‏ Judges 4

Мехкан куьйгалхо йолу Дебира

1АхӀуд веллачул тӀаьхьа а исраилхой юха а Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш лело буьйлабелира. 2ТӀаккха Везачу Эло канаӀанхойн паччахьна Ябинна кара схьаделира Исраилан халкъ. Ябин Хьацорахь паччахьалла деш вара. Цуьнан тӀеман куьйгалхо вара Хьаршат-Гойимахь вехаш волу Сисра. 3Сисрин эчигах йина исс бӀе гӀудалкх яра. Цо ткъа шарахь чӀогӀа хьийзийра Исраилан халкъ. Цундела исраилхой юха а Везачу Эле, мохь бетташ, орца даха буьйлабелира.

4Цу заманчохь Исраилан мехкан куьйгалхо яра шеца пайхамаралла долуш йолу Дебира. Иза Лапдатин зуда яра. 5Иза Дебирин хурмин диттана кӀелахь охьахуура. И дитт Раминий, Бетал-гӀалиний юккъехь, Эпрайман лаьмнашкахь лаьтташ дара. Дебира йолчу исраилхой богӀура цуьнга шайна юкъахь кхел яйта. 6Дебирас, Наптал-махкарчу Кхедашара Аби-НуӀаман кӀант Баракх ша йолчу схьа а кхайкхина, цуьнга элира: «Исраилан халкъан Везачу Дала хьуна тӀедуьллу: „Ваха а гӀой, Напталинний, Забуланний тӀаьхьенах волу итт эзар стаг вовшах а тохий, уьш Табур-лам тӀе дӀабига. 7Ткъа Аса Къишун-хи йисте Ябинан эскаран куьйгалхо волу Сисра а, цуьнан гӀудалкхаш а, эскар а, цига дӀа а далийна, хьан кара дӀалур ду“».

8Баракха Дебирига элира: «Хьо соьца ягӀахь, со цига гӀур ву, ца ягӀахь, гӀур вац».

9Дебирас цуьнга элира: «Со-м йогӀур ю хьоьца, амма хаалахь: Сисра эшийначул тӀаьхьа халкъо сий деш верг хьо хир вац хьуна. Везачу Эло зудчуьнга эшавойтур ву Сисра». Дебира Баракхца Кхедаш-гӀала дӀаяхара. 10Баракха Забулан а, Напталан а тӀаьхьенах болу нах Кхедаше схьакхайкхира. Итт эзар стаг тӀаьхьахӀоьттира цунна. Дебира а яхара цуьнца.

11Цигахь, Хьебар цӀе а йолуш, кхенахойх волу цхьа стаг вара. Иза шен халкъах дӀакъаьстинера. (Кхенахой Муса-пайхамаран стунваша волчу Хьабабан тӀаьхьенах бу). Хьабаба шен четар Кхедашана уллохь йолчу ЦаӀнаним цӀе йолчу меттехь ножан хьунна уллохь дӀахӀоттийнера.

12Сисрина хиира, Аби-НуӀаман кӀант Баракх Табур цӀе йолчу лам тӀе ваьллийла. 13Шен эчигах йина йолу исс бӀе гӀудалкх схьа а ялийна, шен халкъ а схьа а кхайкхина, уьш Хьаршат-Гойимара Къишун-хи долчу дӀахьажийра цо.

14Дебирас Баракхе элира: «Тахана Везачу Эло Сисра эшо ницкъ лур бу хьуна. Вало, Веза Эла хьуна хьалхаваьлла хир ву». Баракх, шеца итт эзар стаг а волуш, Табур-лам тӀера охьавоьссира. 15Баракха туьраца беш болчу тӀамехь Сисра а, цуьнан гӀудалкхаш тӀехь болу нах а бохийна хьовзийра Везачу Эло. Царна ца хаьара, шаьш хӀун дан деза. Ткъа Сисра, гӀудалкха тӀера охьа а воьссина, гӀаш ведда дӀавахара. 16Сисрин гӀудалкхашна а, эскарна а тӀаьхьавелира Баракх. Цара уьш Хьаршат-Гойиме кхаччалц, лаьхкина, дӀабигира, дийна цхьа а стаг ца вуьтуш.

17Сисра Хьебаран зудчун ЯӀалан четар долчу ведда схьавеара. Хьебар ша кхенахо вара, ткъа цуьнан цӀа хьацорхойн Ябин-паччахьца бертахь Ӏаш дара. 18ЯӀал Сисрина дуьхьал араелира. Цо цуьнга элира: «Чувола со йолчу, сан эла. Кхера а ца кхоьруш, чоьхьавала». Сисра цуьнан четар чу велира. ЯӀала цунна тӀе шаршу тесира. 19Сисрас цуьнга элира: «Со чӀогӀа хьагвелла. Суна жимма хи лохьа». ЯӀала, шура чохь йолу пӀаьлдиг схьа а баьстина, цуьнга шура а малийтина, цунна юха а тӀе хӀума тесира. 20Сисрас ЯӀале элира: «Четарна чувогӀийла долчу дӀа а хӀоттий, цхьаммо хьайга: „Кхузахь цхьа а стаг вуй?“– аьлла, хаттар дахь, „Вац“– алий, жоп лолахь».

21ЧӀогӀа кӀадвелла волчу Сисрина наб кхийтира. ЯӀал, четар чӀагӀдеш тухуш йолу дечиган хьостам а, варзап а схьа а эцна, меллаша цунна тӀе яхара. Сисра лаьттах дӀа а тухуш, лергъагӀонна тӀе варзап а тоьхна, дечиган хьостам чекхбаьккхира цо. Иза велира. 22Сисра лоьхуш лелаш волу Баракх ЯӀалан четарна тӀе кхечира. Цунна дуьхьал ара а яьлла, ЯӀала элира: «Чувола, аса гойтур ву хьуна ахьа лоьхуш верг». Баракх чоьхьаваьлча, цунна гира, лергъагӀонах боллуш хьокха а болуш, велла Ӏуьллуш волу Сисра.

23Цу дийнахь Везачу Эло Исраилан халкъана хьалхахь эшийра канаӀанхойн паччахь волу Ябин. 24Исраилан халкъ де дийне мел дели а ницкъ алсамболуш лаьтташ дара, цара Ябин хӀаллаквина дӀаваккхалц.
Copyright information for CheCAC2012