‏ Judges 10

Мехкан куьйгалхо волу ТовлаӀ

1Абу-Малик веллачул тӀаьхьа кхин цхьаъ а гӀаьттира Исраилан халкъ кӀелхьардаккха. Иза вара Иссарханан тӀаьхьенах волу Додин кӀентан Пувин кӀант ТовлаӀ. ТовлаӀ Эпрайм-лаьмнашкахь лаьтташ йолчу Шамир-гӀалахь вехаш вара. 2Иза ткъе кхаа шарахь Исраилан мехкан куьйгалхо лаьттина вара. Веллачул тӀаьхьа иза Шамир-гӀалахь дӀавоьллина.

Мехкан куьйгалхо волу Яир

3ТовлаӀ веллачул тӀаьхьа ГалӀадара Яир гучувелира. Ткъе шина шарахь Исраилан мехкан куьйгалхо хилла лаьттира иза. 4Цуьнан ткъе итт кӀант вара. Уьш ткъе итт вир тӀехь лелаш бара. Церан ГалӀадан махкахь ткъе итт гӀала яра. Царах хӀинца а Яиран гӀаланаш олу. 5Яир веллачул тӀаьхьа Кхамон-гӀалахь дӀавоьллира.

Ӏамминхоша Исраилца тӀом бо

6Исраилхой юха а Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш лело буьйлабелира. Цара БаӀална а, Ӏаштартана а, арамхойн а, цӀаданхойн а, муабахойн а, Ӏамминхойн а, пӀелаштамхойн а харцделанашна Ӏамал йора, Веза Эла виц а вина, Цунна Ӏамал ечуьра севцира уьш. 7Веза Эла оьгӀазвахара исраилхошна. Цундела Цо уьш пӀелаштамхойн а, Ӏамминхойн а кара дӀабелира. 8Цу шарахь цара Йорданна малхбалехьа йолчу хийистехь ГалӀадахь эмархойн махкахь дехаш долу Исраилан халкъ эша а дина, берхӀитта шарахь иза дацийра. 9ТӀаьххьара а Ӏамминхой, Йорданал дехьа а бевлла, тӀамца ЯхӀудан а, Бен-Яманан а, Эпрайман а халкъашна тӀегӀоьртира. Дуккха а зенаш дира Ӏамминхоша Исраилан халкъана.

10Везачу Эле гӀо доьхуш, кхойкхуш бара Исраилан кӀентий. «Тхан Дела, Хьуна хьалха оха къинош летийна. Тхайн Дела вита а витина, БаӀал санна долчу харцделанашна Ӏамал еш дара тхо», – бохура цара.

11Везачу Эло Исраилан халкъе элира: «Шаьш мисархойн а, эмархойн а, Ӏамминхойн а, пӀелаштамхойн а, 12цӀаданхойн а, Ӏамалекхахойн а, маӀунхойн а карахь долуш аша Соьга гӀо доьхура. Аса цу нехан карара шу схьа ма дехира. 13Амма шу, Со а витина, кхечу деланашна Ӏамалъян дуьйладелира. Аса шу кхин кӀелхьардохур дац. 14Даха а гӀой, шаьш хаьржинчу деланашка гӀо деха. Цаьрга дахийта шаьш хьоьгучу баланах кӀелхьара».

15Амма Исраилан халкъо Везачу Эле элира: «Оха тхайх къа латийна. Хьайна луъург тхох дан а дай, хӀинца кӀелхьардахахьара Ахьа тхо». 16Харцделанаш дӀа а тесна, Исраилан халкъ Везачу Элана Ӏамал еш дӀахӀоьттира. Цара хьоьгуш болчу балана са ца детталора Везачу Эле.

Яптахь мехкан куьйгалхо хоржу

17Ӏамминхой тӀом бан кечбеллера. ГалӀадан лаьтта тӀехь шайн меттамотт дӀахӀоттийра цара. Исраилхоша а, схьа а гулбелла, МицӀпа-гӀала йолчохь шайн меттамотт дӀахӀоттийра. ГалӀадхойн куьйгалхоша элира: «Ӏамминхошца дуьххьара тӀом болийнарг ГалӀадахь долчу массо а халкъана тӀехь хьаькам хилла дӀахӀуттур ву».18

Copyright information for CheCAC2012