Judges 6
Мехкан куьйгалхо волу ГадӀан
1Исраилан халкъ юха а Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш лело доладелира. Цундела Везачу Эло уьш ворхӀ шарна маданхойн кара дӀабелира. 2Исраилхошца чӀогӀа къиза бара маданхой. Шаьш маданхойн баланах кӀелхьардаха, исраилхоша лаьмнаш юккъехь къайлах йолу меттигаш а, хьехаш а, чӀагӀйина меттигаш а лехира шайна. 3ХӀоразза а исраилхоша хӀума дӀайийча, маданхой а, Ӏамалекхахой а, иштта малхбалехьа Ӏаш долу къаьмнаш а, схьа а догӀий, царна тӀелетара. 4Церан четарш Исраилан лаьтта тӀехь лаьтташ дара, цара дӀайийна мел йолу хӀума Ӏази-гӀалина тӀекхаччалц йолчу меттигашкахь хӀаллакйора, исраилхошна я уьстагӀ а, я сту а, я вир а ца юьтуш. 5Маданхоша, Исраилан лаьтта тӀе а баьхкина, цигахь шайн четарш дӀахӀиттийра. Цара шайца шайн доьзалш а, шайн бежанаш а схьадалийнера. Уьш, цӀоз санна, дукха бара, церан эмкалш а ягар ца яллал дукха яра. Цу лаьтта тӀе а баьхкина, цара массо а хӀума хӀаллакдинера. 6ЧӀогӀа къийделира Исраилан халкъ маданхоша дина зенаш бахьанехь. Исраилан халкъо, мохь туххуш, Везачу Эле орца дехира. 7Исраилхоша шайна маданхоша дина зенаш бахьана долуш Везачу Эле гӀо дехча, 8Везачу Эло уьш болчу пайхамар вахийтира. Исраилан халкъе пайхамаро элира: «Исраилан халкъан Везачу Дала шуьга боху: „Мисар-махкара шу арадаьхнарг Со ву.Лоллин цӀа чуьра арадехира ас шу.
9Мисархойх шу паргӀатдехира Ас,
кхузахь шуна ницкъ беш болчу массеран карара кӀелхьардехира.
Шуна уллора уьш дӀа а лаьхкина,
церан латта шуна дӀаделира Аса.
10Ас шуьга элира: ‘Со ву шун Веза Дела. Ӏамал ма елаш шаьш Ӏаш долчу эмархойн лаьттара деланашна’. Амма аша ла ца дуьйгӀира Сан озе“».
ГадӀан куьйгалхо дӀахӀоттар
11Везачу Элан Малик деара ГадӀан цӀе йолу цхьа стаг волчу. Малик, схьа а деана, Ӏапру йолчохь лаьтташ долчу ножан дитта кӀелахь охьахиира. И дитт, Абу-Ӏезаран тайпанах а волуш, Юаш цӀе йолчу цхьана стеган дара. Юаш ГадӀанан да вара. Цу хенахь ГадӀан кемсийн мутт схьадоккхуш йолчу меттехь кӀа цӀандеш вара, иза маданхойх къайладаккхархьама. 12ГадӀанна хьалха дӀа а хӀоьттина, Везачу Элан Малико цуьнга элира: «Веза Эла ву хьоьца, майра къонах!» 13ГадӀана жоп делира: «Сан эла! Веза Эла вайца велахь, вайна оццул зенаш хӀунда хилла? Вайн дайша схьадийцина долчу массо а инзаречу гӀуллакхашна хӀун хилла теша? Цара ца дуьйцура те, Везачу Эло шаьш Мисар-махкара арадаьхна бохуш?! Амма вай хӀинца Везачу Эло дӀа ма тесна. Цо вай маданхойн кара дӀаделла». 14ТӀаккха Везачу Эло, цуьнга дӀа а вирзина, элира: «Оцу ницкъаца ваха а гӀой, Исраилан халкъ маданхойх кӀелхьардаккха. Аса вохуьйту хьо цига!» 15ГадӀана жоп делира: «Хьалдолу Эла, муха доккхур дара те аса Исраилан халкъ кӀелхьара? Маннашан тайпанна юкъахь сан доьзал уггар гӀийла бу, ткъа со царна юкъахь уггар а жимах верг ву». 16Везачу Эло цуьнга элира: «Со хир ву хьоьца. Цхьа стаг бен воцуш санна, эшор бу ахьа маданхой». 17ТӀаккха ГадӀана Везачу Эле элира: «Хьо суна реза велахь, сан Веза Эла, суна билгало гайтахьа, соьга Вистхилларг Хьо вуйла хоуьйтуш. 18ДӀа ма гӀохьа, со схьаваллалц. Хьайна совгӀат схьа а деана, иза Хьайна хьалха охьадилла пурба лохьа суна». Цо жоп делира: «Хьо схьаваллалц, собардийр ду Ас». 19ГадӀана, дӀа а вахана, буьхьиг кхехкийра. Цхьа мазал дама а хьакхийна, совсозачу бедах хьокхамаш а дира цо. Жижиг тускар чу а диллина, цунах схьаяьлла чорпа кхаби чу а йоьттина, уьш Делан малик долчу ножан дитта кӀел схьаеара цо. 20Делан малико ГадӀане элира: «Жижиг а, хьокхамаш а хӀокху тӀулга тӀе охьадахка, ткъа чорпа цу тӀе охьайотта». ГадӀана шега аьлларг кхочушдира. 