Judges 18
Данахойн тайпано шена латта лахар
1Цу заманахь исраилхойн паччахь вацара. Ткъа Данан тӀаьхьенах берш шайна даха ховша меттиг лоьхуш бара. Исраилан халкъах схьадевлла долу кхидолу тайпанаш, шайн-шайн латтанаш а долуш, охьахевшинера, ткъа Данан тӀаьхьенах берш шайна билгалдаьккхина латта доцуш бара. 2Данан тӀаьхьенах болчара шайна юкъара пхи тоьлла волу къонах вахийтира лаьттах дерг талла. И пхи стаг ЦорӀера а, Эштаулара а вара. И нах хаьржинера, уьш Данан тайпанах болчеран массо а гаранашкара болу дела. Цаьрга аьллера: «Даха а гӀой, мохк талла». Эпрайман лаьмнашка а баьхкина, цара Микин цӀа чохь буьйса яьккхира. 3Микин цӀенна уллохь шаьш долчу хенахь, цуьнан къамелах къона левихо кхузара воцийла хиира царна. ЦӀа чу а баьхкина, цара хеттарш дора: «Хьо кхуза хьан валийна? Хьо кхузахь хӀун деш ву?» 4Жимачу стага цаьрга дӀадийцира Микас ша йолах тӀелаьцна хиларх а, иштта ша иза волчохь динан да хилар а. 5Цара цуьнга элира: «Деле хаттар дехьа, оха схьалаьцна болу некъ беркате хир буй те алий». 6Динан дас жоп делира царна: «Маьрша дӀагӀо, Везачу Эло, шун некъан тергам а беш, шу Ӏалашдийр ду». 7И пхи стаг дӀавахара. Лаиш-гӀала кхечира уьш. Цигахь маьрша дехаш долу адам гира царна. Церан дахар, цӀаданхойн ма-хиллара, тийна а, маьрша а дара. Царна гӀело еш мостагӀий а бацара. Уьш ЦӀадан-гӀалина генахь бехаш бара, цхьаьнцца а ▼▼Цхьаьнцца а – я иштта: Арамца.
лелош юкъаметтиг а йоцуш. 8И вахийтина волу пхи стаг ЦорӀа а, Эштаула а юхавирзича, гергарчара цаьрга хаьттира: «ХӀун хии шуна?» 9Цара жоп делира: «Тхуна чӀогӀа дика латта карийна. Хан ма ялийта! ТӀе а латий, и латта цаьргара схьадаккха! 10Цига дӀакхаьчча, шуна гур ду, и мел доккха латта ду. Оьшуш мел дерг шортта хуьлу цу махкахь, цигара халкъ, цхьа а стаг шайна тӀелетар ву аьлла, дагадогӀуш а дац. Дала вайн кара схьалуш ду и латта». 11ЦорӀара а, Эштаулара а Данан тайпанах волу ялх бӀе стаг новкъа велира. Уьш тӀамана кийча бара. 12Лаиш-гӀала боьдучу новкъахь совца а севцина, ЯхӀуд-махкарчу Кхиръят-ЯӀаримехь шайн меттамотт дӀахӀоттийра цара. Цундела Кхиръят-ЯӀаримана малхбузехьа йолчу цу меттигах хӀинца а Махьаней-Дан олу (иза «Данан меттамотт» бохург ду). 13Цигара арабевлла уьш Эпрайман лаьмнашкахь долчу Микин цӀийне кхечира. 14Лаишан латта талла вахана хиллачу пхеаммо шайн гергарчаьрга элира: «Цигахь долчу цхьана цӀенна чохь еза ийпад ю. Цигахь кхиболу цӀуш а, тӀе дети диллина волу цӀу а ву. Ойла е, хӀун дан деза». 