума а цӀергахь дагийра. Дети а, деши а, цӀестан а, аьчка а пхьегӀаш бен ца йитира, уьш Везачу Элана Ӏамал ечу меттиган хазни чу ехкира. 24 bНахаца лела Рахьаб а, цуьнан цӀийнах а, гергара а болу нах ЮшаӀа дийна битира, хӀунда аьлча цу зудчо ЮшаӀа Ерихоне хьовса бахийтинарш, дӀа а лачкъийна, кӀелхьарбаьхнера. Рахьабан тӀаьхьенах болу нах хӀинца а исраилхошна юкъахь Ӏаш бу. 25 cЦу хенахь ЮшаӀа, чӀагӀо а еш, элира: «Везачу Элана хьалха нажжаз хир ву Ерихон-гӀала юхаметтахӀоттийнарг. Кху гӀалин бух боьттинчун хьалхара кӀант лийр ву.ГӀалин ков дӀахӀоттийнарг жимах волчу кӀантах вер ву».
26Веза Эла ЮшаӀаца вара. Берриг а махкахула гӀараваьллера ЮшаӀ.
Copyright information for
CheCAC2012