Judges 16
Шамшон Ӏази-гӀала воьду
1Цхьана дийнахь Шамшон Ӏази-гӀала кхечира. Цигахь цунна нахаца лелаш йолу цхьа зуда гира. Шамшон иза йолчу вахара. 2Ӏази-гӀаларчу бахархоша элира: «Кхуза Шамшон веана». Иза ларвеш, буьйса дӀаяллалц Ӏийра уьш гӀалин ков долчохь. «Ӏуьйре тӀекхаьчча, Шамшон вуьйр ву вай», – аьлла, ерриг а буьйса бист ца хуьлуш яьккхира цара. 3Буьйса юккъе яххалц вижина Ӏиллира Шамшон. Цул тӀаьхьа, хьала а гӀаьттина, катоьхна, гӀалин ков шен гураца, боьллинчу гӀуйца цхьаьна схьа а даьккхина, шен белшашна тӀе а диллина, Хьевронана малхбалехьа болчу ломан буьххье хьаладаьккхира цо.Шамшон а, Делила а
4Дукха хан ялале, цунна цхьа зуда езаелира, Суракх олучу тогӀи чохь Ӏаш йолу. Цуьнан цӀе Делила яра. 5Иза йолчу пӀелаштамхойн куьйгалхой баьхкира дехарца: «Хаа хьажахьара хьо, стенца доьзна ду Шамшонан ницкъ болуш хилар. ТӀаккха тхуна хуур дара, иза, дӀа а вихкина, муха сацо веза. Ахьа тхан дехар кхочушдахь, оха хӀораммо а хьуна цхьа эзар бӀе шекхал дети лур дара». 6Делилас Шамшоне элира: «Дийцахьа соьга, стенца доьзна ду хьан цу тайпана ницкъ болуш хилар? Стенца дӀавихкина сацо веза хьо?» 7Шамшона цуьнга элира: «Нагахь санна со якъоза йолчу керлачу ворхӀ зӀенарца дӀавехкахь, соьгара ницкъ дӀа а баьлла, со массо а нах санна хир ву». 8Эццахь пӀелаштамхойн куьйгалхоша якъоза тӀуьна йолу ворхӀ керла зӀенар еара. ТӀаккха Делилас цаьрца Шамшон дӀавихкира. 9Шен цӀа чохь цхьаболу божарий дӀа а лачкъийна, цо элира: «Шамшон! ПӀелаштамхой бу хьуна тӀебогӀуш!» Цо, тохавелла, зӀенарш хадийра, яьгначу бехчалган теш санна. Цундела пӀелаштамхошна цуьнан ницкъ стенца боьзна бу ца хиира. 10ТӀаккха Делилас Шамшоне элира: «Ахьа со лейина, бакъдерг схьа а ца дуьйцуш. ХӀинца мукъана дийцахьа, хьо стенца дӀавехка веза?» 11Шамшона элира: «Нагахь санна со цкъа а лелоза долчу машшашца дӀавехкахь, соьгахь ницкъ хир бац. Со массо а нах санна хир ву». 12Делилас, керла машшаш схьа а эцна, иза дӀавихкира. Цуьнан цӀа чохь цхьаболу божарий дӀа а лачкъийна, цо цуьнга элира: «Шамшон! ПӀелаштамхой бу хьуна тӀебогӀуш!» И машшаш цо шен куьйгаш тӀера, теш санна, охьадехира. 13Делилас юха а Шамшоне элира: «Со массо а хенахь лейо ахь, суна харцдерг а дуьйцуш. Дийцахьа соьга, муха дӀавехка веза хьо?» Шамшона цуьнга элира: «КӀади деш йолчу чорха тӀехь сан месех йина йолу ворхӀ чӀаба цу кӀадинах дӀа а юьйцина, ахьа иза хьостамашца гуьйригах дӀатохахь, со, массо а нах санна, гӀийла хир ву». Иштта иза вижинчул тӀаьхьа, цуьнан ворхӀ чӀаба кӀадинах дӀа а юьйцина, 14уьш, цо ма-аллара, гуьйригах дӀа а тоьхна, Делилас цуьнга элира: «ПӀелаштамхой хьуна тӀебогӀуш бу, Шамшон!» Вижинчуьра сама а ваьлла, кӀадица цхьаьна гуьйриг а озийна схьаяьккхира цо. 15Делилас цуьнга элира: «Ахьа, со еза бохуш, къамелаш дахь а, хьан дог соьца дац. Кхузза со лейина ахьа, хьайгахь болу боккха ницкъ мичара бу ца дуьйцуш». 