Joshua 7
Ӏахана латийна къа
1Амма исраилхоша доккха зулам дира Везачу Элана лериначуьнца доьзна. ЯхӀудан тӀаьхьенах волчу Ӏахана шайна схьаийцира Везачу Элана леринчух цхьайолу хӀуманаш (Ӏахан вара Кармин кӀант, ткъа Карма вара Завадин кӀант, Завади вара Зерахьан кӀант). ТӀаккха Веза Эла чӀогӀа оьгӀазвахара исраилхошна. 2Ерихонера ГӀай-гӀала нах бахийтира ЮшаӀа. ГӀай-гӀала Байт-Аванна уллохь, Бетал-гӀалина малхбалехьарчу агӀор яра. Цу нахе ЮшаӀа элира: «Даха а гӀой, талла и меттиг». ДӀа а бахана, ГӀай-гӀалане хьаьвсира уьш. 3ЮшаӀ волчу юха а баьхкина, цара элира: «Дерриг а халкъ а ца дохуьйтуш, ши-кхо эзар стаг вахийта ГӀай-гӀала схьаяккха. Уьш цигахь дукха а бац, дерриг а вайн эскар дахийттал». 4Халкъах кхо эзар гергга стаг вахара гӀалина тӀелата, амма уьш ГӀай-гӀалин бахархоша лаьхкира. 5Ткъе ялхитта стаг вийра царах ГӀай-гӀалин бахархоша. Шайн кевнера лаьхкина, тӀулг боккхучу метте кхаччалц дӀабигира цара и исраилхой. Лам тӀера чубуьссучу хенахь байира уьш ГӀай-гӀалин бахархоша. Доьналлех боьхначу исраилхойн дегнаш дегадора. 6Шен бедарш а этӀийна, Везачу Элан тӀорказна хьалха бертал а воьжна, сарралц Ӏиллира ЮшаӀ. Цо а, исраилхойн къаноша а шайн кортош тӀе чан юхкура, шаьш баланехь хилар гойтуш. 7ЮшаӀа элира: «Хьалдолу Эла! Йорданал сехьа хӀара халкъ стенна даьккхина Ахь? Эмархойн кара а делла, тхо хӀаллакдайтий? Буха а севцна, Йорданал дехьа Ӏаш делара тхо! 8Веза Эла! ХӀун ала деза ас хӀинца, исраилхой шайн мостагӀех бевдда хилча? 9КанаӀанхоша а, цу махкара берриг а кхечу наха а, хӀара хӀума а хезна, тхуна го бийр бу. Цара лаьтта тӀехь ур-атталла тхан цӀе а юьттур яц. Хьайн сийлахь цӀе муха ларйийр ю Ахь тӀаккха?» 10Везачу Эло ЮшаӀе элира: «ХьалагӀатта, хьо хӀунда воьжна бертал? 11Исраилхоша къа латийна, Ас шайга ларбе аьлла болу, Соьца шаьш бина болу барт а бохийна. Суна леринчух цхьайолу хӀуманаш, схьа а эцна, шайн хӀуманаш юккъехь дӀалачкъийна цара. 12Цундела ца ян елла исраилхошка шайн мостагӀашна дуьхьало. Уьш царах бевдда, шаьш-шайна хӀаллакбаран кхел йина дела. Со кхидӀа шуьца хир вац, нагахь Суна лерина хӀуманаш аша шайна юкъара дӀа ца яхахь. 13Хьала а гӀаттий, халкъ даз а дай, ала нахе: „Ӏуьйре тӀекхачале, цӀан а лой, дӀахӀитта, хӀунда аьлча Исраилан халкъан Везачу Дала иштта боху: ‘Суна лерина йолу хӀуманаш, аша схьа а эцна, шуна юкъахь ю, исраилхой. Шайна юкъара уьш дӀаяххалц, шу мостагӀашна дуьхьал латталур дац’. 14Кхана шайн тайпанашца тӀедуьйла. Везачу Эло къастийна тайпа шен гаранашца тӀедан деза. Цо билгалдаьккхина гара доьзалшца тӀедан деза. Къастийна доьзал, цхьацца стаг а вогӀуш, тӀебан беза. 15Суна лерина хӀуманаш лачкъийна волу стаг а, цуьнан доьзал а, долахь мел дерг а цӀергахь дагаде, цо, Везачу Элаца бина барт а талхийна, исраилхошна юкъахь эхье гӀуллакх дина дела“». 16ЮшаӀа, Ӏуьйранна хьалххе хьала а гӀаьттина, исраилхошка шайн тайпанашца тӀедуьйла элира. Массарна а юкъара къастийнарг ЯхӀудан тайпа дара. 17ЯхӀудан тайпа тӀе а кхайкхина, царна юкъара Зерахьан гара къастийра. Шайн доьзалшца Зерахьан гаране тӀедола а аьлла, царна юкъара Завадин доьзал къастийра Везачу Эло. 18Цу доьзале, цхьацца стаг тӀевогӀуш, тӀедуьйла элира ЮшаӀа. Кармин кӀант Ӏахан вара билгалваьккхинарг. Карма Завадин кӀант вара, Завади Зерахьан кӀант вара. Уьш ЯхӀудан тайпанах бара. 19ТӀаккха ЮшаӀа элира Ӏахане: «Сан кӀант, Исраилан халкъан Веза Дела, хаста а вай, Цунна хьалха даре а дай, схьадийца соьга айхьа динарг. Сох и лачкъо ма гӀерта». 20ЮшаӀана жоп луш, Ӏахана элира: «Бакъ ду, ас къа латийна исраилхойн Везачу Далла хьалха. Ас динарг хӀара ду: 21схьаяьккхинчу хӀонса юккъехь бавелхойн исбаьхьа духар а, ши бӀе шекхал дети а, шовзткъе итт шекхалан барамехь дашо экъа а гира суна. И сайна хазъелла хӀуманаш схьаийцира ас. Сан четар чохь лаьттах йоьхкина ю уьш, дети а царна бухадиллина ду». 22ЮшаӀа нах бахийтира Ӏаханан четарх хьовса. Сихонца баханчу царна дӀалачкъийна хӀуманаш карийра, царна бухахь дети а дара. 23ХӀуманаш, четарна чуьра схьа а эцна, ЮшаӀ а, берриг исраилхой а болчу схьа а еана, Везачу Элана хьалха охьаехкира цара. 24Берриг исраилхошца цхьаьна ЮшаӀа Зерахьан кӀант Ӏахан а, дети а, духар а, дашо экъа а, Ӏаханан кӀентий а, мехкарий а, цуьнан стерчий а, варраш а, уьстагӀий а, четар а – дерриг а цуьнан дерг Ӏахур-тогӀи чу схьадеара (Ӏахур – иза «сингаттам» бохург ду). 25ЮшаӀа элира: «Ахь тхуна бохам бина дела, Везачу Эло тахана бохам хьуна а бо». Берриг а исраилхоша, тӀулгаш а кхиссина, Ӏахан а, цуьнан доьзал а хӀаллакбира. Юха уьш а, церан бахам а цӀергахь багийра цара. 26Ӏаханна а, цуьнан доьзална а тӀехь тӀулгех боккха барз бира наха. И барз тахана а лаьтташ бу. Цул тӀаьхьа Везачу Элан оьгӀазалла яйъелира. Тахана а цу меттигах Ӏахур-тогӀи олу.
Copyright information for
CheCAC2012