aЗабур 82:12.
Judges 8
Маданхой эшабар
1Эпраймхоша ГадӀан чӀогӀа бехке веш вара. Цара цуьнга бохура: «ХӀунда дина ахьа иза? Стенна ца хаийтира ахьа тхоьга, хьо маданхошца тӀом бан воьдуш?» 2ГадӀана царна жоп делира: «Ас лелийнарг аша лелийначуьнца муха дустур ду? Абу-Ӏезаран тӀаьхьено хьалха диначул а, эпраймхоша тӀаьхьо кхочушдинарг деза ма ду! 3 aШун кара дӀабелла Дала маданхойн баьччанаш Ӏораб а, Зиаб а. Цундела шун кхиам боккхо бу. Аша динчуьнга хьаьжча, хӀун далур дара соьга?» ГадӀана бохург шайна хезча, эпраймхой, хьалха санна, оьгӀазлонаш еш бацара. 4Йордан-хи долчу а веана, ГадӀан а, цуьнца волу кхо бӀе стаг а хил дехьа велира. Шаьш чӀогӀа кӀадбеллехь а, уьш мостагӀашна тӀаьхьабевллачуьра ца севцира. 5Сакхатарчу бахархошка ГадӀана элира: «Соьца схьабаьхкинчу нахана яа хӀума ло. Маданхойн паччахьашна Зебахьний, ЦалманаӀаний тӀаьхьабевлла лелачу хенахь уьш чӀогӀа кӀадбелла». 6Амма Сакхат-гӀалин куьйгалхоша ГадӀане элира: «Зебаххьий, ЦалманаӀӀий хьан карахь ву ткъа? Стенна яла еза оха хьан эскарна яа хӀума?» 7ТӀаккха ГадӀана элира: «Делахь, Зебаххьий, ЦалманаӀӀий сайна Везачу Эло каравеллачул тӀаьхьа, со кхуза юхавогӀур ву. Аша хӀинца динарг бахьана долуш аса, со цигара юхавирзича, шун догӀмаш яьссачу аренан коканашца а, кӀохцалшца а этӀор ду». 8Цигара ваьлла Пенуал-гӀала веара ГадӀан. Цигахь а гӀалин бахархошка Сакхатехь аьлларг элира цо. Амма цара а Сакхатехь болчу бахархоша аьлларг элира цуьнга. 9ГадӀана цаьрга элира: «Со толамца юхавирзича, аса хӀара бӀов йохор ю». 10Зебаххьий, ЦалманаӀӀий шайн эскарца Кхаркхур-гӀалахь вара. Цаьрца пхийтта эзар стаг вара. Уьш малхбалехьарчу мехкашкара тӀемалойх бухабисинчарах бара. БӀе ткъа эзар стаг, тур лелош болу тӀемалой, цу эскарна юкъара хӀаллакьхиллера. 11Нобахьа-гӀалиний, ЙогӀбахӀаний малхбалехьа болчу новкъахула дӀавахара ГадӀан. Кхаркхур-метте схьа а веана, иза шен мостагӀашна дагахь а доццучу хенахь царна тӀелетира. 12Зебахь а, ЦалманаӀ а ведда дӀавахара. Царна тӀаьхьаваьллачу ГадӀана схьалецира маданхойн ши паччахь. Иштта дерриг а маданхойн эскар Ӏадийнера ГадӀана. 13Юашан кӀант ГадӀан тӀамера юхавирзира. Хьерас цӀе йолчу ломан дукъана тӀехула цӀа вогӀуш вара иза. 14Сакхат-гӀалара бахархошна юкъара цхьа жима стаг схьа а лаьцна, цуьнга хеттарш дан волавелира иза. Цо кхузткъе вуьрхӀитта шайн элийн а, къанойн а цӀераш дӀаязйира ГадӀанна. 15Сакхат-гӀала схьа а веана, ГадӀана цигарчу бахархошка элира: «Зебаххьий, ЦалманаӀӀий хӀорш бу. Ткъа аша, сан эскар кӀадделла, хӀоьттина ду, цунна яа хӀума лахьара аьлла, аса дехар дича, сох дийла а дуьйлуш, элира: „Зебаххьий, ЦалманаӀӀий хьан карахь ву ткъа? Стенна яла еза оха хьан эскарна яа хӀума?“» 16Сакхатара къаной схьа а гулбина, царна коканийн а, кӀохцалийн а коьллаш йиттира цо. И хӀума а дина, цо Сакхатарчу нахана, уьш Ӏамош, масала делира. 17ГадӀана Пенуал-гӀалара бӀов а йохийра, цигара нах а байира. 