Judges 14
Шамшона зуда ялайо
1Цхьана дийнахь Шамшон Тамна-гӀала вахча, цунна пӀелаштамхойн цхьа жима зуда гира. 2ЦӀа а веана, цо шен дегий, неней элира: «Суна Тамна-гӀалахь пӀелаштамхойн цхьа йоӀ гира. Иза суна схьаялае». 3Дас-нанас цуьнга элира: «Хьан гергарчарна я къомана юкъахь яц ахьа ялон мегар йолу йоӀ? Стенна лоьху ахьа сунтбаза болчу пӀелаштамхошна юкъахь хьайна яло зуда?» Амма Шамшона шен дега элира: «Иза ялае суна. И йоӀ суна хазахетта». 4Цуьнан дений, нанний ца хаьара, и хӀума Везачу Элера дуйла: Иза пӀелаштамхошна бекхам бан меттиг йоккхуш вара. Цу хенахь пӀелаштамхой Исраилан махкахь олалла деш бара. 5Шамшон шен деций, ненаций Тамна-гӀала вахара. Цу гӀалин йистехь йолчу кемсийн беша улло хӀорш нисбелча, цунна дуьхьал, гӀигӀ деш, къона лом делира. 6Шамшонна тӀе Везачу Элан Са доьссира, тӀаккха цо и лом, буьхьиг санна, этӀийна, цистина, дӀадаьккхира. Цо шен дега а, нене а цунах лаьцна хӀумма а ца элира. 7Шамшона, гӀала а веана, цу пӀелаштамхойн йоӀаца къамел дира. Цунна иза езаелира. 8Масех де даьлча, иза юха а цу гӀала вахара, шена пӀелаштамхойн и йоӀ яло дагахь. Новкъахула дӀавоьдуш, ша дийна долчу лоьме хьажа вахара иза. Еллачу хӀуманна чохь цунна гира накхармозийн вай а, моз а. 9Шамшона и моз, куьйгаца схьа а эцна, новкъахула дӀавоьддушехь диира. ЦӀа веача, шен дений, нанний кӀеззиг моз делира цо. Цара иза диира. Амма Шамшона цаьрга дӀа ца элира, ша и моз деллачу лоьмана чуьра даьккхина хилар. 10Шамшонан да цу йоӀе хьажа вахара. Цигахь Шамшона, зуда ялош волчо ма-хӀоттора, той дӀахӀоттийра. 11Шамшон шайна гича, пӀелаштамхоша ткъе итт стаг вахийтира иза волчу. Уьш цуьнца хила безаш бара. 12Шамшона цаьрга элира: «Аса хӀетал-метал лур ду шуна. Той дӀахьочу ворхӀ дийнахь шуна иза хаахь, аса гатанан ткъе итт духар а, хуьйцуш юха ткъе итт тӀехулара бедар а лур ю шуна. 13Нагахь санна аса делла долу хӀетал-метал шуна ца хаахь, аша суна схьаяла еза ткъе итт коч а, ткъе уьттазза хийца бедар а». Цара элира: «Схьаала хьайн хӀетал-метал. Тхо ладугӀуш ду». 14Шамшона цаьрга хӀетал-метал делира: «Юуш волчунна чуьра яа хӀума елира,ткъа ницкъ болуш волчунна чуьра мерзаниг елира».
Кхаа дийнахь хӀетал-метална жоп дала ца хууш Ӏийра уьш. 15ДоьалгӀачу ▼
▼ДоьалгӀачу – иштта грекийн гочдаре хьаьжжина ду. Ӏебархойн маттахь: ВорхӀалгӀачу.
дийнахь Шамшонан зудчуьнга цара элира: «ХӀетал-метал схьаала бертавалаве хьайн майра. Иза цо схьа ца алахь, оха хьо а, хьан ден цӀа а дагор ду. ЧӀим санна, тхо цӀандан кхайкхинера аша?» 16Зуда, йоьлхуш, дӀахӀоьттира Шамшонна хьалха. Цо бохура: «Хьуна со ца еза. Сан къомана хӀетал-метал делла ахьа, ткъа соьга иза ахьа схьа ца олу». Шамшона цуьнга элира: «Сайн дега а, нене а ца аьлла аса иза. Ткъа хьоьга ала дезара аса иза?» 17Кхаьргахь той дӀахьочу ворхӀ дийнахь йилхина иза Шамшонна хьалха. ТӀаьххьара а ворхӀалгӀачу дийнахь зуда шега дехар дечуьра ца сецча, цо цуьнга хӀетал-метал дӀадийцира. ТӀаккха зудчо и хӀетал-метал шен къомах болчарна довзийтира. 18ВорхӀалгӀачу дийнахь малх дӀабузале пӀелаштамхоша Шамшоне элира: «Мазал мерза хӀун ю,лоьмал ницкъ болуш мила ву?»
Ткъа Шамшона цаьрга элира: «Сан дуьхьаргана тӀехь аша охана деш ца хиллехь,
шуна сан хӀетал-метал хуур дацара».
19Цуьнга ницкъ боуьйтуш, Везачу Элан Са доьссира Шамшонна тӀе. Цо, Ашкхилун цӀе йолчу гӀала а вахана, цигахь ткъе итт пӀелаштамхо а вийна, царна тӀера кучамаш а, кхийолу бедарш а, схьа а яьхна, хӀетал-метал хиъначарна дӀаелира. Цул тӀаьхьа, чӀогӀа оьгӀаз а вахана, иза шен ден цӀа вахара. 20Ткъа Шамшонан зуда церан тойнехь хьаша хиллачу кхуьнан доттагӀчуьнга маре дӀаелира.
Copyright information for
CheCAC2012