Judges 9
Абу-Малик
1Яруб-БаӀалан кӀанта Абу-Малика, Шехем-гӀала а вахана, шен ненан вежаршка а, массо а ненахошка а элира: 2«Шехем-гӀалин къаношка хатта: шуна хӀун лаьа: „Яруб-БаӀалан кхузткъе итт кӀанта олалла дойла лаьа шуна, я цхьаьнга олалла дайта лаьа? Абу-Малик шайн цӀийх схьаваьлла хилар диц а ма де“». 3Абу-Маликан ненан вежарша и хаттар Шехеман къаношка дира. Ткъа уьш Абу-Маликна тӀаьхьахӀитта резахилира. «Иза вайн ваша ву», – элира цара. 4Шехемарчу куьйгалхоша Абу-Маликна БаӀал-Барт-делан цӀа чуьра кхузткъе итт шекхал дети делира. И дети а делла, Абу-Малика, деш-дуьтуш а доцуш, шайн лаамехь волу масех стаг лецира. Уьш цунна тӀаьхьахӀиттира. 5Абу-Малика, Ӏапру-юьртахь долчу шен ден цӀа а вахана, Яруб-БаӀалан (ГадӀанан) кхузткъе итт кӀант вийра. Уьш массо а цхьана тархана уллохь вийра цо. Яруб-БаӀалан уггар жимах волу кӀант Йовтам дийна висира, иза дӀалечкъина хилар бахьана долуш. 6Цул тӀаьхьа Шехеман а, Байт-Миллонан а бахархоша цу гӀалина генахь доццуш лаьтташ долчу ножан дитт долчохь Абу-Малик шайн паччахь вина дӀахӀоттийра.Йовтаман хьекъале дийцар
7Шехемарчу куьйгалхоша Абу-Малик шайн паччахь вина дӀахӀоттинийла хиъча, Йовтама, Герзим-лам тӀе а ваьлла, мохь а бетташ, халкъе элира: «ЛадогӀа соьга, Шехеман бахархой. Цул тӀаьхьа шуьга Дала ладугӀийла. 8Цхьана дийнахь дитташа шайна юкъахь паччахь харжа сацам бина хилла, цуьнга шайна тӀехь олалла дайта. Цара зайт-дитте аьлла: „Олалла де тхуна тӀехь“. 9Амма зайт-дитто цаьрга жоп делла: „Аса деланийн а, адамийн а сий до, айса луш долу даьтта бахьана долуш. Даьтта ца луш саца дезий со, кхечарна тӀехь олалла дар бахьана долуш?“ 10ТӀаккха цара комаран дитте элира: „Дало, ахьа олалла де тхуна тӀехь“. 11Амма комаран дитто жоп делира: „Дика а, мерза а стом лучуьра саца деза со, кхечарна тӀехь олалла дархьама?“ 12ТӀаккха кемсийн таьлланге цара элира: „Олалла де тхуна тӀехь“. 13Амма кемсийн таьлланго а жоп делира: „Сох схьадаьллачу чагӀаро делийн а, адамийн а самукъадоккху. И стом ца луш саца дезий со, кхечу дитташна тӀехь олалла дархьама?“ 14ТӀаьххьара а массо а дитташа коканийн кулле элира: „Яло, ахьа паччахьалла де тхуна тӀехь“. 15Коканийн кулло цаьрга элира: „Шайна баккъал а со паччахь хилийта лаахь, даха а гӀой, сан ӀиндагӀехь дӀахьулло. Нагахь санна иза иштта ца хилахь, цу коьллех цӀе а яьлла, цу цӀаро Ливанун-махкара баганан дитташ а дагадойла“. 16Шайна хуур ду шуна, нийса а, доггах а хӀоттинийла шаьш Абу-Малик паччахьан метта. Иштта шайна хуур ду шуна, шаьш хила ма-деззара хиллий шу Яруб-БаӀалан доьзалца а, цо шайна динчу диканашца дуьстина диний аша шаьш динарг. 17Шу бахьана долуш ша-шен а ца кхоош, сан дас, тӀом а бина, шу маданхойн куьйга кӀелара схьадаьхна. 