‏ Judges 3

Лаьтта тӀехь дисина къаьмнаш

1Цхьадолу къаьмнаш цу лаьтта тӀехь а дитина, цкъа а канаӀанхойн махкахь тӀом база болу исраилхой зен лууш хилла Веза Эла. 2Цо иштта динера, Исраилан халкъан тӀаьхьенах тӀом база болчарна тӀеман гӀуллакх карадерзийтархьама. 3Везачу Эло цу лаьтта тӀехь дитинчу къаьмнийн цӀераш хӀорш ю: пӀелаштамхойн пхеа гӀалин волу пхи куьйгалхо а, массо а канаӀанхой а, цӀаданхой а, Ливанун-лаьмнашкахь БаӀал-Хьермон-лам болчуьра дуьйна Хьаматан лаьмнийн дехьадовларан меттигна тӀекхаччалц бехаш болу хьаьвихой а. 4И къаьмнаш дитина хилла цаьргахула исраилхой зерхьама, цара Везачу Эло Мусагахула шайна тӀедиллинарг кхочушдойла хьожуш. 5Иштта исраилхой бехаш Ӏаш хилла канаӀанхошний, хьетахошний, эмархошний, перезахошний, хьаьвихошний, явсайхошний юкъахь. 6Церан зудабераш шайна маре а далош, шайн зудабераш церан кӀенташка маре дӀа а дохуьйтуш, церан деланашна гӀуллакх а деш, Ӏаш хилла уьш.

Мехкан хьалхара куьйгалхо волу Ӏотниал

7Везачу Элана зуламе хеташ долу хӀуманаш шайгара дуьйлуьйтура исраилхоша. Шайн Веза Дела виц а вина, БаӀал а, Ӏаштарт а цӀераш йолчу харцделанашна Ӏибадат дора цара. 8Веза Эла оьгӀазвахара Исраилан халкъана. Цундела Цо иза Арам-махкарчу паччахьан Кушан-Рашхьатайман кара дӀаделира. БархӀ шарахь Ӏийра Исраилан халкъ Кушан-Рашхьатайман куьйга кӀелахь. 9ТӀаккха Исраилан халкъ Везачу Эле орца дохуш дӀахӀоьттира. Цундела Везачу Эло Килабан жимах волчу вешин Кхеназан кӀант Ӏотниал вахийтира цига. Цо исраилхой кӀелхьара а бехира. 10Везачу Элан Са охьадоьссинера Ӏотниалана тӀе, иза Исраилан мехкан куьйгалхо хилла дӀахӀоьттира. Иза тӀом бан аравелира. Ткъа Везачу Эло цуьнан кара Араман
Арам-мохк – иза хӀинцалерачу Сири-мехкан цхьа дакъа хилла.
паччахь волу Кушан-Рашхьатайман дӀавелира, цундела Ӏотниала цунна тӀехь толам а баьккхира.
11Шовзткъа шарахь машар лаьттира цу лаьтта тӀехь. Цул тӀаьхьа Кхеназан кӀант Ӏотниал кхелхира.

Мехкан куьйгалхо волу АхӀуд

12Исраилхой юха а Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш лело буьйлабелира. Цундела Везачу Эло муабахойн паччахь волчу ӀегӀлонна
ӀегӀлон – и цӀе «берстина етт» бохург ду.
Исраилан халкъана дуьхьалхӀотта ницкъ белира.
13Цо, Ӏамалекхахой а, Ӏамминхой а ша волчу схьа а гулбина, цаьрца цхьаьна исраилхой эшийра, хурма-диттийн гӀала кара а ерзош. 14Муабахойн паччахь волчу ӀегӀлонан куьйга кӀелахь хилира исраилхой берхӀитта шарахь.

