ЯхӀуда яздинчу кехато шаьш тешархой бу аьллачу харцхьехамчашна дуьхьал дӀахьедар до. ХӀара доца кехат векало Кипас яздинчу шолгӀачу кехатах тера ду. Шен кехатца яздархочо дешархой иракарахӀиттабо: «Дала делла долу тешар чӀагӀдарехьа къийсам латтабе», – бохуш. Jude
1 aДала леррина къобалвинчу Ӏийсан лено, Якъубан вашас, ЯхӀуда Дала тӀекхайкхинчу а, Да волчу Далла безачу а, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсас ларбечу а нахе: 2Делан къинхетам а, синпаргӀато а, безам а совболийла шуна юкъахь.Харцхьехамчаш
3Хьоменаш! Вайн массеран а кӀелхьардовларх яздан кӀорга лаам боллушехь, шуьга, цкъа массо а ханна Дала Шен нахана делла долу дин чӀагӀдарехьа къийсам латтабе аьлла, яздан дезаш хийтира суна, 4хӀунда аьлча шуна уллохь хӀилланца нисбелла цхьа Ӏеса нах. Дукха хенахь дуьйна Делан Йозанашкахь дӀаяздина ду, Дала царна кхел йийр ю аьлла. Вайн Делан маьхза долчу диканах лаьцна болу кхаъ харцахьа берзийна цара, шайн маьттаза лелар бакъдархьама. Ткъа цхьаъ бен воцу вайн Хьалдолу а, Веза а Эла, Дала леррина къобалвина Ӏийса, тӀе ца оьцу цара. 5 bШуна иза хууш делахь а, шуна дагадаийта лаьа суна, Везачу Эло Мисар-махкара Шен халкъ арадаккхар а, амма тӀаьхьо халкъана юкъара Шех цатешнарш хӀаллакбар а. 6Иштта шуна дагадан деза, шайн даржана реза ца хилла а, шайн хӀусам дӀатесна а долу маликаш, гуттаренна а йолчу ханна буржалш а тоьхна, боданехь латтадо Цо доккхачу къематдийнахь кхел ярхьама. 7 cДагахь латтаде иштта, и маликаш санна, телхина яра Седам а, Ӏамор а, царна гонахара гӀаланаш а. Маьттаза хӀуманаш лелийна йолу а, боьха гӀуллакхаш лело лууш йолу а уьш гуттаренна а йогуш йолчу цӀеран таӀзаран кхелана йитина ю кхечарна масална. 8Иштта сатийсаре бевллачу кху наха шайн догӀмаш а бехдо, хьаькамаш а ца лору, стигалан сийлаллин бахархой а емалбо. 9 dМусан докъах лаьцна ша иблисаца къуьйсучу хенахь коьртачу Микаал-малико, Ӏоттар еш бехке хӀума ала а ца даьхьна, иштта аьлла: «Везачу Эло таӀзар дойла хьуна». 10Амма кху наха шайна цахуург емалдо. Шайн амалшка хьаьжжина, шаьш, луьра дийнаташ санна, кхета хӀуманаш бахьана долуш цара шаьш хӀаллакбо. 11 eКъа ду церан, хӀунда аьлча Кхаиман новкъахула боьлхура уьш, БалиӀам санна, кхаьънашка марзбелира уьш, Кхорахь санна, гӀевттира уьш, ткъа иза санна, хӀаллак а хир бу уьш. 12Шун бертан пхьорашкахь цу наха шу юьхьӀаьржачу хӀиттадо. Эхь ца хеташ, шуьца шуьнехь Ӏаш бу уьш, амма шайн бен бала хир бац церан. Мохо лело, догӀа доцу мархаш ю уьш, стом боцу гуьйренан дитташ ду, шаьш лаьттах орамашца схьадахарна шозза делла долу. 13Шайн эхьечу гӀуллакхийн чопа тӀеяьлла йолу хӀордан буьрса тулгӀенаш ю уьш, кхерста седарчий ду уьш, гуттар а лаьттачу Ӏаьржачу боданехь меттиг кечйина долу. 14 fАдаман ворхӀалгӀачу тӀаьхьенах волчу ХӀаноха а Делера болу хаам бина царах: «Веза Эла ву Шен дагар ца даллал дукха долчу дезачу маликашца вогӀуш 15массарна а кхел ян а, адамашна юкъара Ӏеса нах цара дина Ӏеса гӀуллакхаш бахьанехь а, Далла дуьхьал аьлла кӀоршаме дешнаш бахьанехь а уьш бехке бан а». 16Цхьана а хӀуманна реза а боцуш, шайн вочу лаамашка хьаьжжина а лелаш, хамталлаш еш болу нах бу уьш. Дегала дешнаш ду церан багахь. Шайн аьттонна нахана хьестало уьш.Лардар а, хьехам бар а
17Амма аша, хьоменаш, дагахь латтаде вайн Везачу Элан, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан векалша хир ду аьлларг. 18 gЦара бехира шуьга, тӀаьхьарчу хенахь богӀур бу шайн Ӏесачу лаамашка хьаьжжина лелаш, кхаьрдаш болу нах. 19Шу вовшах а къоьстуьйтуш, шайн синойн лаамашна тӀаьхьабевлла лела нах бу уьш. Цаьрца Делан Са дац. 20Ткъа аша, хьоменаш, шайн уггар дезачу динехь чӀагӀ а луш, Делан Синан гӀоьнца доӀанаш а деш, 21Делан безамехь шаьш Ӏалашде, вайн Везачу Эло, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсас, Шен къинхетамца Дела волчохь хедар доцу дахар даларе а хьоьжуш. 22Шеко йолуш болчаьрца къинхетаме хила, 23вуьш, цӀергара схьа а бохуш, кӀелхьарбаха, ткъа кхечаьрца, лар а луш, къинхетаме хила, амма церан хьарамчу сино сийсазйина бедар ма еза.Хасторан доӀа
24Шу охьаэгарх лардан а, цӀена а долуш, доккхачу хазахетарца Шен сийлаллина хьалха хӀотто а ницкъ бу Делан. 25Цхьаъ бен воцучу а, вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагахула вай кӀелхьардохучу а Далла сий а, паччахьалла а, ницкъ а, олалла а хуьлийла, азалера дуьйна а, хӀинца а, абаденналц а. Амин.
Copyright information for
CheCAC2012