18Ткъа аша хӀинца, сан ден доьзална дуьхьал а девлла, цуьнан кхузткъе итт кӀант цхьана тарх тӀехь вийна, ткъа Абу-Малик шайн паччахь вина дӀахӀоттийна, иза шайн гергара стаг волу дела. Ткъа иза сан ден гӀарбаш-зуда хиллачун кӀант бен вац! 19Нагахь санна Яруб-БаӀалца а, цуьнан доьзалца а шу нийса а, доггах а леллехь, шайн паччахьца даккхий а деш Ӏе. Цо а даккхийдедойла шу. 20Нагахь санна аша динарг хьарам хӀума делахь, Абу-Маликах цӀе а яьлла, Шехемара а, Байт-Миллора а бахархой а богийла. Шехемах а, Байт-Миллох а цӀе а яьлла, Абу-Малик а вогийла!» 21Иза ша аьлла ваьллачул тӀаьхьа Йовтам, шен веших ведда дӀа а вахана, Беар-гӀалахь дӀалечкъира.Абу-Малика Шехемана дуьхьал тӀом бо
22Абу-Малика Исраилан халкъана тӀехь кхаа шарахь олалла дира. 23Цул тӀаьхьа Дала зуламе са дахийтира Абу-Маликаний, Шехем-гӀалин бахархошний юкъа хӀотта. Шехемхой Абу-Маликна дуьхьалбевлира. 24Иштта бекхам хилира цунна, Яруб-БаӀалан кхузткъе итт кӀант вер бахьана долуш. Церан цӀий бахьана долуш бекхам хилира церан ваша волчу Абу-Маликна а, Шехеман бахархошна а, уьш байар тӀетадина болчу. 25Цара гунашна боххье охьаховшийра шайна уллохула тӀех мел волуш волчунна талор деш болу нах. Иза Абу-Маликна тӀедаьхьира. 26Ӏабайдан кӀант ГаӀал шен вежаршца Шехеме веара. Цу гӀалин бахархоша, цунах теша а тешна, цунна тӀаьхьахӀитта сацам бира. 27Цхьана дийнахь Шехеман бахархой кемсаш схьагулъян арабевлира. Цара кемсех мутт а даьккхина, цунах чагӀар а дина, шайн делан цӀа чохь той дӀахӀоттийра. Дууш, молуш, Абу-Маликна неӀалт а кхайкхош, Ӏаш бара уьш. 28Ӏабайдан кӀанта ГаӀала элира: «Вай – Шехеман халкъ ду. Вай хӀунда хила деза Абу-Маликна муьтӀахь? Иза вайна мила ву? Яруб-БаӀалан кӀант вац иза? Ткъа Абу-Малика ца вина Забулах коьрта хьаькам? Вай Абу-Маликан куьйга кӀелахь хила гӀуллакх долуш дац! Шехеман да волчу Хьамуран тӀаьхьенна гӀуллакх деш лелар гӀоле ду вайна. Цунна гӀуллакх деш вай хӀунда лелаш ду? 29ХӀара халкъ сайн карахь делахьара, аса Абу-Малик кхузара дӀаэккхор вара. Аса цуьнга эр дара: „Хьайн эскар алсам а даккхий, тӀом бан аравала“». 30Цу гӀалин коьрта хьаькам волу Забул, шена Ӏабайдан кӀанта ГаӀала аьлларг хезча, чӀогӀа оьгӀазвахара. 31Цо къайлаха Абу-Малик волчу геланчаш бахийтира дӀаала: «Ӏабайдан кӀант ГаӀал а, цуьнан вежарий а, Шехеме а баьхкина, массо а стаг хьуна дуьхьалвоккхуш бу. 32Цундела хьо а, хьан халкъ а буьйсанна гӀалина улло а деана, аренгахь кӀело ян дӀалачкъа деза. 33Ткъа Ӏуьйранна малх схьакхетачу хенахь шу гӀалина тӀелата деза. ГаӀал шен тӀемалошца хьоьца лата гӀали чуьра араваьлча, хьайга далург де царна». 34Буьйсанна Абу-Малик а, цуьнца болу тӀемалой а гӀалина улло баьхкира. Деа декъе бекъа а белла, кӀело ян дӀалевчкъира уьш. 35Ӏабайдан кӀант ГаӀал, гӀалин кевнна улло а вахана, цигахь дӀахӀоьттича, Абу-Малик шеца хиллачаьрца цхьаьна ша дӀалечкъина волчуьра гучувелира. 36И нах гина волчу ГаӀала Забуле элира: «Хьажал, лаьмнаш тӀера охьабуьссуш нах бу». Забула цуьнга жоп делира: «Лаьмнийн ӀиндагӀех хьуна нах тарбелла». 37Амма ГаӀала юха а элира: «Хьажал лакхенгара охьабуьссуш болчаьрга. Суна бозбунчийн дитта уллохула схьабогӀуш болчеран кортош го». 