‏ Judges 2:11-16

Исраилан халкъ Везачу Элана Ӏибадат дечуьра сацар

11ТӀаккха Везачу Элана зуламе хеташ долу хӀуманаш шайгара дуьйлуьйтура исраилхоша, БаӀал-деланашна Ӏамал а еш. 12Исраилан халкъо Везачу Элана, шайн дай Мисар-махкара арабаьхначу Далла, букъ берзийра. Уьш шайна гонах долчу халкъийн харцделанашна гӀуллакх дан буьйлабелира. Цара Веза Эла шайна чӀогӀа оьгӀазвахийтира. 13Исраилан халкъ, Везачу Элана тӀаьхьара дӀа а даьлла, БаӀал а, Ӏаштарт а цӀераш йолчу харцделанашна тӀаьхьахӀиттира. 14Веза Эла Исраилан халкъана чӀогӀа оьгӀазвахана вара. Цундела Цо уьш талорхойн кара дӀабелира, церан мостагӀашка уьш эша а байтира. Цундела Исраилан халкъ мостагӀашна дуьхьал ца латтаделира. 15Исраилан халкъо миччахь тӀом бича а, иза эшна хуьлура, хӀунда аьлча, Ша ма-аллара, Веза Эла царна дуьхьал вара. Цундела Исраилан халкъ чӀогӀа балехь дара.

16Везачу Эло царна мехкан куьйгалхой хоржура. Цара уьш талораш деш лелаш болчарах ларбора.
Copyright information for CheCAC2012