‏ Judges 11

1ГалӀадхойх схьаваьлла волу майра тӀемало вара Яптахь. Цуьнан нана нахаца лелаш яра, ткъа Яптахь цо ГалӀад цӀе йолчу стагах винера. 2ГалӀадан зудчо цунна вина масех кӀант вара. Баккхий хиллачул тӀаьхьа Яптахь цӀа чуьра араваьккхира цара. Цара цуьнга элира: «Тхан да кхелхинчул тӀаьхьа цуьнан хӀуманах хьуна хӀумма а ца догӀу, хьо кхечу зудчо вина волу дела». 3Шен вежарех ведда, Яптахь ТӀоба олучу махка дӀавахара. Цигахь цунна улло гулбеллера, деш-дуьтуш а доцуш, лелаш болу нах. Уьш цунна тӀаьхьахӀиттира.

4Цхьа хан яьлча, Ӏамминхой тӀелетира исраилхошна. 5Ӏамминхойн исраилхошца болу тӀом дӀаболабеллачул тӀаьхьа галӀадхойн къаной баьхкира Яптахь ТӀоба-махкара дӀавига. 6Къаноша Яптахье элира: «Тхуна тӀехь куьйгалхо а хилий, Ӏамминхошца тӀом байта вайга».

7Амма Яптахьа галӀадхойн къаношка элира: «Соьца шайн болу цабезам бахьана долуш со сайн ден цӀа чуьра араваьккхира аша. Шайна тӀе вон деача, со волчу стенна даьхкина шу?»

8ГалӀадхойн къаноша жоп делира цунна: «Тхуна хьалха а ваьлла, Ӏамминхошца ахьа тӀом баре а, ГалӀадахь дехаш мел долчу адамашна тӀехь ахьа куьйгалла даре а сатуьйсуш, даьхкина тхо хьо волчу».

9Яптахьа къаношка хаьттира: «Ӏамминхошца тӀом бан аша со юхаверзийча, Везачу Эло уьш сан кара схьалахь, со шун куьйгалхо хилла вуьсур вуй?»

10ГалӀадарчу къаноша Яптахье элира: «Веза Эла теш хуьлийла вайна юкъахь. Оха ахьа мел бохург дийр ду!» 11Яптахь ГалӀадарчу къаношца дӀавахара, ткъа халкъо иза, шайн баьчча а, хьаькам а вина, дӀахӀоттийра. Яптахьа ша мел аьлларг Везачу Элана хьалхахь МицӀпахь юха а элира.

Яптахьа Ӏамминхойн паччахье хабар дахьийтар

12Яптахьа Ӏамминхойн паччахь волчу шен векалш бахийтира хабар эцна: «Вайна юкъа хӀун доьлла? Хьо тхан лаьтта тӀе тӀамца хӀунда веана?» – аьлла.

13Ӏамминхойн паччахьо Яптахьан векалшка жоп делира: «Исраилан халкъ Мисар-махкара схьадогӀучу хенахь, цо Арнон-хина тӀера Ябокхний, Йорданний тӀекхаччалц сан латтанаш дӀалаьцна. Уьш машарца юхадерзаде суна».

14Шена и хабар схьакхаьчча, Яптахьа уьш юха а Ӏамминхойн паччахь волчу дӀахьовсийра 15цуьнга дӀаала: «Яптахьа иштта боху: „Исраилхоша я муабахойн а, я Ӏамминхойн а латтанаш схьа ца лаьцна, 16хӀунда аьлча Мисар-махкара схьадогӀучу хенахь Исраилан къам, яьссачу аренгахула Эрзийн хӀорд болчу а кхаьчна, цигара Кхадеше кхечира. 17 aЦигара исраилхоша шайн векалш бахийтира Эдомерчу паччахьна тӀе хабар эцна: ‘Хьайн лаьттана тӀехула дӀадаха пурба лахьара ахьа’, – аьлла. Амма Эдоман паччахьо и пурба ца делира царна. Цара иштта муабахойн паччахьна тӀе а бахийтира векалш. Цо а шен лаьттана тӀехула дӀадаха пурба ца делира царна. Цундела Исраилан халкъ Кхадешахь сецнера. 18 bЦул тӀаьхьа Исраилан халкъ яьссачу аренгахула дӀадахара, эдомхойн а, муабахойн а латтанашна гобоккхуш тӀех а долуш. Уьш муабахойн лаьттан малхбалехьа йолчу меттехь, Арнон-хин йистехь, севцира. Муабахойн лаьттана тӀе ца бевлира уьш, хӀунда аьлча церан лаьттан доза Арнон-хица дара. 19 cИсраилхоша шайн векалш бахийтира Хьешбон-гӀалара эмархойн паччахь волчу Сихьонна тӀе. Векалша Сихьоне элира: ‘Исраилан халкъ хьайн лаьтта тӀехула дӀадахийтахьара ахьа. Тхо тхайн лаьтта тӀе дӀадаха дохкура’. 20Амма Сихьона исраилхошна шен лаьтта тӀехула дӀадаха пурба ца делира. Иза, шен халкъ схьа а гулдина, ЯхӀацахь меттамотт дӀа а хӀоттийна, исраилхошца лата кечвелира. 21Исраилан халкъан Везачу Дала Сихьон а, цуьнан къам а исраилхойн кара схьаделира. Эмархойн дерриг а латта исраилхойн дола делира. 22Церан карахь дара Арнон-хина тӀера дуьйна Ябокх-хина тӀекхаччалц а, иштта яьссачу аренгара Йорданна тӀекхаччалц а долу латта. 23Исраилан халкъан Везачу Дала Шен Исраилан халкъана хьалхара эмархой дӀалаьхкина, ткъа хьо хӀинца и латта схьадаккха гӀерташ ву? 24Шайн дела волчу Камоша делла латта шун долахь ма ду! Иштта тхо а дехар ду тхайн Везачу Дала тхайна деллачу лаьтта тӀехь! 25 dТкъа хьо муабахойн паччахь волчу Ципуран кӀантал Балакхал тоьлуш ву? Исраилхошца барт эгӀар хиллий цуьнан, я тӀом бина цо цаьрца? 26Исраилан халкъ Хьешбонехь кхаа бӀе шарахь даьхна, иштта ӀаруӀерахь а, цунна гонах йолчу ярташкахь а, Арнон-хина гонахьа мел йолчу гӀаланашкахь а даьхна. Цу хенахь хӀунда ца даьккхира аша и латта схьа? 27Хьуна хьалхахь цхьана а тайпана бехк бац сан, ткъа хьо, суна тӀамца дуьхьал а ваьлла, вонаш деш лелаш ву. Кхелахо волчу Везачу Эло йойла вайна юкъахь кхел, исраилхошний, Ӏамминхошний юкъара Цо хоржийла бехке верг“». 28Амма Яптахьа векалшкахула аьллачуьнга Ӏамминхойн паччахьо ла ца дуьйгӀира.