21Маликан карахь Ӏаса яра. Цо цу Ӏасанан юьхьиг жижигах а, хьокхамех а дӀаӀоьттича, тӀулгах цӀе а яьлла, цу цӀаро жижиг а, хьокхамаш а дӀахьулдира. Ткъа Делан малик къайладелира. 22Иза Везачу Элан малик дуйла шена хиъча, ГадӀана, кхеравелла, элира: «Ва Сан Хьалдолу Эла! Суна юьхь-дуьхьал гинарг Хьан Малик ма дара!» 23Амма Везачу Эло ГадӀане элира: «Марша Ӏойла! Ма кхера! Хьо лийр вац!» 24ГадӀана цига, Везачу Элана сагӀа доккхуш йолчу метте, тӀулгаш дехкира, цунна, «Везачу Элан Машар» аьлла, цӀе а туьллуш. И тӀулгаш хӀинца а Абу-Ӏезаран доьзал бехачу Ӏапру цӀе йолчу юьртахь лаьтташ ду.ГадӀана БаӀална сагӀа доккхуш йолу меттиг йохайо
25Цу буссехь Везачу Эло ГадӀане элира: «Хьайн ден бежанашна юкъара шолгӀа сту (ворхӀ шо кхаьчна берг) схьа а эций, хьайн дас кечйина йолу БаӀална сагӀа доккху меттиг йохае. Иштта цунна уллохь лаьтташ болу Ашера-далла лерина болу дечиган бӀогӀам, хадабай, схьабаккха. 26Цул тӀаьхьа лакхенгахь хьайн Везачу Далла лерина сагӀа доккху меттиг кечъе. ШолгӀа болу сту бен а бей, иза цу кечйинчу меттигехь, Ашерин диттах даьккхина долчу дечигах цӀе а латаяй, багабе». 27ГадӀана, шен ялхойх итт схьа а валийна, Везачу Эло шега аьлларг кхочушдира. Амма шен цӀерачарна а, гӀалин бахархошна а ша и хӀума дийна делккъехь деш воллуш гарна кхоьруш волчу ГадӀана иза буьйсанна дира. 28Ӏуьйранна самабевллачу гӀалин бахархошна гира йохийна йолу БаӀална лерина сагӀа доккху меттиг а, цунна уллохь схьахадийна болу Ашерин бӀогӀам а. Царна иштта гира ГадӀана кечйина йолу сагӀа доккху меттиг а, цу тӀехь сагӀина багийна болу сту а. 29Цара вовшашка хоьттура: «Хьан дина иза?» Леррина талла а теллина, цхьаммо цаьрга элира: «Юашан кӀант волчу ГадӀана дина». 30Цу гӀаларчу бахархоша Юаше элира: «Араваккха хьайн кӀант. БаӀална сагӀа доккху меттиг а, цунна уллохь лаьтташ болу бӀогӀам а цо бохийна дела, иза вала везаш ву». 31Шена дуьхьалбевллачаьрга Юаша элира: «Шу БаӀална тӀехӀотта гӀерташ ду, иза кӀелхьарваккха гӀерташ ду шу? Ӏуьйре тӀекхачале цунна тӀехӀоьттинарг вала везаш ву. БаӀал дела велахь, иза ша къовсавала веза, хӀунда аьлча йохийна йолу сагӀа доккху меттиг цуьнан ма яра». 32Юаша элира: «ГадӀана и сагӀа доккху меттиг йохийна хилча, БаӀал ша къовсавала веза цуьнца». Цу хенахь дуьйна ГадӀанан цӀе Яруб-БаӀал аьлла йоккхура (иза «БаӀал къовсавалийта» бохург ду).ГадӀана халкъ тӀамана гулдо
33Маданхой а, Ӏамалекхахой а, кхидолу малхбалехьа дехаш долу къаьмнаш а вовшахкхийтира. Йордан-хил дехьа а бевлла, ИзреӀалан аренгахь шайн меттамотт дӀахӀоттийра цара. 34ГадӀанна тӀе Везачу Элан Са доьссира. ГадӀана, коьман маӀа а лекхна, ша волчу Абу-Ӏезаран тайпанах долу халкъ схьагулдира. 35Цо Маннашан махкахула геланчаш бахийтира, массо а нах ша волчу схьагулбе аьлла. ТӀаккха хаамчаш бахийтира Ашаран а, Забулан а, Напталан а мехкашкахула а. Цигара нах а ГадӀан волчу баьхкира. 36ГадӀана Деле элира: «Ахьа соьга Исраилан къам кӀелхьардаккха гӀо дийр ду аьллера. 37Аса хьаьттахь уьстагӀийн тӀаргӀа дӀабаржор бу. Нагахь санна цу тӀергӀана тӀехь диллина тхи хилахь, ткъа гонахьа долчу лаьтта тӀехь екъа хилахь, суна хуур ду, Ахьа ма-аллара, со бахьана а долуш Исраилан къам кӀелхьардер дуйла». 38Иза иштта хилира. ШолгӀачу дийнахь Ӏуьйранна хьалххехь хьалагӀаьттина волчу ГадӀана, и тӀаргӀа Ӏовда а Ӏаьвдина, цунах цхьа кад буьззина хи даьккхира. 39ГадӀана Деле элира: «Суна оьгӀаз ма гӀахьара Хьо, аса кхин а цхьа дехар кхочушдар Хьайга дехча. Суна кхин цкъа а уьстагӀан тӀергӀаца билгало хуьлийла луур дара. ТӀаргӀа бекъа а болуш, массо а меттехь тхи хилийтахьара Ахьа». 40Дала цу буса, ГадӀана ма-аллара, хилийтира: тӀаргӀа бекъа а болуш, дерриг а лаьтта тӀе тхи диллира Цо.
Copyright information for
CheCAC2012