15Къона левихо чохь Ӏаш волчу Микин цӀа чу а бахана, цуьнга маршалла хаьттира цара. 16Ткъа Данан тӀаьхьенах волу ялх бӀе стаг тӀамана кийчча кевнна уллохь лаьтташ вара. 17Латта талла вахийтина волчу пхеа стага, цӀенна чу а вахана, дечиган цӀу а, ийпад а, кхиболу цӀуш а, детих вина волу цӀу а схьа а эцна, уьш чуьра арабехира. Ткъа динан да кевнехь цу ялх бӀе тӀемалочуьнца лаьтташ вара. 18ЦӀа чу а бахана, цара ийпад а, цӀуш а, детих вина волу цӀу а схьаэцча, динан дас цаьрга хаьттира: «Шу хӀун деш ду?» 19Цара цуьнга элира: «Вист ма хила. Хьайн куьг бета тӀе а диллий, тхуна тӀаьхьахӀотта. Тхо долчохь тхан хьехамча а, динан да а хир ву хьо. Цхьана стеган динан да хуьлучул, Исраилан халкъан цхьана гаранан я тайпанан динан да хилар гӀоле дац хьуна?» 20И дешнаш къоначу левихочунна чӀогӀа дезаделира. Иза, ийпад а, цӀуш а, дато цӀу а схьа а эцна, Данан тӀаьхьенах болчу нахана тӀаьхьахӀоьттира. 21Шайн новкъа юзабирзира уьш. Цара шайна хьалха дӀадохуьйтуш шайн бераш а, бежанаш а, бахам а бара. 22Уьш новкъа бевллачул тӀаьхьа, Микин лулахой, вовшах а кхетта, данхошна тӀаьхьа а бевлла, царна тӀекхечира. 23Цара Данан тӀаьхьенах болчаьрга мохь беттара. Вукхара, юха а бирзина, Микига хаьттира: «ХӀун хилла? Нах стенна схьакхайкхина ахьа?» 24Микас цаьрга элира: «Аша ас сайна бина болу цӀуш соьгара дӀабаьхна. Аша иштта сан динан да а дӀавигна. Суна диснарг хӀун ду? Стенна хоьтту аша: „ХӀун хилла?“– бохуш?» 25Данан тӀаьхьенах болчара цуьнга элира: «Тхуна хьайн аз ма хазийталахь, оьгӀазбахана нах шайна тӀе ца латийта. ТӀаккха ахьа хьо а, хьайн доьзал а хӀаллакбойтур бара». 26Данан цӀийнах болу нах шайн новкъахула дӀабахара. Ткъа уьш шел тоьлур буйла хууш волу Мика шен цӀа юхавирзира. 27Данхоша иштта схьадаьккхира Микас шена мел динарг. Цуьнан динан да а шайца дӀавигира цара. Уьш, Лаиш-гӀала дӀа а бахана, цигахь маьрша бехаш Ӏаш болчу нахана тӀелетира. Адам шайн таррашца цистира цара, ткъа гӀала цӀарца ягийра. 28Царна орцахвала стаг вацара, хӀунда аьлча ЦӀадан-гӀала царна генахь яра, кхиболчаьрца цара юкъаметтиг а ца лелайора. Лаиш-гӀала Байт-Рахьубана уллохь йолчу тогӀи чохь лаьтташ яра. Йохийна гӀала лаьттинчу меттехь данхоша керла гӀала а йиллина, уьш цигахь баха хевшира. 29Цара цунна, Дан-гӀала аьлла, керла цӀе а тиллира. И цӀе шайн дайх хилла волчу Исраилан кӀентан Данан цӀе бахьана долуш тиллина хилла цара. Ткъа цу гӀалин хьалхалера цӀе Лаиш хилла. 30Данхоша шайн гӀалахь дато цӀу дӀахӀиттийна хилла. Шайн динан да вина дӀахӀоттийна хилла цара Мусан кӀентан ГӀиршаман кӀант ЯхӀуната. ЯхӀуната а, цуьнан кӀентий а Исраилан махкахь динан дай хилла лаьттина, цигара дерриг а Исраилан къам, йийсаре а лаьцна, дӀадиггалц. 31Данан тайпа Микас бинчу цӀунна корта бетташ лелла, Делан цӀа Шилунехь мел лаьтта.
Copyright information for
CheCAC2012