a Арадаккхар 23:32; 34:12; Карлабаьккхинарг 7:2.
Joshua 9
ГавӀон-гӀалин бахархойн хӀилла
1И хилларг Йордан-хил дехьарчу, малхбузерчу агӀор мел болчу паччахьашна хезира. Лаьмнаш тӀера а, нийсачу арара а, Дуьненаюккъерачу хӀордан берда тӀера а, Ливануна уллора а хьетахойн а, эмархойн а, канаӀанхойн а, перезахойн а, хьаьвихойн а, явсайхойн а паччахьаш 2цхьаьна гулбелира ЮшаӀана а, исраилхошна а дуьхьал тӀаме бовла. 3Амма ГавӀон-гӀалин бахархой, Ерихон а, ГӀай а гӀаланашна ЮшаӀа динарг а хезна, 4– 5хӀиллане бевлира. Царах масех стаг генарчу махкара богӀу геланчаш санна кечвелира, эттӀа бедарш а, тишъелла, йоманаш летийна мачаш а юьйхина. Шайн варрашна тӀе тишделла галеш а, йоманаш летийна пӀаьлдигаш а дехкира цара. Шайца схьаэцна бепиг декъа а, матардоьлла а дара церан. 6Галгал олучу меттехь болчу исраилхойн меттаматте а баьхкина, цара ЮшаӀе а, исраилхошка а элира: «Тхо вуно генарчу махкара даьхкина, тхоьца барт бахьара аша». 7 aАмма исраилхоша элира хьаьвихошка: «Шу тхуна юххехь Ӏаш хила а мега. Оха муха бийр бу шуьца барт?» 8Цу наха ЮшаӀе элира: «Тхо хьан леш ду». ЮшаӀа цаьрга хаьттира: «Шу муьлш ду? Мичара даьхкина шу?» 9Цара жоп делира: «Вуно генарчу махкара баьхкина хьан леш хьан Везачу Делан дуьхьа, хӀунда аьлча тхуна хезна Цуьнан сийлаллех, Цо Мисар-махкахь динчух лаьцна а 10 bИштта тхуна хезна Йордан-хил дехьарчу, малхбалерчу агӀонера эмархойн шина паччахьна – Хьешбон-гӀалин паччахьна Сихьонна а, Ӏаштаратехь Ӏаш хилла волчу Башанан паччахьна ӀовгӀина а динчух лаьцна а. 11Тхан къаноша а, тхан махкара массо а бахархоша а элира тхоьга: „Новкъахь шайна даа бепиг схьа а эций, царна дуьхьал а гӀой, дӀаала цаьрга: ‘Тхо шун леш ду, тхоьца барт бахьара аша’“. 12ХӀара бепиг оха тхайн цӀеношкара, довха а долуш, схьаэцна ду шу долчу догӀучу дийнахь, ткъа хӀинца иза дакъа а делла, матар а доьлла. 13Оха чагӀар чудуттуш керла хилла долу пӀаьлдигаш хӀинца эттӀа. ХӀара тхан бедарш а, мачаш а, беха некъ оха барна, тишъелла». 14Исраилхоша схьаийцира цаьргара кхача, амма Везачу Элах дага ца бевлира уьш цу хьокъехь. 15Цаьрца машаран барт а бина, царна бохам бийр бац аьлла, чӀагӀо йира ЮшаӀа. Исраилхойн тхьамданаша а чӀагӀо йира царна. 16И барт бина кхо де даьлча, исраилхошна хиира, и нах шайн лулахой буйла а, уьш шайна уллохь Ӏаш буйла а. 17ХӀунда аьлча новкъа бевлла боьлху исраилхой кхозлагӀчу дийнахь церан гӀаланашка кхечира. Цу гӀаланийн цӀераш яра: ГавӀон, Капира, Баировт, Кхиръят-ЯӀарим. 18Амма исраилхоша хӀаллак ца беш битира цигара нах, шайн тхьамданаша исраилхойн Везачу Делан цӀарах царна чӀагӀо йина дела. И хӀума бахьана долуш, шайн тхьамданашна хамталлаш еш бара исраилхой. 19Берриге а тхьамданаша халкъе элира: «Вай исраилхойн Везачу Делах чӀагӀо йина царна, цундела царах куьг Ӏотта йиш яц вайн. 20Ткъа царна вай хӀара дийр ду: уьш дийна буьтур бу вай, царна йина чӀагӀо бахьанехь ваьшна таӀзар ца хилийта». 21Тхьамданаша кхин а элира: «Баха бита уьш, амма вайн халкъана дечиг доккхуш а, хи кхоьхьуш а хир бу уьш гуттар а». Тхьамданаша аьлларг дира исраилхоша. 22Хьаьвихой тӀе а кхайкхина, ЮшаӀа элира: «Тхо ле хӀунда дира аша: „Тхо шуна вуно генахь Ӏаш ду“, – аьлла, шу-х тхуна уллохь дехаш ду? 23Аша харцдерг дийцарна, неӀалт хир ду шуна! Массо а хенахь леш хир ду шу, сан Делан цӀенна дечиг а доккхур ду аша, хи а кхоьхьур ду!» 24Цара ЮшаӀана жоп делира: «Хьан лешна хезнера, Шен ялхочуьнга Мусага хьан Везачу Дала, хӀара дерриг латта шуна дӀа а ло, цу тӀехь Ӏаш болу берриг а бахархой шуна хьалха хӀаллак а бе аьлла, омра дина бохуш. Цундела, аша тхаьш дайарна кхоьруш, дина оха и гӀуллакх. 25ХӀинца тхо хьан карахь ду. Хьайна бакъахьа а, нийса а хеттарг тхуна дер-кх ахьа». 26ЮшаӀа хӀара дира: цо хьаьвихой исраилхойн куьйгех кӀелхьарбехира, цара уьш хӀаллак ца бира. 27Цу дийнахь ЮшаӀа царна тӀедиллира, дерриг а Исраилан халкъана а, Везачу Элан сагӀа доккхучу кхерчана а лерина дечиг даккхар а, хи кхехьар а. И сагӀа доккху кхерч Везачу Эло хоржучу меттигехь хир бу. Таханлерчу дийне кхаччалц иштта болх бо цара.
Copyright information for
CheCAC2012