‏ Joshua 8

ГӀай-гӀала схьаяккхар а, йохор а

1Везачу Эло ЮшаӀе элира: «Кхера а ма кхера, воха а ма воха. ТӀом балуш верг верриг а хьайца схьа а эций, ГӀай-гӀалина тӀелата. ГӀай-гӀалин паччахь а, цуьнан халкъ а, гӀала а, латта а хьан кара дӀало Ас. 2ГӀай-гӀалина а, цуьнан паччахьна а айхьа Ерихонна а, цуьнан паччахьна а диннарг де, амма цуьнгара а, гӀалин бахархошкара а схьаяьхна хӀуманаш а, церан даьхни а шайна юкъахь дӀасадекъа. ГӀалин тӀехьа агӀор кӀело а е».

3ЮшаӀ а, берриг а исраилхойн тӀемалой а ГӀай-гӀалина тӀелата кечбелира. Ткъе итт эзар дикаха къонах а хаьржина, буьйсанна уьш дӀахьовсийра ЮшаӀа, 4цаьрга омра а дина: «Хьовсалаш, шу гӀалина тӀехьа агӀор кӀело йина хир ду, амма гӀалина гена а ма довла, массо а тӀелата кийча а хила. 5Со а, соьца волу массо тӀемало а гӀалина тӀелетар ву. Хьалха санна, ГӀай-гӀалин божарий тхуна дуьхьалбевлча, тхо царах довдур ду. 6Тхаьшна тӀаьхьабаьхна, гӀала йолчуьра оха дӀабуьгур бу уьш. „Хьалха санна, вайх бевдда уьш“, – эр ду цара. Тхо царах девдча, 7шаьш кӀело йиначуьра схьа а довлий, гӀала дӀалаца. Шун Везачу Дала шун кара схьалур ю иза. 8Шаьш гӀала дӀалаьцча, сийна цӀе таса цунах. Везачу Эло ма-аллара, кхочушде дерриг а. Хьовсалаш, аса тӀедуьллу шуна иза». 9Иштта, ЮшаӀа дӀа а бахийтина, ГӀай-гӀалин малхбузерчу агӀор, Бетална а, ГӀайна а юккъехь, кӀело йира исраилхоша. ЮшаӀ цу буса халкъана юкъахь дӀавижира.

10Ӏуьйранна хьалххе хьала а гӀаьттина, тӀемалошка хьожуш чекхвелира ЮшаӀ. Иза а, исраилхойн къаной а, халкъана хьалха а бевлла, ГӀай-гӀалина тӀебахара. 11ТӀемалой, ЮшаӀаца дӀа а бахана, гӀалина гергахьа баьхкира. ГӀай-гӀалин къилбаседехьа йолчу агӀор меттамотт хӀоттийра ЮшаӀа. ГӀалина а, меттаматтана а юккъехь тогӀи яра. 12Хьалххе пхи эзар стаг Бетална а, ГӀай-гӀалина а юккъехь кӀелоне ховшийнера цо. Уьш ГӀай-гӀалин малхбузерчу агӀор бара. 13ТӀемалоша шайн меттигаш дӀалаьцнера: гӀалина къилбаседерчу агӀор хӀоттийна меттамотт болчохь а, гӀалина малхбузерчу агӀор кӀело йиначохь а. Цу буса тогӀи чу веара ЮшаӀ. 14И дерриг шена гича, ГӀай-гӀалин паччахь, Ӏуьйранна хьалххе хьала а гӀаьттина, гӀаларчу божаршца исраилхошна дуьхьал тӀаме аравелира. Иза а, цуьнан эскар а Ӏариба-тогӀина
Ӏариба-тогӀи – иза Йордан-хин тогӀи ю.
уллохь йолчу хьалхалерчу метте деара. ГӀалина тӀехьа кӀело йинийла ца хаьара паччахьна.
15ЮшаӀ а, исраилхой а, цара шаьш эшийча санна, яьсса аре йолчухьа дӀабевдира. 16ГӀалахь болчу массо а божаршка схьакхайкхинера, исраилхошна тӀаьхьадовла аьлла. ЮшаӀана тӀаьхьауьдуш, гӀалина генабевлира уьш. 17ГӀай-гӀалахь а, Беталахь а цхьа а боьрша стаг ца висира исраилхошна тӀаьхьавалаза. Шайн гӀала схьайиллина йитира цара, мостагӀашна тӀаьхьа а бевлла.

