Judges 19
Левихо а, цуьнан гӀарбаш-зуда а
1Исраилхойн паччахь воцучу хенахь Эпрайман лаьмнашкахь цхьана юьстахчу меттехь вехаш Ӏаш хилла левихойн тайпанах волу цхьа стаг. Цуьнан, ша ЯхӀуд-махкарчу Байтлахам-гӀалара а йолуш, цхьа гӀарбаш-зуда хилла. 2Цуьнца дов а даьлла, иза ЯхӀуд-махкарчу Байтлахам-гӀалахь Ӏаш волчу шен ден цӀа яхана хилла. Цигахь цо биъ бутт баьккхина хилла. 3Цуьнан майра, хьала а гӀаьттина, цунна тӀаьхьавахана. Иза цига вахаран Ӏалашо, цуьнца доггах къамел а дина, иза ша волчу юхаерзор хилла. Ша цига воьдуш, цо шеца шен ялхо а, ши вир а йигна хилла. Цуьнан гӀарбаш-зудчо иза шен да волчу чувигна. Къоначу зудчун дас, иза шена гича, чӀогӀа хазахетта, цунна дуьхьал а веана, даггара цуьнга маршалла хаьттира. 4Цуьнан стундена чӀогӀа лаьара иза цигахь сацо. Кхаа дийнахь дууш-молуш, буьйсанаш а йохуш, цигахь Ӏийна иза. 5ДоьалгӀачу дийнахь Ӏуьйранна, хьалххехь хьала а гӀаьттина, шен цӀа ваха тохавелла левихо. Амма зудчун дас цуьнга элира: «Цкъа хӀума кхаьллича, гӀолехь ду хьуна. Цул тӀаьхьа дӀагӀур ду шу». 6Левихо тӀаьхьа а сецна, и шиъ дууш, молуш Ӏийра. Къоначу зудчун дас цу стаге элира: «Хьайн самукъа а доккхуш, кхин а цхьа буьйса яккха». 7ДӀаваха кечвелла волу левихо стундас, дехар а дина, сацийра. Иза кхин а цхьа буьйса йоккхуш Ӏийра. 8ПхоьалгӀачу дийнахь иза, Ӏуьйранна хьала а гӀаьттина, дӀаваха кечвелира. Къоначу зудчун дас юха а элира: «Яа хӀума а яий, меттавола. Де делкъе даьлча, дӀагӀур ву хьо». И шиъ юха а дууш, молуш Ӏийра. 9Левихо а, цуьнан гӀарбаш-зуда а, ялхо а дӀадаха дагахь хьалагӀаьттира. Амма стундас юха а элира: «Вайна суьйре тӀейогӀуш ю. Тховса кхузахь буьйса яккха, хьайна са а къера. Ткъа кхана, хьалххехь хьала а гӀевттина, шайн цӀа гӀур ду шу». 10Амма левихо кхин цхьа буьйса яккха реза ца хилира. Иза, хьала а гӀаьттина, новкъа велира. Цуьнца цхьаьна тӀейоьттина хӀума а йолуш ши вир а, цуьнан гӀарбаш-зуда а яра. Уьш Явсай-гӀала схьакхечира (хӀинца цу гӀалин цӀе Ярушалайм ю). 11Уьш цу гӀала схьакхаьчча, де суьйренга даьллера. Ялхочо левихочуьнга элира: «Явсайхойн гӀали чу а дахана, цигахь буьйса яккхийта вайга». 12Амма левихочо жоп делира: «Исраилхойх боцу нах бехаш йолчу гӀали чу а ца доьлхуш, ГебаӀ-гӀала дӀагӀур ду вай». 13Цо шен ялхочуьнга элира: «Я ГебаӀ-гӀала, я Раме дӀакхача хьовсур ду вай. Цигахь цхьанхьа буьйса йоккхур ю вай». 14Уьш новкъа бевлира. Бен-Яманан ГебаӀ-гӀала уьш схьакхаьчча, малх чубузуш бара. 15Кхузахь буьйса яккха сацам бира цара. ГӀалин майдана а баьхкина, охьахевшира уьш, амма цаьрга цхьаммо а шайгахь буьйса яккхийта дӀа ца кхойкхура. 16Шен кха тӀера цӀа вогӀуш цхьа воккха стаг вара. Иза ша Эпрайман лаьмнашкахь вина хилла, амма хӀинца ГебаӀ-гӀалахь вехаш хилла. Ткъа кхузахь бехаш болу нах Бен-Яманан тайпанах схьабевлла хилла. 17Шена гӀалин майданахь левихо гича, цо хаьттира: «Стенгара вогӀуш ву хьо? Стенга ваха ваьлла хьо?» 18Левихочо цуьнга элира: «ЯхӀуд-махкарчу Байтлахам-гӀалара схьадогӀуш ду тхо, Эпрайман лаьмнашкахь тхаьш дехаш долчу юьстахчу метте дӀадоьлхуш а ду. Тхо хӀинца цӀа догӀуш ду ▼▼ЦӀа догӀуш ду – Ӏебархойн маттахь: Везачу Элан цӀа догӀуш ду.
