Judges 7
ГадӀана маданхой эшабо
1Ӏуьйранна сатоссуш Яруб-БаӀала (ГадӀана) шеца болчу нахаца цхьаьна Хьарод цӀе йолчу хьостана уллохь шайн меттамотт дӀахӀоттийра. Ткъа маданхойн меттамотт царна къилбаседехьа йолчу тогӀи чохь лаьтташ бара, МорахӀ олучу лома уллохь. 2Везачу Эло ГадӀане элира: «Хьоьца цхьаьна тӀех дукха халкъ хилар бахьана долуш, маданхой шун кара дӀабала ца лаьа Суна. Суна ца лаьа исраилхоша, дозалла а деш: „Тхо тхаьш кӀелхьардевлла“– бохийла а. 3 aХьайца схьабаьхкинчаьрга дӀаала: „Кхеравелла вегош мел верг ГалӀадарчу лам тӀера шайн цӀа юхаверза мегар ду“». Ткъе ши эзар стаг ГадӀан волчуьра цӀа вахара, итт эзар стаг бухависира. 4Цул тӀаьхьа Везачу Эло ГадӀане элира: «ХӀинца а тӀех дукха адам ду кхузахь. Уьш хи долчу дӀабига. Цигахь Аса уьш зуьйр бу хьуна. Нагахь санна Аса: „Хьоьца ваха мегар ду“– алахь, иза гӀур ву. Ткъа Аса: „Иза хьоьца гӀур вац“– алахь, цуьнан хьоьца ваха йиш яц». 5ГадӀана шеца болу нах хи йисте охьабигира. Везачу Эло ГадӀане элира: «ЖӀаьло санна, маттаца хи молуш берш цхьана агӀор дӀахӀиттабе, ткъа хи молучу хенахь, голаш тӀе охьа а таьӀна, хи молуш верг вукху агӀор хӀоттаве». 6Куьйгашца хи шайн юьхь тӀе а кхоьхьуш, мотт ара а баьккхина, хи молуш верг кхо бӀе стаг вара. Ткъа вукхара хи, голаш тӀе охьа а таьӀна, молура. 7Везачу Эло ГадӀане элира: «Мотт ара а баьккхина, хи мелла волчу кхаа бӀе стагехула шу кӀелхьара а даьхна, маданхой шун кара дӀалур бу Ас. Вуьш шайн-шайн цӀа бахийта». 8ГадӀана уьш цӀа а бахийтина, цаьргахь йолу яа хӀума а, коьман маӀаш а схьаийцира. Бухависнарг верриг а кхо бӀе стаг вара. Ткъа маданхойн меттамотт лахахь тогӀи чохь лаьтташ бара. 9Цу буьйсанна Везачу Эло ГадӀане элира: «Хьала а гӀаттий, маданхойн меттаматтана дуьхьал гӀо. Аса уьш хьан кара дӀало. 10Нагахь санна царна дуьхьалвала хьо кхерахь, хьайн ялхо волчу Пураца царна тӀе гӀо. 11Маданхойн меттаматтана юххе а гӀой, цара хӀун боху ладогӀа. ТӀаккха хьо кхоьрур вац царна тӀелата». ГадӀан а, цуьнан ялхо волу Пура а аренга охьавоьссира, маданхойн меттаматтан йистте. 12Маданхой а, Ӏамалекхахой а, кхиболу малхбалерчу мехкашкара бахархой а аренгахь Ӏаш бара. Уьш, цӀоз санна, дукха бара. Церан эмкалш а, хӀордан йистехь йолу гӀум санна, ягарлур йоцуш дукха яра. 13МостагӀийн меттаматтана улло веанчу ГадӀанна хезира, цхьана тӀемалочо вукху тӀемалочуьнга шена гина долу гӀан дуьйцуш. Цо дуьйцура: «Суна гӀенахь гира маданхойн меттаматтехула, хахкаделла, дӀадоьдуш долу горга бепиг. И бепиг, хахкаделла, четарна чӀогӀа тӀекхийтира. ТӀаккха и четар, каг а делла, охьадуьйжира». 14Вукхо элира: «Хьан гӀан иштта бен кхечу тайпана тида йиш йолуш дац. Иза исраилхо волчу Юашан кӀентан ГадӀанан тур ду. Дала маданхой а, церан берриг а меттамотт а цуьнан кара дӀабелла». 15И гӀан а, цуьнан тидар а хезна волу ГадӀан Везачу Элана хьалха суждане вахара. Исраилхойн меттаматте юха а веана, цо элира: «ХьалагӀовтта! Везачу Эло маданхойн меттамотт вайн кара схьало». 16Цо кхо бӀе стаг кхаа декъе вийкъира. ХӀора тӀемалочунна кара коьман маӀий, яьсса кхабий елира цо. ХӀора кхаби чохь богуш къуьда бара. 17ГадӀана цаьрга элира: «Соьга а хьожуш, аса деш дерг де. Вай мостагӀийн меттаматте кхаьчча, аса деш дерг де. 18Меттаматтана го а бай, сой, соьца бершший коьман маӀа лакха буьйлабелча, аша а маӀаш лекха йолае, мохь а бетташ: „Везачу Элан а, ГадӀанан а дуьхьа!“– бохуш». 19ГадӀан а, цуьнца волу бӀе стаг а, мостагӀийн меттамотт болчу охьа а воьссина, цунна улло вахара, буьйса юккъеяхча ха деш болу тӀемалой хийцабеллачул тӀаьхьа. Цара, коьман маӀаш а лекхна, шайн кхабанаш кегйира. 20Кхаа тобанехь болчара, коьман маӀаш а лоькхуш, шайн кхабанаш кегйира. Церан аьрру куьйга лаьцна къуьданаш дара, ткъа аьтту куьйгахь маӀаш яра. МаӀаш а лоькхуш, цара мохь беттара: «Везачу Элан а, ГадӀанан а дуьхьа тур тоха!» – бохуш. 21ГадӀанан тӀемалой шаьш болччохь лаьтташ бара, ткъа меттаматтара дерриг а эскар, маьхьарий а хьоькхуш, дӀауьдуш дара. 22ГадӀанаца хиллачу кхаа бӀе стага коьман маӀаш лекхча, Везачу Эло меттаматтара нах вовшашна дуьхьалбехира. Уьш, вовшашна тарраш а диттина, бевдда Царира-гӀалина уллохь йолчу Байт-ШатӀа дӀабахара. Уьш иштта ТӀабата уллохь йолчу Абал-Махьулан йисте кхечира. 23Напталан а, Ашаран а, Маннашан а тайпанах болу тӀемалой маданхошна тӀаьхьабовла бахийтинера. 24ГадӀана Эпрайман лаьмнашна уллохь йолчу меттигашка шен геланчаш бахийтинера дӀаала: «Маданхошна дуьхьал ара а довлий, царах лата, Байт-Барина тӀекхаччалц Йордан-хил дехьаволийла а ларъе», – аьлла. Массо а эпраймхоша Байт-Барига тӀекхаччалц Йордан-хил дехьаволийлаш схьалецира. 25Маданхойн Ӏораббий, Зиаббий цӀе йолу ши баьчча а схьалецира цара. Ӏораб Ӏорабан тарх йолчохь вийра, ткъа Зиаб Зиабан кемсийн мутт доккхучу меттехь вийра. Церан кортош, схьа а даьхна, ГадӀан волчу Йордан-хил дехьа схьадеара.
Copyright information for
CheCAC2012