Joshua 7:24-26
24Берриг исраилхошца цхьаьна ЮшаӀа Зерахьан кӀант Ӏахан а, дети а, духар а, дашо экъа а, Ӏаханан кӀентий а, мехкарий а, цуьнан стерчий а, варраш а, уьстагӀий а, четар а – дерриг а цуьнан дерг Ӏахур-тогӀи чу схьадеара (Ӏахур – иза «сингаттам» бохург ду). 25ЮшаӀа элира: «Ахь тхуна бохам бина дела, Везачу Эло тахана бохам хьуна а бо». Берриг а исраилхоша, тӀулгаш а кхиссина, Ӏахан а, цуьнан доьзал а хӀаллакбира. Юха уьш а, церан бахам а цӀергахь багийра цара. 26Ӏаханна а, цуьнан доьзална а тӀехь тӀулгех боккха барз бира наха. И барз тахана а лаьтташ бу. Цул тӀаьхьа Везачу Элан оьгӀазалла яйъелира. Тахана а цу меттигах Ӏахур-тогӀи олу.
Copyright information for
CheCAC2012