a Арадаккхар 19:18.

‏ Judges 5

Дебирин назма

1Сисра вийначу дийнахь Дебирассий, Аби-НуӀаман кӀанта Баракхий хӀара назма элира:

2«Исраилхойн баьччанаш хьалхабевлла арабовларна а,
халкъ лараме хьалагӀаттарна а,
хаставе Веза Эла!
3ЛадогӀалаш, паччахьаш!
Тергаме хилалаш, хьалдолу нах!
Хьуна дӀаолу аса хӀара назма, ва Веза Эла.
Исраилан халкъан Везачу Далла хастам а бо ас.
4Веза Эла, Хьо, СеӀирера ара а ваьлла,
Эдоман аренгахула схьавогӀучу хенахь,
латта дегош дара,
стигалш тӀадамаш ледош яра,
мархаш догӀа Ӏенош яра.
5 aЛаьмнаш дегош дара Везачу Элана хьалхахь,
ур-атталла хӀара Синай-лам а бегабора
Исраилан халкъан Везачу Далла хьалха.
6Ӏанатин кӀант Шамгар паччахьалла деш волчу хенахь а,
ЯӀалан заманашкахь а
некъахой шайн эмкалийн ковранашца юьстахчу некъашкахула лелара,
ткъа некъаш даьсса дара.
7Исраилан махкахь йолчу ярташкахь кхин ца Ӏийра,
со, Дебира, гӀатталц, ца Ӏийра цигахь нах,
Исраилан халкъан нана со хилла дӀахӀотталц.
8Уьш керлачу деланашна тӀаьхьахӀиттича,
гӀалин кевнна улло тӀом беана схьакхечира.
Шовзткъа эзар стаг шена юкъахь а волуш долчу Исраилан эскарехь
я турс а, я гоьмукъ а ца карийра.
9Исраилан мехкан куьйгалхой, сан дог шуьца ду.
Шен даго ма-хьоьхху, халкъана юкъара хьалагӀевттинчаьрца ду.
Хастам хуьлийла Везачу Элана!
10КӀайн варраш тӀехь дӀадоьлхурш а,
нуьйра тӀехь хиъна Ӏийраш а,
гӀаш дӀадоьлхурш а,
ойла елаш Везачу Эло диначун!
11Руьйтанахь бежанаш схьагуллучохь хезаш ду адамийн аьзнаш.
Цигахь Везачу Элан нийсачу толамашна хастам беш бу,
Исраилан махкара Цуьнан халкъо баьккхинчу толамашна:
Хьала а гӀаьттина, Везачу Элан халкъ гӀалин кевнашна тӀедахара.
12ХьалагӀатта, Дебира, хьалагӀатта!
Хьайн назма дӀаала!
ХьалагӀатта, Аби-НуӀаман кӀант Баракх,
шайна йийсар динарш схьалеца!
13ТӀаккха халкъ Сарид-юьрта охьадоьссира, куьйгалхошна дуьхьал.
Везачу Элан халкъ соьца цхьаьна майрачарна дуьхьалделира.
14Ӏамалекхахь орамаш хилларш Эпрайм-махкара схьабогӀура,
ва Бен-Яманан тайпа, хьоьца болу нах хьуна тӀаьхьа хӀиттина.
Макир волчуьра схьабогӀура куьйгалхой,
Забулан тӀаьхьенан хьаькамаш а схьабаьхкина.
15Иссарханан элий а Дебирица бара,
Иссарханан тайпа иштта Баракхца дара.
Цунна тӀаьхьа тогӀи чу араделира иза.
Раабанан тайпанна юкъахь
доккха дар-дацар дара лаьтташ.
16ХӀунда Ӏа хьо гӀотанашна юкъахь хиъна,
бажа Ӏоьхуш ла а доьгӀуш?
Раабанан тӀаьхьенна юккъе
даккхий дар-дацарш ма деана.
17ГалӀадара халкъ Йордан-хил дехьа дисира.
Ткъа Данан тайпа хӀунда дисира хинкеманашца?
Ашаран тайпа хӀордан йистехь дисира,
йисте догӀийла йолчохь.
18Амма Забулан а, Напталан а халкъаша,
шайн дахар ца кхоош, лаьмнашкахь тӀом бира.

19Паччахьаш вовшахлата схьабаьхкира,
канаӀанхойн паччахьаша тӀом бира.
ТаӀнакахь, МагӀиддан хиш долчохь, и хилла,
амма дато хӀонс ца кхечира царна цигара.
20Стигалара седарчий а дара вовшахлеташ.
Уьш шайн некъашкахь Сисрица тӀом беш дара.
21Къишун-хино дӀабаьхьира уьш.
Чехка доьдуш долу хи ма ду иза.
Сан са, нуьцкъала хьалхадалий, дӀагӀо!
22ТӀаккха Сисрин говрийн бергаш схьайогӀуш яра,
цара ден татанаш схьахезаш дара.
23„НеӀалт хуьлда Мераз-гӀалина, –
элира Везачу Элан Малико, –
Билггал неӀалт хуьлда цуьнан бахархошна,
цара Везачу Элана гӀо ца дарна,
шайн майрачу тӀемалошца цхьаьна“.

24Декъала хуьлда кхенахо волчу Хьебаран зуда ЯӀал!
Четарш чохь бехаш болчу зударшна юкъахь декъала хуьлда иза!
25Сисрас мала хи дехча,
цо цунна шура елира.
Элашна хьалхахь лелош болчу кеда чуьра схьа а йоьттина,
мустъелла шура елира.
26Шен четар чуьра ара а яьлла,
хьокха схьа а эцна,
аьтту куьйга варзап схьаийцира цо.
И хьокха Сисрин лергъагӀонах чекхбаьккхира цо.
27Цуьнан когаш тӀе а тевжина,
иза циггахь воьжна Ӏуьллуш вара.
Цуьнан когаш тӀе таьӀӀинчохь
валар а хилира цуьнан.

28Корах арахьоьжуш яра Сисрин нана.
Цо елхарца хаьттира: „Сан кӀентан гӀудалкх хье хӀунда елла?
ХӀунда ца хеза цуьнан говрийн бергийн тата?“
29Хьекъал долуш болчу цуьнан ялхоша жоп лора цунна,
цо ша-шена ма-даллара:
30„Схьахетарехь, уьш, хӀонс а карийна, шайна юкъахь иза йоькъуш хир бу.
ТӀемалоша хӀораммо а шайна цхьаъ я ши йоӀ схьаоьцуш хир ю.
ХӀонс юкъара бес-бесара бедарш Сисрас шена схьахоржу.
ХӀонс юкъара бес-бесара юьйцина цхьа бедар а,
бес-бесара тир яьккхина ши бедар а хӀонс яьккхинчун коча уллу“.
31Иштта хӀаллакьхуьлийла Хьан берриг а мостагӀий, Веза Эла!
Ткъа Хьо везаш берш, шен нуьцкъаллица схьакхетта богӀуш болу малх санна, ницкъ болуш хуьлийла!»

Шовзткъа шарахь лаьтта тӀехь машар лаьттира.
Copyright information for CheCAC2012