Judges 1
ЯхӀуда канаӀанхошца тӀом бо
1ЮшаӀ кху дуьнен чуьра дӀаваьллачул тӀаьхьа, Исраилан халкъо Везачу Эле хаттар дира: «Тхуна хьалхаваьлла мила ваха веза канаӀанхошца тӀом бан?» – аьлла. 2Везачу Эло царна жоп делира: «ЯхӀудан тайпанах берш гӀур бу. Аса хӀара мохк церан кара дӀабелла». 3Шайн вежарий болчу ШимӀин тайпане гӀо дийхира ЯхӀудан тайпано: «Тхан вежарий! Кхаж баларна, вайна хӀоранна а латтанаш билгалдаьхна ду. Аша тхуна и латтанаш схьадаха а, цу тӀехь Ӏаш болчу канаӀанхошца тӀом бан а гӀо дахь, оха а шуна гӀо дийр ду шун латтанаш схьадаха». Иштта ШимӀин тайпа а, 4ЯхӀудан тайпа а цхьаьна тӀамца тӀедахара цига. Везачу Эло царна гӀо дира канаӀанхой а, перезахой а эшо. Безакх олучу гӀалахь итт эзар стаг вийра цара. 5Безакхехь дуьхь-дуьхьал кхийтира уьш Адани-Безакхца, цигахь канаӀанхой а, перезахой а эшийра цара. 6Адани-Безакх ведда кӀелхьарвала гӀоьртира, амма кхара, цунна тӀаьхьа а бевдда, иза схьа а лаьцна, цуьнан куьйгийн а, когийн а нана-пӀелгаш дехира. 7Адани-Безакха элира: «Аса кхузткъе итт паччахьан куьйган а, когийн а нана-пӀелгаш дӀахедийна, цара сан шуьнна гонахара цуьргаш лехьийна. ХӀинца Дала соьца а и гӀиллакх хӀоттийна». Адани-Безакх Ярушалайме дӀавигна, циггахь цуьнан кхалхар а хилла.ЯхӀуд-тайпано Ярушалайм а, Хьеврон а эшайо
8ЯхӀудан тӀаьхьено Ярушалайм-гӀалина дуьхьал тӀом бира, иза схьа а яьккхира. Шайн таррашца цара адамаш дайира, ткъа гӀала ягийра. 9Цул тӀаьхьа уьш лаьмнашкахь а, НегӀаб олучу яьссачу арахь а, малхбузехьа болчу гунаш тӀехь а бехаш болчу канаӀанхошца тӀом бан бахара. 10ЯхӀудан тӀаьхье Хьевронехь Ӏаш болчу канаӀанхошца тӀом бан яхара (хьалха Хьеврон-гӀалин цӀе Кхиръят-АрбаӀ хилла). Цигахь цо Шешай а, Ахьиман а, Талмай а эшийра.Дибар-гӀала эшор
(ЮшаӀ 15:13-19)
11Цигара бевлча, яхӀудхой Дибар-гӀалин бахархошна тӀелата бахара (Дибар-гӀалин цӀе хьалха Кхиръят-Сапар хилла). 12Килаба элира: «Кхиръят-Сапар эша а йина, иза караерзийначуьнга сайн йоӀ Ӏахисат маре дӀалур ю аса». 13Килабан вешин Кхеназан кӀанта Ӏотниала и гӀала схьаяьккхира. ТӀаккха Килаба цуьнга шен йоӀ Ӏахисат маре дӀаелира. 14Ӏотниал волчу а яхана, иза тешийра цо, шен дега Килабе латта деха деза аьлла ▼▼Ӏотниал волчу а яхана, иза тешийра цо, шен дега Килабе латта деха деза аьлла – Грекийн гочдар тӀехь: Ӏотниал волчу яхача, иза шен дега Килабе латта деха деза аьлла, тешийра цо.
. Шен йоӀ вир тӀера охьайоьссича, Килаба цуьнга хаьттира: «Хьуна хӀун оьшу?» 15Ӏахисата цуьнга элира: «Декъалъе со. Яьсса НегӀаб-аре ахьа суна елла, хӀинца цхьадолу хин хьостанаш а ло суна». Килаба цуьнан дехар кхочушдира: лакхара а, лахара а хин хьостанаш дӀаделира цо цунна. Кхиболу тӀемаш
16Мусан стунда волчу кхенахочун Итаран тӀаьхье, яхӀудхошца хурма-диттийн гӀалара ▼▼Хурма-диттийн гӀала – иза Ерихон-гӀала ю.