Яптахьа нигат до

29Яптахьна тӀе Везачу Элан Са доьссира. Иза ГалӀадан а, Маннашан а мехкашкахула а, иштта ГалӀадарчу МицӀпехула Ӏамминхойн махка тӀе кхечира. 30Цо, Везачу Элана хьалха нигат деш, элира: «Нагахь санна Ӏамминхой Ахьа сан кара схьалахь, 31со толамца цигара юхавирзинчул тӀаьхьа, сайн керта чуволуш сайна дуьххьара дуьхьалкхеттарг Хьуна сагӀина дӀалур ду Аса, иза дага а деш».

32Цул тӀаьхьа Яптахьа, Ӏамминхой болчу а вахана, цаьрца тӀом бира. Везачу Эло Ӏамминхой цуьнан кара дӀабелира. 33Цо ӀаруӀера дуьйна Минит-гӀалина тӀекхаччалц а, цигара дӀа Абал-Кирамамна тӀекхаччалц а йолу ткъа гӀала йохийна дӀаяьккхира. Иза Ӏамминхошна тӀехь баьккхина боккха толам бара. ХӀетахь дуьйна схьа уьш исраилхошна хьалхахь къера бара.

34Яптахь МицӀпахь долчу шен цӀа юхавирзира. Цунна гира, жиргӀа а етташ, эшарш а лоькхуш, хелхарш а деш, дуьхьалйогӀуш йолу шен цхьаъ бен йоцу йоӀ. Цуьнан кхин я кӀант а, я йоӀ а дацара. 35 eШена дуьхьалйогӀуш йолу шен йоӀ гича, Яптахьа шена тӀера бедарш этӀийра, ша холчу хӀоттар дӀагойтуш. Цо элира: «Сан йоӀ! Со вий-кх ахьа! Со дакъазаваьккхи-кх ахьа! Аса Везачу Элана хьалхахь дина нигат ду, иза дохо сан йиш а яц!»

36Яптахье цуьнан йоӀа элира: «Сан да! Везачу Элана ахьа дош делла, цундела ахьа иза кхочушдан деза. Везачу Эло хьан мостагӀий болчу Ӏамминхошна бекхам ма байтина хьоьга!» 37Цул тӀаьхьа цо шен дега элира: «Цхьа гӀуллакх дехьа ахьа сан дуьхьа: со шина баттана сайна луъучу дӀаяхийтахьа. Лаьмнашкахула лелаш, сайн доттагӀашца йоьлхур яра со цкъа а маре ца йоьдуш йисарна».

38Цо шен йоӀе элира: «ГӀо хьайна». Шина баттана дӀаяхийтира цо иза. Шен доттагӀашца дӀа а яхана, цо и хан, ша цкъа а маре гӀург цахилар бахьана долуш, лаьмнашкахь йоьлхуш яьккхира. 39Ши бутт дӀабаьллачул тӀаьхьа иза шен да волчу юхайирзира. Дас ша Везачу Элана хьалхахь дина долу нигат кхочушдира. Иштта Яптахьан йоӀ цкъа а боьршачу стагах ца кхийтира. Ткъа Исраилан махкахь ламаст хилла дӀахӀоьттира, 40хӀора шарахь массо а зударша диъ де галӀадхо волчу Яптахьан йоӀана боьлхуш даккхар.
Copyright information for CheCAC2012