16ХӀора дийнахь чӀогӀа сагатдора цо Шамшонан, цуьнан къайле гучуяккха гӀерташ. Иза валлал чӀогӀа саготта вара. 17ТӀаьххьара а цо Делилига элира: «Сан месех цкъа а урс хьакхаделла дац, хӀунда аьлча со, сайн ненан кийрахь воллушехь, Далла лерина назархо хилла схьавогӀуш ву. Сан корта дӀабашахь, соьгара ницкъ дӀабер бу. ТӀаккха со массо а нах санна хилла дӀахӀуттур ву». 18Делилас, цо шен къайле гучуяьккхинийла хиъна, пӀелаштамхойн куьйгалхошка кхайкха стаг вахийтира. Цо ша бохуьйтуш болчаьрга элира: «ХӀинца цо суна шен мел йолу къайле гучуяьккхина». Шайн карахь дети а долуш, пӀелаштамхойн куьйгалхой Делила йолчу баьхкира. 19Шен голаш тӀехь Делилас Шамшон дӀавижийра. Иза тхьаьвсинчул тӀаьхьа, цо цхьа стаг схьа а кхайкхина, Шамшонан коьртара ворхӀ чӀаба дӀахадаяйтира. Иза, малвелла, ницкъ дӀа а баьлла, дӀахӀоьттира. 20Делилас элира: «ПӀелаштамхой хьуна тӀебогӀуш бу, Шамшон!» Сама а ваьлла, цо элира: «Ваха а вахана, хьалха санна, кӀелхьарвер ву со!» Цунна ца хаьара, Везачу Эло ша витинийла. 21ПӀелаштамхоша, схьа а лаьцна, цуьнан ши бӀаьрг баьккхира. Цул тӀаьхьа Ӏази-гӀала дӀа а вигна, цӀестан шина зӀенаца цунна буржал туьйхира цара. Цунна тутмакхийн цӀа чохь кӀа ахьар тӀедожийра. 22Цу хенахь цуьнан коьртара дӀахедийна йолу месаш тӀейовлуш яра.Шамшон кхалхар
23ПӀелаштамхойн куьйгалхой вовшахкхеттера сакъера а, шайн дела волчу ДагӀонна доккха сагӀа даккха а. Цара бохура: «Вайн дала Шамшон вайн кара схьавелла». 24ПӀелаштамхой а, шайна Шамшон гича, шайн далла хастамаш бан буьйлабелира: «Вайна юкъара дуккха а нах хӀаллакбеш, вайн мохк бассош хилла волу вайн мостагӀ вайн дала вайн кара схьавелла». 25Шайн сакъераделлачу меттехь цара элира: «Схьакхайкхал Шамшоне вайн самукъадаккхийта». Тутмакхийн цӀа чуьра Шамшон кхайкхина схьавалийра. Церан самукъадоккхуш вара иза. Шамшон цара шина бӀогӀамна юккъехь дӀахӀоттийра. 26Шен куьг а лаьцна лелаш волчу жимачу кӀанте Шамшона элира: «И цӀа тӀехь лаьтташ болчу бӀогӀамашна улло дӀавигахьа со царах куьг Ӏоттийта. Суна цу бӀогӀамашна тӀетовжа лаьа». 27Цу цӀа чохь дуккха а зударий а, божарий а бара. Царна юкъахь схьагулвелла массо а пӀелаштамхойн куьйгалхо а вара. ЦӀийнан тхов тӀехь Шамшоне, бийла а буьйлуш, хьоьжуш лаьтташ кхо эзар хиллал стаг а, зуда а яра. 28Везачу Эле дехар дира Шамшона: «Сан Хьалдолу Эла! Дагаваийтахьа со Хьайна! Цкъа мукъана а ницкъ лохьа суна сайн ши бӀаьрг бахьана долуш пӀелаштамхошна бекхам бан». 29Катоьхна, дерриг а цӀа тӀехь а долуш, юккъехь лаьтташ болу ши бӀогӀам схьа а лаьцна, аьтту а, аьрру а куьйгашца и ши бӀогӀам дӀасатеттира цо. 30Цо элира: «Сан а пӀелаштамхошца са долийла!» Шен ницкъ мел бу дӀасатеттира цо и ши бӀогӀам. Дерриг а цӀа пӀелаштамхойн куьйгалхошний, цу чохь хиллачу адамашний тӀедуьйжира. Ша лечу хенахь Шамшона хӀаллакбина болу пӀелаштамхой цо шен дахарехь хӀаллакбиначарал а алсам бара. 31Цуьнан вежарша а, цӀийнах мел волчу стага а, схьа а баьхкина, иза дӀаваьхьира. ЦорӀаний, Эштаулний юккъехь, шен ден Манахьан къубба чохь, дӀавоьллира Шамшон. Иза ткъа шарахь Исраилан мехкан куьйгалхо хилла вара.
Copyright information for
CheCAC2012