38Забула цуьнга элира: «ХӀинца хӀунда ца йо ахьа кураллаш? Ахьа ца бохура Абу-Малик хӀумма а вац, вай цуьнан куьйга кӀелахь хила гӀуллакх долуш а дац? Уьш ахьа ца вешаш къамел динарш бу. ХӀинца, ваха а гӀой, цаьрца лата». 39ГаӀал, шеца Шехеман бахархой а болуш, Абу-Маликца лата аравелира. 40Абу-Малик гӀалин ков долчу юхауьдуш болчу ГаӀалаца цхьаьна хиллачарна тӀаьхьавелира. Цу кевнна тӀекхачале, царах дукхахберш байира цо. 41Цул тӀаьхьа Абу-Малик Арума-гӀала юхавирзира, ткъа Забула ГаӀал цуьнан вежаршца Шехемара араваьккхира. 42ШолгӀачу дийнахь Шехеман бахархой шайн кхашна тӀехь болх бан арабевлира. Абу-Маликна иза дӀахиира. 43Шен тӀемалой кхаа декъе бекъа а бекъна, уьш аренгахь, кӀело еш, дӀалачкъийтира Абу-Малика. ГӀалара арабевлла болу нах шайна гича, царна кӀело йинарш тӀелетира. 44Абу-Малик шен тобанашца, гӀалин ков долчу а вахана, цигахь дӀахӀоьттира. Ткъа важа йолу ши тоба арахь болчарна тӀелетира. Цара уьш байира. 45И де дӀадаллалц тӀом бира Абу-Малика Шехеман бахархошца. ГӀала схьа а яьккхина, цигахь мел долу адам дийра цара. ГӀала йоха а йина, цуьнан саьлнашна тӀе туьха тесира цара. 46Шайна гӀалахь хилларг дӀахиъча, Шехемарчу бӀаьвнна чохь Ӏийнарш БаӀал-Бартан делан цӀа чохь хиллачу кхераме доцучу цӀа чохь схьагулбелира. 47Шена Шехемерчу бӀаьвнна чохь Ӏийнарш цхьана Ӏаш буйла хиъча, 48Абу-Малика шен халкъаца, Цалмун-лам тӀе а ваьлла, дагарца кегийра гаьннаш а даьхна, уьш шен белшаш тӀе а дехкина, халкъе вистхилира: «Шуна го аса динарг. Сихха аса диннарг де аша а». 49Уьш хӀора а, Абу-Малика санна, гаьннаш а даьхна, цунна тӀаьхьахӀоьттира. Цара шаьш схьадеана долу гаьннаш БаӀал-Бартан цӀенна кхераме йоцучу чоьнна улло охьадехкира. Царах цӀе а латийна, цу чохь мел хилларг а вагийра цара. Иштта вагийна дӀаваьккхира Шехеман бӀаьвнна чохь хилла волу цхьа эзар хиллал стаг. Царна юкъахь зударий а, божарий а бара.Абу-Маликан валар
50Цул тӀаьхьа Абу-Малика шеца хиллачаьрца, Табац-гӀала а вахана, цунна го а бина, иза шен караерзийра. 51ГӀалина юккъехь лаьтташ цхьа чӀогӀа бӀов яра. Цу гӀалара массо а вахархо, и бӀов йолчу дӀа а вахана, цуьнан неӀарш дӀа а къевлина, цу бӀаьвнан тхов тӀе велира. 52Абу-Малик шеца хиллачаьрца бӀаьвнна тӀелетира. Иза, цуьнан неӀарш цӀарца яго дагахь, бӀаьвнна улло вахара. 53 aТӀаккха тхов тӀехь лаьтташ йолчу цхьана зудчо, боккха тӀулг чу а кхоьссина, цуьнан туьта кагйира. 54Абу-Малика, шеца хилла волу къона герз лелориг тӀе а кхайкхина, цуьнга элира: «Сихха хьайн тур схьа а даккхий, со вей дӀаваккха, нахе: „Абу-Малик зудчо вийна“– ца бахийта». Цуьнан ялхочо Абу-Маликах шен тур чекхдаьккхира. Иза велира. 55Исраилхошна Абу-Малик веллийла хиъча, уьш шайн-шайн цӀа бахара. 56Дала иштта бекхам бира, Абу-Малика, шен кхузткъе итт ваша а вийна, шен дена бина болу тешнабехк бахьана долуш. 57Дала иштта бекхам бира Шехеман бахархошна а, цара дина долу зуламе гӀуллакхаш бахьана долуш. Яруб-БаӀалан кӀанта Йовтама кхайкхийна долу неӀалт дахара царах.
Copyright information for
CheCAC2012