Judges 17
Микин цӀуш
1Эпрайман лаьмнаш долчу махкахь вехаш Ӏаш хилла Мика ▼▼Мика – цуьнан юьззина цӀе Мика-ЯхӀу хилла.
цӀе йолу цхьа стаг. 2Микас шен нене элира: «ДагадогӀий хьуна хьан лачкъийна долу цхьа эзар бӀе шекхал долу дети? Ахьа суна хьалха сардамаш а кхайкхийра иза лачкъийначунна. И дети соьгахь ду. Аса схьаэцнера иза». Нанас элира: «Везачу Эло декъала войла хьо, сан кӀант!» 3Микас и дети шен нене дӀаделира. Ткъа нанас элира: «Сан кӀант, хьуна тӀера хӀара дети аса деккъа цхьана Везачу Элана лору. ЦӀу а вай, цунна тӀе дети дилла. ХӀинца аса хьуна и дети юхало». 4Амма Микас дети шен нене юхаделира. Ткъа цо, ши бӀе шекхал дети схьа а эцна, иза дато пхьере дӀаделира. Цу пхьеро цунах тӀе дети диллина волу цӀу вира. И цӀу Микин цӀа чохь дӀахӀоттийна вара. 5Микин шен делан цӀа дара. Цо ийпад а, цӀуш а бира. Цул тӀаьхьа цо, шен кӀенташна юкъара цхьаъ къобал а вина, цунах динан да вира. 6 bЦу хенахь исраилхойн паччахь вацара, цундела хӀораммо а шена бакъахьа хеттарг дора. 7ЯхӀуд-махкарчу Байтлахам-гӀалахь вехаш Левин тайпанах волу цхьа жима стаг хилла. Иза цигахь тӀевеана стаг санна Ӏаш вара. 8Иза, Байтлахам-гӀалара ара а ваьлла, ша тӀекхаьчначохь ваха хаа дагахь лелаш вара. Лелаш, иза Эпрайман лаьмнашкахь лаьтташ йолчу Микин хӀусаме кхечира. 9Микас цуьнга хаьттира: «Хьо мичара вогӀу?» Жимачу стага жоп делира: «Со ЯхӀуд-махкарчу Байтлахам-гӀалара левихо ву. Сайна ваха хаа меттиг лоьхуш ву со». 10Микас цуьнга элира: «Со волчохь саца мегар ду хьуна, суна хьехамча а, динан да а хуьлуш. Аса хӀора шарахь итт шекхал дети а лур ду хьуна, даа-мала а, тӀедуха хӀума а латтор ду хьуна». 11Левихойн жима стаг Мика волчохь саца резахилира. Иза цунна кӀант санна хилла дӀахӀоьттира. 12Микас иза къобалвича, жима стаг динан да хилла дӀахӀоьттира. Иза Микин хӀусамехь вехаш а вара. 13Микас элира: «Суна хӀинца хаьа Веза Эла сайца дика хир вуйла, хӀунда аьлча сан динан да левихойх ву».
Copyright information for
CheCAC2012