‏ Judges 15

Шамшона пӀелаштамхошна сингаттам бахьа

1Масех де даьлча, кӀа хьокхучу хенахь, Шамшон шен зуда йолчу веара, жима буьхьиг а яхьаш, иза гархьама. Стундега цо элира: «Сайн зуда дӀаюьжучу чугӀур ву со». Амма вукхо иза чу ца вахийтира. 2Цо элира: «Суна моьттинера, иза хьуна ца езаелла, цундела аса иза хьан доттагӀчуьнга маре дӀаелира. Цул жимах ерг хазо ю хьуна, иза цуьнан метта дӀайига».

3Амма Шамшона цаьрга элира: «ХӀинца суна цхьаммо а бехк буьллур бац, аса пӀелаштамхошна зен дахь». 4Шамшона, ваха а вахана, кхо бӀе цхьогал а лаьцна, уьш шишша цхьаьна шайн цӀогарчашца дӀа а дихкина, хӀора шина цӀоганна юкъахь хаьштиг дихкира. 5И хаьштигаш лата а дина, цо и кхо бӀе цхьогал пӀелаштамхойн кхашна тӀе дӀахийцира. Хьаькхна лаьтташ долу кӀен цӀевнаш а, хьакхаза долу кӀа а, кемсийн аренаш а, зайт-дитташ а дагийна дӀадехира. 6ПӀелаштамхоша хоьттура: «Иза хьан дина?» Царна жоп делира: «Тамнахочун нуц волчу Шамшона дина, шен зуда цуьнан дас кхечунна дӀаелла дела». ПӀелаштамхоша и зуда а, цуьнан да а волчу а баьхкина, уьш, цӀе а тесна, багийра.

7Шамшона цаьрга элира: «Аша иза дарна, аса бекхам бийр бу шуна. Цул тӀаьхьа бен суна тем хир бац». 8Настарш а, хенаш а кегдина, пӀелаштамхой охьабехкира цо. Цул тӀаьхьа иза ӀайтӀам олучу тархана уллорачу чӀожа чохь охьахиира.

Шамшона пӀелаштамхошна тӀехь толам баккхар

9Ткъа пӀелаштамхой, тӀамана ара а бевлла, ЯхӀуд-махкахь шайн меттамотт дӀа а хӀоттийна, Лахьи олучу меттигна тӀелетира. 10ЯхӀуд-махкарчу бахархоша цаьрга хаьттира: «Шу тхуна дуьхьал хӀунда девлла?»

ПӀелаштамхоша жоп делира: «Тхо, Шамшон схьа а лаьцна, иза дӀавехка даьхкина. Оха цунна тӀехь а дийр ду цо тхайна диннарг».
11ЯхӀуд-махкара кхаа эзар стага, ӀайтӀам цӀе йолчу тархана уллохь Ӏуьллучу чӀожа чу а вахана, Шамшоне элира: «Хьуна ца хаьа пӀелаштамхой тхуна тӀехь олалла деш дӀахӀиттинийла? ХӀунда дина ахьа иза?»

Шамшона цаьрга элира: «Цара суна динарг аса царна дӀадекхна».

12ТӀаккха цара цуьнга элира: «Тхо хьо, дӀа а вихкина, пӀелаштамхошка дӀавала даьхкина».

Шамшона цаьрга элира: «Шаьш со вуьйр вац алий, дуй баа».

13Цара жоп делира: «Оха хьо, дӀавехкар бен, вуьйр вац. Цул тӀаьхьа пӀелаштамхойн кара дӀалур ву». ЦӀеначу шина муьшаца иза дӀа а вихкина, чӀожа чуьра Шамшон араваьккхира цара.

14Иза Лахьина улло кхаьчча, пӀелаштамхой маьхьаршца дуьхьалбевлира цунна. ТӀаккха Шамшонна тӀе Везачу Элан Са доьссира. Цуьнан куьйгаш дӀадихкина долу машшаш даьгна дӀадаьлла долу вета санна хилла дӀахӀиттира. Цуьнан куьйгаш тӀера буржалш охьаийгира. 15Дукха хан йоццуш еллачу виран мочхал карийра цунна. Куьг дӀа а кховдийна, иза схьа а эцна, цуьнца цо цхьа эзар стаг вийра. 16Шамшона элира: «Виран мочхалца царах баьрзнаш а дина,
виран мочхалца аса эзар стаг ма вийра!»

17И дешнаш а аьлла, шен карара мочхал дӀакхоьссира цо. Цу меттиган цӀе Рамат-Лахьи тиллира цо (иза «мочхалан Рамат» бохург ду).

18Иза чӀогӀа хьагвеллера. Цо, Везачу Эле вистхуьлуш, элира: «Хьайн лен карахула Ахьа тхо кӀелхьардехи. Ткъа хӀинца со, хьогалла вала а велла, хӀокху сунтбаза болчеран кара ма вахийтахьара Ахьа». 19Дала боккха кӀаг балийтира Лахьи-меттехь, цу чуьра хи хьаладелира. Шамшона и хи меллачул тӀаьхьа, цуьнан ницкъ юхабеара. Цундела тиллина цу меттиган цӀе Ӏейн-Кхури аьлла (иза «кхойкхучун хьоста» бохург ду). Иза хӀинца а Лахьи-меттехь йолуш ю.

20Шамшон пӀелаштамхойн заманахь ткъа шарахь Исраилан мехкан куьйгалхо хилла лаьттира.
Copyright information for CheCAC2012