Judges 21
Бен-яманхошна зударий балор
1Исраилхоша МицӀпахь чӀагӀо йина хилла шайн зудабераш бен-яманхошка маре ца дахийта. 2Дерриг а халкъ, Бетал-гӀала а деана, Далла хьалхахь сарралц чӀогӀа доьлхуш Ӏаш дара. 3Цара Деле элира: «Исраилан халкъан Веза Дела! ХӀунда хилла иза исраилхошна? ХӀунда довш ду исраилхойн цхьа тайпа?» 4ШолгӀачу дийнахь адам, Ӏуьйранна хьалххехь хьала а гӀаьттина, сагӀа доккху меттиг кечъян дӀахӀоьттира. Цара Везачу Элана дийнаташ дагоран а, бертан а сагӀанаш дохура. 5Цул тӀаьхьа Исраилан халкъо хаьттира: «Исраилхойн тайпанах болчарах мила ву хӀокху гуламе Везачу Элана хьалха ваза виснарг?» Цара иза хоьттура, хӀунда аьлча доккха неӀалт дара царна аьлла. Везачу Элана хьалха МицӀпе ваза виснарг вуьйр ву аьлла, йина чӀагӀо а яра. 6Исраилан халкъо къинхетам бира шайн вежарий болчу бен-яманхойх. Цара элира: «Тахана исраилхойн цхьа тайпа дайна лара мегар ду. 7Оха Везачу Элана хьалха йина чӀагӀо ю, исраилхойн зудабераш бен-яманхошка маре дохуьйтур дац аьлла. Бисинчарна зударий мичара балор бу вай?» 8Цундела исраилхоша хаьттинера: «Исраилан тайпанех волу цхьа а стаг вуй Везачу Элана хьалха МицӀпахь гуламе ваза висина?» Цигахь царна хиира, ГалӀадарчу Явешера цхьа а стаг Везачу Элана хьалха гуламе веана цахилар. 9ХӀора стаге хьожуш, чекхбевлира уьш. Царна ГалӀадарчу Явешера цхьа а стаг цу гуламе веана цахилар гучуделира. 10Исраилан гуламо цига шийтта эзар тоьлла стаг вахийтира, царна тӀе а дуьллуш: «ГалӀадарчу Явеше а гӀой, тарраш детташ, цигахь волу массо а стаг, вей, охьавилла, я зударий а, я бераш а ца къестош. 11Кхин цхьа хӀума а тӀедуьллу оха шуна: хӀора майрачуьнца Ӏийна йолу зуда а, зудчуьнца Ӏийна волу боьрша стаг а вийна дӀаваккха. Амма йоӀстагалла дохоза долу зудабераш дийна дита ▼▼Амма йоӀстагалла дохоза долу зудабераш дийна дита – иштта грекийн маттахь долчу гочдарехь ду.
». 12ГалӀадарчу Явешехь царна йиъ бӀе йоӀстаг карийра. Уьш цара канаӀанхойн лаьттахь йолчу Шилунан меттаматте схьабалийра. 13Цул тӀаьхьа исраилхоша шайн геланчаш бахийтира Римун цӀе йолу тарх йолчу гулбеллачу бен-яманхошна тӀе машар дӀакхайкхо. 14ТӀаккха бен-яманхой шайн махка юхабирзира. ГалӀадарчу Явешера дийна дитина долу зудабераш цаьрга маре дӀаделира. Амма царна массарна а зударий ца тоьира. 15Исраилан халкъ къинхетам беш хилла бен-яманхойх, хӀунда аьлча уьш Везачу Эло дӀакъастийна хилла исраилхойн кхечу тайпанех. 16Исраилхойн къаноша элира: «Бен-яманхойн зударий байина. Вай хӀун дан деза зуда ца кхочуш бисина болчу божаршна? 17Бисина болчу божарийн бераш хила деза, исраилхойн цхьа тайпа дуьнен чуьра дӀа ца далийта. 18Амма вай вешан зудабераш цаьрга маре дахийта йиш йолуш дац. Уьш цаьрга ца бахийта вай йина чӀагӀо ю». 19ТӀаккха цара элира: «ХӀора шарахь Шилун-гӀалахь хуьлуш Везачу Элана лерина деза де ду». (Шилун-гӀала Бетал-гӀалина къилбаседехьа а, Бетал-гӀалара Шехеме боьдучу некъана малхбалехьа а, иштта Либуна-гӀалина къилбехьа а лаьтташ ю.) 20Къаноша бен-яманхошка элира: «Даха а гӀой, кемсийн бошмашкахь дӀаловчкъа. 21ТӀаккха тидам бе! Зудабераш халхарш дан арадевлча, кемсийн бошмашкара ара а довлий, хӀораммо а шайна, катохий, шилунхойн йоӀ схьа а эций, бен-яманхойн лаьтта юхадерза. 22Церан дай а, вежарий а тхо долчу арз дахьаш багӀахь, оха цаьрга эр ду: „Тхан дуьхьа къинтӀера довла бен-яманхошна, хӀунда аьлча тӀамехь вай схьа ца лецира царна хӀоранна зуда. Шайн чӀагӀо йоха а ца еш, зудабераш дӀа ца даларна шу бехке дац“». 23Бен-яманхоша, шайга ма-аллара, халхадуьйлуш хиллачу зудаберашна юкъара цхьацца йоӀ дӀайигира. Уьш, шайн лаьтта тӀе дӀа а бигна, шайна маре балийра цара. ГӀаланаш юха метта а хӀиттийна, уьш баха хевшира. 24Исраилан халкъ цигара хӀора шайн тайпанашка а, шайн гаранашка а, шайн доьзалан лаьтта тӀе а дӀасадекъаделира. 25 bЦу хенахь исраилхойн паччахь вацара, цундела хӀораммо а шена бакъахьа хеттарг дора.
Copyright information for
CheCAC2012