15Халкъо юха а Везачу Эле, мохь бетташ, орца дехира. Ткъа Везачу Эло Бен-Яманан тайпанах волчу Герин кӀант АхӀуд вахийтира Исраилан халкъ кӀелхьардаккха. Иза ша гезолг вара. Исраилан халкъо АхӀуд вахийтира муабахойн паччахь волчу ӀегӀлонна совгӀаташ эцна. 16Цо шена, цхьа дол еха а йолуш, шинна а агӀор ира а йолуш, шаьлта кечйинера. И шаьлта цо шен бедаршна бухахь аьтту хаьн тӀехь дӀайихкинера. 17АхӀуд, совгӀаташ а эцна, муабахойн паччахь волчу вахара. ӀегӀлон ша чӀогӀа зоьртала стаг вара. 18СовгӀаташ дӀаделлачул тӀаьхьа, АхӀуда уьш схьадахьаш шеца баьхкина болу нах дӀабахийтира. 19Галгалахь лаьтташ болчу тӀулган цӀушна уллохула дӀавоьдуш волчуьра юха а вирзина, цо паччахье элира: «Паччахь, сан хьоьга къайлаха ала дезаш хӀума ду».

«ЛадогӀалаш! ДӀате!» – элира паччахьо. Цунна гӀуллакх деш болу массо а нах арабевлира.

20АхӀуд паччахь волчу чувахара. ӀегӀлон шийлачу лакхарчу цӀа чохь Ӏаш вара. АхӀуда цуьнга элира: «Делера дош ду сан хьоьга дӀаала дезаш». Паччахь шен гӀанта тӀера хьалагӀаьттира. 21АхӀуда аьтту хаьн тӀехь кхозуш йолу шаьлта, аьрру куьйгаца схьа а яьккхина, паччахьан гайх чекхъяьккхира. 22Шаьлта, ираллина тӀаьххье мукъ а хьуллуш, кӀорга чуяхнера. Паччахьан гай чохь йолчу махьарша шаьлтанан мукъ къайлабаьккхинера. Цундела АхӀуда шаьлта ша йолччохь йитира. Чов йинчу меттехула чуьйраш араевлира. 23АхӀуд ученехула аравелира, шена тӀаьхьара лакхарчу чоьнан неӀарш дӀа а къовлуш. 24Иза араваьллачул тӀаьхьа, ӀегӀлонан ялхой схьабаьхкира. НеӀ дӀакъевлина шайна гича, цара элира: «Шен гӀуллакх дан сецна хир ву иза шийлачу цӀа чохь». 25Ялхой собардеш дуккха а Ӏийра, амма лакхарчу цӀийнан неӀ цхьаммо а схьа ца йиллира. ДогӀа схьа а эцна, неӀ схьайиллира цара. Лаьттахь велла Ӏуьллуш волу шайн олахо гира царна.

26Ялхой паччахь араваларе хьоьжуш лаьттинчу юкъана АхӀуд къайлавелира. ЦӀушна уллохула тӀех а ваьлла, иза СаӀирахь кӀелхьарвелира. 27Цига схьа а веана, Эпрайман лаьмнашкахь коьман маӀа лекхира АхӀуда. Цу маӀан аз шайна хезча, Исраилан халкъ схьагулделира. АхӀуд хьалхаваьлла а волуш, уьш лаьмнаш тӀера охьабиссира. 28АхӀуда цаьрга элира: «Суна тӀаьхьахӀитта! Везачу Эло шун мостагӀий болу муабахой эшо ницкъ белла шуна». Халкъ АхӀудана тӀаьхьахӀоьттира. Цуьнца цхьаьна цара Йордан-хи тӀехула муабахойн махка дехьаволийла схьалецира, цхьа а стаг дехьа а ца волуьйтуш. 29Цара итт эзар нуьцкъала, тоьллачу дегӀахь волу муабахо вийра, цхьа а кӀелхьара ца волуьйтуш. 30Иштта цу дийнахь исраилхоша шайн караберзийра муабахой. Дезткъа шарахь машар лаьттира цу лаьтта тӀехь.

Мехкан куьйгалхо волу Шамгар

31Цул тӀаьхьа кхин а цхьана стага кӀелхьардаьккхира Исраилан халкъ. Иза вара Ӏанатин кӀант Шамгар. Цо стерчашна тухуш йолчу гӀожаца ялх бӀе пӀелаштамхо вийра.
Copyright information for CheCAC2012