‏ Judges 13

Шамшон дуьнен чу валар

1Исраилхой юха а Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш лело буьйлабелира. Цундела Цо уьш шовзткъа шарна пӀелаштамхойн кара дӀабелира.

2Цу хенахь Манахь цӀе а йолуш, Данан тӀаьхьенах волу цхьа стаг вара ЦорӀа-гӀалахь вехаш. Цуьнан зуда берах хуьлуш яцара. 3Цу зудчунна дуьхьал Везачу Элан Малик деара. Цо элира: «Хьо берах хуьлуш а, бер деш а ца хиллехь а, ахьа, берах а хилла, кӀант вийр ву. 4ХӀинцачул тӀаьхьа ларлуш хила, цхьанна а тайпана долу чагӀар а ма мала, Далла хьалха боьха йолу хӀума а ма яа. 5 aХӀинца берах а хилла, ахьа кӀант вича, цуьнан корта дӀа ма башийта, хӀунда аьлча иза хьан кийрахь волчу хенахь дуьйна Дала къобалвина назархо хир ву, иза Исраилан халкъ пӀелаштамхойх кӀелхьардаккха волалур ву».

6Зудчо, схьа а еана, шен майрачуьнга элира: «Делан стаг веанера со йолчу. ТӀехьаьжча, Делан маликах тера а волуш, чӀогӀа даг чу кхерам тосуьйтуш стаг вара иза. Аса мичара ву аьлла ца хаьттира цуьнга, ткъа цо шен цӀе а ца яьккхира. 7Цо элира: „Ахьа кӀант вийр ву. Цундела цхьа а тайпана вахош долу малар а ма мала, Далла цӀена хетарг бен хӀума а ма яа, хӀунда аьлча и бер хьан кийрахь долчу хенахь дуьйна ша дуьнен чуьра дӀадаллалц Дала вазвина назархо хир ву“».

8ТӀаккха Манахьа шен доӀанна тӀехь Везачу Эле дехар деш элира: «Веза Эла! Делан стаг кхин а цкъа тхо долчу ваийтахьара Ахьа, тхоьга дуьнен чу дала дезачу цу берана оха хӀун дан деза дуьйцуш».

9Далла Манахьан аз дӀахезира. Делан малик, Манахьан зуда йолчу юха а деана, дӀахӀоьттира. Цу хенахь иза аренгахь яра, цунна уллохь цуьнан майра волу Манахь а вацара. 10Едда шен майра волчу а яхана, зудчо цуьнга хаам беш элира: «Со йолчу юха а тохарлера стаг веана».

11Манахь, хьала а гӀаьттина, шен зудчунна тӀаьхьа а хӀоьттина, цу стагана тӀевахара. Цо элира: «Хьо вуй хӀокху зудчуьнца къамел динарг?»

Малико элира: «Со ву».

12Манахьа элира: «И хьан дешнаш кхочушхиллачул тӀаьхьа, кӀант муха кхио веза оха? Цунна хӀун дан деза?»

13Везачу Элан Малико элира: «Хьайн зудчуьнга аса мел аьллачух ларло ала. 14Кемсийн таьллангех йолуш йолу хӀума ма яийта, вахош долу маларш а ма малийта, Далла боьха хетачу хӀуманех мотт а ма тохийта. И аса аьлларг дерриг а кхочушдайта цуьнга».

15Манахьа Везачу Элан Малике элира: «Тхуна хьо социйла лаьара, буьхьиган жижиг кхихкина даллалц».

16Везачу Элан Малико Манахье элира: «Со кхузахь соцуш хилахь а, аса хьан кхача буур бац. Нагахь санна дийнаташ дагоран сагӀа даккха лууш хьо велахь, и гӀуллакх Везачу Элан дуьхьа де». Манахьана ца хаьара, иза Везачу Элан Малик дуйла.

17Манахьа Везачу Элан Малике элира: «Хьан цӀе хӀун ю? Хьан дешнаш кхочушхилча, тхуна луур ду хьан сий хьаладаккха».

18Везачу Элан Малико цуьнга элира: «Сан цӀе хӀунда хоьтту ахьа? Иза тамашийна ю».

19ТӀаккха Манахьа, буьхьиг а, кӀа а схьа а эцна, тӀулга тӀехь Везачу Элана сагӀа даьккхира. Манахь а, цуьнан зуда а хьоьжучу хенахь Везачу Эло цхьа тамашийна гӀуллакх дира. 20СагӀа доккхучу тӀулгашна тӀера цӀе стигала хьалаяхча, Везачу Элан Малик цу цӀарца стигала хьаладахара. И хӀума шайна гича, Манахь а, цуьнан зуда а лаьтта бертал охьадуьйжира. 21Везачу Элан Малик Манахьана а, цуьнан зудчунна а гучуьра къайладелира. ТӀаккха Манахьана хиира, иза Везачу Элан Малик дуйла.

22Манахьа шен зудчуьнга элира: «Вайна Дела гира! Цундела вайшиъ лийр ду!»

23Амма цуьнан зудчо элира: «Везачу Элана вайшиъ ден лиънехь, Цо вайшиммо сагӀина лерина йолу буьхьиг а, кӀен сагӀа а дӀаоьцур дацара. Иштта Цо Ша гайтинарг а гойтур дацара вайна я цхьа а тайпана хӀума а эр дацара».

24Цу зудчо кӀант вира, цуьнан цӀе Шамшон а тиллира. И бер кхуьуш догӀуш дара, Везачу Эло иза къобал а дора. 25Везачу Элан Са иза меттахъхьеван доладелира Махьаней-Дан цӀе йолчу меттехь иза волчу хенахь. И меттиг ЦорӀаний, Эштаулний юккъехь дӀахӀоттийна яра.
Copyright information for CheCAC2012