18ТӀаккха Везачу Эло элира ЮшаӀе: «Хьайн карахь болу гоьмукъ ГӀай-гӀалина тӀехьажабе, Ас хьан кара дӀало иза». Шен карахь болу гоьмукъ гӀалина тӀехьажийра ЮшаӀа. 19Цо куьг хьала-ма-айи, кӀелонехь Ӏаш болу исраилхой, сихонца хьала а лилхина, гӀалехьа дӀахьаьвдира. ГӀала схьа а лаьцна, цунах цӀе тесира цара. 20Юхахьаьвсинчу ГӀай-гӀалин божаршна шайн гӀалина тӀера стигала кхаччалц хьалаоьху кӀур гира. ХӀинца цхьанхьа а бовда меттиг яцара церан – я хьалха а, я тӀехьа а, хӀунда аьлча яьссачу арене бевдда боьлху исраилхой, юха а бирзина, царна тӀелетира. 21ЮшаӀ а, берриг исраилхой а, кӀело йиначара гӀала дӀалацар а, стигала хьалаоьху кӀур а гина, юха а бирзина, ГӀай-гӀалин божарий хӀаллакбан буьйлабелира. 22ГӀалахь болу исраилхой а царна дуьхьал арабевлира. Шина а агӀор болчу шайн мостагӀашна юккъехь бисира ГӀай-гӀалин божарий. Ведда а, висна а цхьа а ца волуьйтуш, уьш берриш а хӀаллакбира исраилхоша. 23Ткъа ГӀай-гӀалин паччахь, схьа а лаьцна, вен ца вуьш, ЮшаӀана тӀе валийра.

24ГӀай-гӀалин божаршна тӀаьхьа а бевлла, яьссачу арахь, царах цхьа а дийна ца вуьтуш, шаьш уьш массо а вийча, исраилхой гӀали чу юхабирзира. Цу чохь мел долу адам а дийра цара. 25Цу дийнахь вийна верриг а ГӀай-гӀалин вахархо шийтта эзар вара – боьрша нах а, зударий а. 26Гоьмукъ карахь а болуш, ша хьалаайина куьг охьа ца дахийтира ЮшаӀа, ГӀай-гӀалин массо а вахархо хӀаллакваллалц. 27Даьхни а, гӀали чуьра схьаэцна хӀонс а шайна юкъахь йийкъира исраилхоша, Везачу Эло ЮшаӀана тӀе-ма-диллара. 28ГӀай-гӀала яга а йина, цунах саьлнаш йира ЮшаӀа. Таханлерчу дийне кхаччалц иштта йохийна Ӏуьллуш ю и гӀала. 29ГӀай-гӀалин паччахь, дитта тӀе хьала а оьллина, сарралц кхазийтира ЮшаӀа. Малх чубузучу хенахь паччахьан дакъа, дитта тӀера охьа а даккхийтина, гӀалин кевне охьакхоссийтира цо. Цул тӀаьхьа, докъана тӀе тӀулгаш а кхиссийтина, йоккха оьла яйтира. Иза хӀинца а йолуш ю.

Ӏейбал-лам тӀехь товрат-хьехам бешар

30 bЮха исраилхойн Везачу Далла лерина сагӀа доккху меттиг кечйира ЮшаӀа Ӏейбал-лам тӀехь. 31 cВезачу Элан ялхочо Мусас исраилхошна тӀе-ма-диллара, товрат-хьехам тӀехь болчу шен тептар тӀехь цо яздина ма-хиллара, кечйинера и меттиг, аьчка гӀирсаца кегдазчу тӀулгех йина а йолуш. Цу тӀехь Везачу Элана лерина дийнаташ дагоран а, бертан а сагӀанаш дехира. 32Мусан товрат-хьехамна тӀера дешнаш яздира ЮшаӀа цу тӀулгаш тӀехь исраилхошна хьалха. 33 dБерриг исраилхой а, церан къаной а, тхьамданаш а, кхелахой а цхьаьна, Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказна шина агӀор динан дай болчу, тӀорказ лелочу левихошна дуьхьал дӀахӀиттира. Царна юкъахь тӀебаьхкина нах а, шайн схьабовларехь исраилхой берш а бара. Халкъан цхьа ах Герзим-ломана дуьхьал, ткъа важа ах Ӏейбал-ломана дуьхьал дӀахӀоьттира, хьалха Везачу Элан ялхочо Мусас Исраилан халкъ декъалдан тӀе-ма-диллара. 34Юха ЮшаӀа дӀадийшира товрат-хьехаман дерриг а дешнаш, декъалвар а, неӀалт кхайкхор а чу а лоцуш, товрат-хьехаман тептар тӀехь иза яздина ма-хиллара. 35Дерриге а Мусас тӀедиллинчунна юкъара цхьа дош а ца дисира ЮшаӀа берриг а исраилхошна хьалха дешаза. Халкъана юкъахь, божарел сов, зударий а, бераш а, исраилхошна юкъахь Ӏаш болу тӀебаьхкина нах а бара.
Copyright information for CheCAC2012