‏ Judges 12

Яптахь а, эпраймхой а

1Эпраймхой, вовшах а кхетта, Цапун-гӀала дехьабевлира. Цара Яптахье элира: «Хьо Ӏамминхошца тӀом бан воьдучу хенахь тхо хӀунда ца дигира ахьа хьайца? Оха хьан цӀа хьоьца цхьаьна дагор ду».

2Яптахьа цаьрга элира: «Тхуний, Ӏамминхошний юкъахь доккха дов дара. Аса шуьга гӀо дийхира, амма аша тхо кӀелхьара ца дехира. 3Аша тхуна гӀо ца дойла хиъча, оха тхаьш кхоа а ца деш, хил дехьа а девлла, Ӏамминхошца тӀом бира. Везачу Эло уьш тхан кара схьа а белира. Шу хӀинца стенна даьхкина соьца тӀом бан?» 4Цул тӀаьхьа Яптахьа, ГалӀадара массо а стаг схьа а гулвина, эпраймхошца тӀом бира. Царна тӀехь цо толам баьккхира, хӀунда аьлча эпраймхоша аьллера: «Шу бевдда баьхкинчу эпраймхойх а, маннашхойх а тӀаьхьадисина долу цхьа дакъа ду». 5ГалӀадхоша Йордан-хих дехьаволуш йолу меттигаш дӀалецира. Шайга хӀаллакбаза бисина болчу эпраймхоша хил дехьадовла пурба дехча, галӀадхоша цаьрга хоттура: «Хьо эпраймхо-м вац?» Цара «Вац» – аьлла жоп делча, 6галӀадхоша цаьрга «шибболет» боху дош ала олура. Амма эпраймхошка и дош нийса ца алалуш, цара «сибболет» олура. ГалӀадхошна иштта хаьара, уьш эпраймхой буйла. Уьш цара хил дехьаволийла йолчохь бойура. Цигахь иштта шовзткъе шиъ эзар эпраймхо хӀаллакьхилира.

7Яптахь ялх шарахь Исраилан мехкан куьйгалхо лаьттира. Цул тӀаьхьа Яптахьан кхалхар хилира. Иза ГалӀадарчу цхьана гӀалахь дӀавоьллира.

Мехкан куьйгалхо Ивцан

8Яптахьана тӀаьхьа Исраилан махкахь кхелахо Байтлахам-гӀалара Ивцан вара. 9Цуьнан ткъе итт кӀант а, ткъе итт йоӀ а яра. Цо шен зудабераш шайн гергара боцчу божаршка маре бахийтира, ткъа шен кӀенташна шайн гергара боцчу нехан зудабераш далийра. Ивцан ворхӀ шарахь Исраилан махкахь куьйгалхо хилла лаьттира. 10Цул тӀаьхьа Ивцан кхелхира. Иза дӀавоьллира Байтлахам-гӀалахь.

Мехкан куьйгалхо Эйлон

11Ивцанна тӀаьхьа Исраилан махкахь куьйгалхо хилла дӀахӀоьттира Забулан тайпанах волу Эйлон. Иза цу даржехь итт шарахь лаьттира. 12Цул тӀаьхьа Забулан некъех волу Эйлон кхелхира. Иза дӀавоьллира Забулан лаьтта тӀехь йолчу Айлон-гӀалахь.

Мехкан куьйгалхо Ӏабдани

13Эйлон веллачул тӀаьхьа Исраилан мехкан куьйгалхо хилла дӀахӀоьттира Ӏабдани. Иза вара ПӀарӀатунарчу ХӀалилин кӀант. 14Ӏабданин шовзткъа кӀант а, ткъе итт кӀентан кӀант а вара. Уьш кхузткъе итт вирана тӀехиъна лелаш бара. Иза бархӀ шарахь Исраилан мехкан куьйгалхо лаьттира. 15Цул тӀаьхьа ПӀарӀатунарчу ХӀалилин кӀант Ӏабдани кхелхира. Иза Ӏамалекхахой Ӏаш хиллачу лаьмнашкахь, Эпрайман лаьтта тӀехь йолчу ПӀарӀатунахь, дӀавоьллира.
Copyright information for CheCAC2012