aАрадаккхар 34:12, 13; Карлабаьккхинарг 7:2-5.
Judges 2
Везачу Элан Малик Бухимехь
1Галгалара Бухиме а деана, Везачу Элан Малико элира: «Мисар-махкара ара а даьхна, Айса шун дайшна ваӀда динчу лаьтта тӀе схьадалийна Аса шу. Цу хенахь Аса элира: „Айса шуьца бина болу барт Аса цкъа а бохор бац. 2 aТкъа шун а, кху лаьтта тӀехь Ӏаш болчу нахаца барт а хилла, Ӏан йиш яц. Аша церан сагӀа доккхуш йолу меттигаш хӀаллакьян еза“. Амма аша Сан дешнашка ла ца дуьйгӀира. ХӀунда дина аша иза? 3Ткъа хӀинца Аса шуьга боху: „Аса и нах шун лаьтта тӀера дӀалохкур бац. Уьш шуна мостагӀий хилла дӀахӀуьттур бу, ткъа церан харцделанаш шуна гур хилла дӀахӀуьттур бу“». 4Везачу Элан Малико шайга аьлла долу дешнаш дӀахезча, Исраилан халкъ доьлхуш дӀахӀоьттира. 5Цундела ю цу меттиган цӀе Бухим (иза «доьлхурш» бохург ду). Цигахь цара Везачу Элана сагӀанаш дехира.ЮшаӀ кхелхинчул тӀаьхьа хилларг
6ЮшаӀа исраилхой дӀасабахийтира. ХӀора исраилхо шен-шен доьзалан латта доладаккха дӀавахара. 7ЮшаӀ дийна мел ву, Везачу Элана гӀуллакх деш схьадеара Исраилан халкъ. ЮшаӀ кхелхинчул тӀаьхьа а, Везачу Эло Исраилан халкъан дуьхьа динарг гина болу къаной коьртехь болчу хенахь а Цунна гӀуллакх деш схьабаьхкира уьш. 8Везачу Элан лай волу Нунин кӀант ЮшаӀ дӀакхелхира шен бӀе итт шо долчу хенахь. 9Исраилан халкъо иза шен лаьтта тӀехь Тамнат-Хьарасехь дӀавоьллира. Иза яра Эпрайман лаьмнаш долчохь болчу ГаӀаш-ломана къилбаседехьара йолу меттиг. 10И массо а тӀаьхье дӀаяьлча, царах схьабевлла нах тӀекхиира. Царна Веза Эла а ца вевзара я Исраилан халкъана Цо дина долу гӀуллакх а ца хаьара.Исраилан халкъ Везачу Элана Ӏибадат дечуьра сацар
11ТӀаккха Везачу Элана зуламе хеташ долу хӀуманаш шайгара дуьйлуьйтура исраилхоша, БаӀал-деланашна Ӏамал а еш. 12Исраилан халкъо Везачу Элана, шайн дай Мисар-махкара арабаьхначу Далла, букъ берзийра. Уьш шайна гонах долчу халкъийн харцделанашна гӀуллакх дан буьйлабелира. Цара Веза Эла шайна чӀогӀа оьгӀазвахийтира. 13Исраилан халкъ, Везачу Элана тӀаьхьара дӀа а даьлла, БаӀал а, Ӏаштарт а цӀераш йолчу харцделанашна тӀаьхьахӀиттира. 14Веза Эла Исраилан халкъана чӀогӀа оьгӀазвахана вара. Цундела Цо уьш талорхойн кара дӀабелира, церан мостагӀашка уьш эша а байтира. Цундела Исраилан халкъ мостагӀашна дуьхьал ца латтаделира. 15Исраилан халкъо миччахь тӀом бича а, иза эшна хуьлура, хӀунда аьлча, Ша ма-аллара, Веза Эла царна дуьхьал вара. Цундела Исраилан халкъ чӀогӀа балехь дара. 16Везачу Эло царна мехкан куьйгалхой хоржура. Цара уьш талораш деш лелаш болчарах ларбора. 17Амма халкъо цаьрга а ла ца дугӀура. Кхечу деланашна тӀе а дирзина, царна корта а бетташ, лелара Исраилан халкъ. Шайн дайша Везачу Эло бохург а деш, цара дӀакхехьначу некъа тӀера сихха дӀадаьллера адам. 18Юх-юха а Везачу Эло царна мехкан куьйгалхо воуьйтура. Иза Ша вара цу куьйгалхошца, цаьргахула халкъ кӀелхьара а доккхура Везачу Эло. Царна ницкъ беш, церан узарш хазарна, къинхетам бора Везачу Эло царах. 19Амма мехкан куьйгалхо кхелхина воллушехь, халкъ юха а шайн дайша чул а чӀогӀа къинош лето долалора, харцделанашна корта а бетташ. Исраилан халкъ, чӀогӀа юхахьадаьлла, шаьш дӀахьош болчу харцнекъана тӀера дала лууш дацара. 20Веза Эла чӀогӀа оьгӀазвахара Исраилан халкъана. Цо элира: «И халкъ, Аса шайн дайшца бина болу барт бохош, схьадогӀуш ду, цо Соьга ла ца дугӀу. 21ЮшаӀ веллачул тӀаьхьа цо кхузахь тӀаьхьадитина кхидолу къаьмнаш хӀинцачул тӀаьхьа дӀакъехкор дац Ас, исраилхошна некъ боккхуш. 22Исраилан халкъ зерхьама, Аса и къаьмнаш шаьш долчохь дуьтур ду. Со хьожур ву Везачу Эло шайна гайтинчу некъа тӀехула дӀадаха и къам доьналла долуш дуйла, шайн дай ма-хиллара». 23Везачу Эло и къаьмнаш шаьш долчохь дитира, дӀа ца лохкуш, ЮшаӀан кара а ца дахийтира.
Copyright information for
CheCAC2012