. Амма цхьаммо а буьйса яккха чу ца кхайкхина тхоьга. 19Тхоьгахь ча а ду, варрашна яа хӀума а ю, иштта бепиг а, чагӀар а ду суна а, соьца йолчу зудчунна а, сан ялхочунна а даа. Тхуна хӀумма а ца оьшу». 20Воккхачу стага элира: «Са ма гатде. Шуна оьшург аса хуьлуьйтур ду, амма майданахь буьйса ма яккха». 21Левихо а, цуьнца берш а шен цӀа чу а бигна, церан варрашна яа хӀума елира цо. Шайн когаш а билина, уьш хӀума яа охьахевшира. 22 bЛевихо а, цуьнца берш а шайна яа хӀума а юуш, садоӀуш болчу хенахь, цу гӀалара болчу телхинчу наха воккхачу стеган цӀенна го а бина, неӀ а етташ, мохь а бетташ, бохура: «Хьо волчу веана волу стаг араваккха, тхуна цунах зуда ян лаьа». 23ХӀусамдас, ара а ваьлла, цаьрга элира: «Сан вежарий, ма дахьара аша и зулам! И стаг сан хьаша ву. Ма дахьара аша цу тайпана долу сонта хӀума. 24Хьажал, сан йоӀ а ю шуна, цу стеган гӀарбаш-зуда а ю шуна. Аса и шиъ арайоккхур ю шуна, цаьрца шайна луъург де. Амма цу стагаца ма леладахьара аша и сонта хӀума». 25Амма царна воккхачу стаге ладогӀа ца лаьара. ТӀаккха левихочо шен гӀарбаш-зуда уьш болчу араяьккхира. Цара иза сахиллалц хьийзийра, ткъа сахуьлучу хенахь дӀахийцира. 26Иза, садаьржачу хенахь схьа а еана, шен майра чохь волчу цӀийнан неӀсагӀина хьалха охьаюьйжира. Ӏуьйре тӀекхаччалц Ӏиллира иза цигахь. 27Ӏуьйранна левихочо, хьала а гӀаьттина, цӀийнан неӀарш дӀайиллира. ЦӀа ваха дагахь аравелира иза. Эццахь цунна шен гӀарбаш-зуда гира. Иза неӀарехь Ӏуьллуш яра, ткъа цуьнан куьйгаш неӀсагӀина тӀехь дара. 28Левихочо цуьнга элира: «ХьалагӀатта, дӀагӀо вай!» Амма зудчо цунна жоп ца делира. Иза еллера. Левихо, шен гӀарбаш-зуда вирана тӀе а йиллина, цӀа вахара. 29 cЦӀа веанчул тӀаьхьа, урс схьа а эцна, цо иза, шийтта дакъа доккхуш, йийкъира. И дакъош цо Исраилан массо а маьӀӀе дӀасадахьийтира. 30И хӀума гиначара бохура: «И санна дерг тхуна гина дац, Мисар-махкара арадевллачу хенахь дуьйна хӀара хан тӀекхаччалц. Цу хӀуманна тӀе тидам а бахийтий, шайна юкъахь дага а довлий, хӀун дан деза ала».
Copyright information for
CheCAC2012