18Цо Зебахье а, ЦалманаӀе а хаьттира: «Табурехь аша байина болу нах муха бара?» Цу шиммо жоп делира: «Уьш хьох тера бара. ХӀора стаг а паччахьан кӀентах тера вара». 19ГадӀана цаьрга элира: «Уьш сан вежарий бара, сан ненан кӀентий. Дийна волчу Везачу Элах чӀагӀо йо ас: аша уьш дийна битина хиллехь, аса хӀинца шуьшиъ вуьйр вацара». 20Шен воккхах волчу кӀанте ИтӀаре дӀа а хьаьжна, цо элира: «Вей, дӀаваккха и шиъ». Амма ИтӀара шен тур баттара схьа ца даьккхира, хӀунда аьлча иза, ша жима хиларх терра, кхоьруш вара. 21ТӀаккха Зебахьа а, ЦалманаӀа а ГадӀане элира: «Схьа а волий, айхьа ве тхойшиъ. Хьоьгахь цу гӀуллакхна тоъал ницкъ буй те?» Хьала а гӀаьттина, ГадӀана, и шиъ вен а вийна, церан эмкалийн кочара мӀерий схьадехира.ГадӀана ийпад йо
22Исраилан халкъо ГадӀане элира: «Тхо маданхойн баланах кӀелхьардаьхна ахьа. Тхуна тӀехь олалла де ахьа а, хьан кӀанта а, хьан кӀентан кӀанта а». 23Амма ГадӀана исраилхошка элира: «Аса а дийр дац шуна тӀехь олалла, я сан кӀанта а дийр дац. Везачу Эло дойла шуна тӀехь олалла». 24ГадӀана цаьрга элира: «Сан цхьа дехар ду шуьга. ХӀораммо а ша схьаэцначух лергара цхьацца чӀуг ло суна». (Цо эшийначаьргахь дукха дашо чӀагарш яра, уьш исмаьӀалхой хиларе терра.) 25Цара элира: «Хаза а хеташ дӀалур ю». Бедар лаьтта охьа а тесна, цу тӀе шайн караеанчу хӀонсах цхьацца чӀуг кхоьссира цара. 26Цара и чӀагарш схьагулйича, уьш цхьа эзар ворхӀ бӀе шекхалан барамехь яра ▼▼Цхьа эзар ворхӀ бӀе шекхалан барам – иза 19.5 кийланан барам бу.
. Цунна совгӀатана кхин а дашо мӀерий а, коча уллургаш а, маданхойн паччахьаша юхуш йолу таьӀна цӀен бедарш а, эмкалийн коча ухкуш йолу дашо зӀенаш а елира. 27Цу деших ГадӀана, ийпад а йина, иза шен Ӏапру цӀе йолчу юьртахь охьайиллира. Массо а исраилхо цу ийпадна корта тоха оьхуш вара. И ийпад ГадӀанна а, цуьнан дерриг а цӀенна а гур хилла дӀахӀоьттинера. 28Маданхой исраилхошна муьтӀахь хилла дӀахӀиттинера, цара шайн кортош охьатаӀийначуьра хьала ца ойура. ГадӀан дийна мел ву, шовзткъа шарахь машар лаьттира цу махкахь. ГадӀанан кхалхар
29Юашан кӀант Яруб-БаӀал (ГадӀан), цӀа а вахана, цигахь Ӏаш вара. 30ГадӀанан кхузткъе итт кӀант вара. Уьш оццул дукха бара, цуьнан дуккха а зударий хилла дела. 31Цуьнан кхин а гӀарбаш-зуда а яра. Иза Шехемехь ехаш яра. Цо цунна кӀант вира, цуьнан цӀе Абу-Малик а тиллира. 32Юашан кӀант ГадӀан къеналле ваханчу хенахь велира. Иза дӀавоьллира шен ден Юашан къубба чохь, абу-Ӏезархойн Ӏапру-юьртахь. 33ГадӀан веллачул тӀаьхьа исраилхой, Везачу Элера дӀа а бирзина, юха а БаӀал-деланашна тӀаьхьахӀиттира. Шайн дела БаӀал-Барт а хаьржина, 34шаьш гонах болчу массо а мостагӀех кӀелхьарваьккхина волу шайн Веза Дела дага ца вогӀура царна. 35Исраилан халкъо ларам ца гайтира Яруб-БаӀалан (ГадӀанан) тӀаьхьенна, цара шайн дуьхьа дуккха а дика гӀуллакхаш динехь а.
Copyright information for
CheCAC2012