дӀа а яхана, ЯхӀуд-мехкан яьссачу аренга цигахь бехаш болчу нахана юкъахь Ӏен дӀаяхара. И меттиг яра Ӏарод-гӀалина генахь йоццуш. 17ЯхӀудхой шимӀахошца цхьаьна Цепат-гӀалахь бехаш болчу канаӀанхошна тӀелетира, ерриг гӀала йоха а еш. Цундела тиллина цу гӀалин цӀе Хьорма аьлла (иза «йохар» бохург ду). 18ЯхӀудхоша иштта Ӏази-гӀала а, Ашкхилун а, Ӏекхран а царна гонах долчу латтанашца цхьаьна схьаехира. 19Веза Эла ЯхӀуд-тайпанехьа вара, цундела цуьнга лаьмнаш а схьадахаделира, амма шерачу аренгахь болу бахархой цуьнга къар ца лора, хӀунда аьлча цаьргахь аьчка гӀудалкхаш яра. 20Мусас ма-аллара, Килабе Хьеврон дӀаелира, ткъа цо Ӏаьнакхан кхо кӀант цигара лаьллина дӀавахийтира. 21 cАмма бен-яманхошка Ярушалаймера явсайхой дӀа ца лахкабелира. Уьш хӀинца а Ярушалаймехь Бен-Яманан тӀаьхьенна юкъахь бехаш бу. Юсупан тӀаьхьено Бетал-гӀала эшор
22Юсупан тӀаьхье Бетал-гӀалина тӀелетира. Веза Эла цаьрца вара. 23Юсупан тӀаьхьено нах бахийтира, Бетал-гӀалина таллам бе аьлла (хьалха цу гӀалин цӀе Луз хилла). 24Тергам беш болчарна, цу гӀалара ара а ваьлла, схьавогӀуш цхьа стаг гира. Цара цуьнга элира: «ГӀалина чувоьдуш йолу меттиг схьагайта тхуна. Оха цхьана а тайпана бохам бийр бац хьуна». 25Цо царна гӀалина чу муха ваха веза гайтира. Юсупан тӀаьхьенах болчара цу гӀалара бахархой, шайн тарраш детташ, байира. Ткъа и стаг а, цуьнан доьзал а маьрша дӀабахийтира. 26Иза, хьетахойн латта долчу дӀа а вахана, ваха хиира. Цо кхоьллина ю Луз цӀе йолу гӀала. И цӀе хӀинца а йоккхуш ю.Махкара ара ца дахаделла къаьмнаш
27Цхьаболу канаӀанхой Байт-Шан, ТаӀнак, Дор, ИбалӀам, МагӀидда олучу гӀаланашкахь Ӏаш бара. Маннашан тӀаьхьенах болчаьрга уьш цигара ара ца бахабелира. КанаӀанхой цигахь баха бисира. 28Исраилан халкъ, са чу а деана, дӀахӀоьттича, цара канаӀанхошка шайна белхаш байтира. Цара уьш дӀа а ца лаьхкира. 29Эпрайман тайпанан а ницкъ ца кхечира ГӀазарахь бехаш болу канаӀанхой цу лаьтта тӀера дӀабаха. Эпрайман тӀаьхьенца цхьаьна уьш цигахь баха бисира. 30Забулан нехан а ницкъ ца кхечира Кхитрунахь а, НахӀлалахь а Ӏаш болу канаӀанхой дӀабахийта. Шайн латтанаш тӀера дӀа а ца бахабелла, Забулан тӀаьхье йолчохь бехаш бара уьш, шаьш, кхузахь болх бе аьлла, дӀахӀиттийнехь а. 31Ашарарчу халкъо а дӀа ца лаьхкира Ӏакхора а, ЦӀаданера а, Ахьалабара а, Ахзибара а, Хьелбара а, Апикхара а, Рахьубара а бахархой. 32Ашаран некъий цу махкара болчу канаӀанхошца бехаш Ӏаш бара, хӀунда аьлча уьш цаьрга цигара дӀа ца лахкабелира. 33Напталан наха а ца лаьхкира дӀа Байт-Шамашера а, Байт-Ӏанатара а бахархой. Уьш царна юкъахь баха хевшира, цаьрга шайна хьалхара болх а бойтуш. 34Эмархоша Данан тайпанан нах лаьмнашка баха ховшийтира. Цара уьш шерачу аренга охьабовла ца буьтура. 35Эмархоша сацам бира Хьерас-лам тӀе баха ховша – Айлонехь а, ШаӀалбанахь а. Амма тӀаьхьо Юсупан тӀаьхье чӀагӀъелла дӀахӀоьттича, цара эмархошка а шайна болх бойтура. 36Эмархойн лаьттан доза Акхрабайм цӀе йолчу ламанан Ӏинна тӀера СилаӀана тӀекхаччалц Ӏуьллуш дара.
Copyright information for
CheCAC2012