Lamentations 5
Нах Везачу Элехьа берзоран доӀа
1Веза Эла, тхуна хилларг дага а лаций,тхоьгахьа а верзий, хьажахьа тхан юьхьӀаьржачу хӀиттаре.
2Тхан хӀусамаш а кхечу махкарчу нехан караяхана.
Тхан долахь мел хилларг а хийрачу нехан каракхаьчна.
3Да а воцуш, байлахь дисна тхо.
Наной а бу тхан, бисина Ӏаш болу зударий санна.
4Тхешан долу хи а детих эца деза тхан.
Тхешан долу дечиг а ахчанах бен ца кхочу тхуна.
5Тхуна тӀаьхьабевлларш тхан коча баьхкина.
Ткъа тхо гӀел а делла, синтем а бац тхан.
6Бепигах дузархьама, мисархошца барт бира оха,
дийна дисийтархьама, ашурхошка бертан куьг дӀакховдийра оха.
7Тхан дайша къинош летадора. Уьш хӀинца бан а бац.
Ткъа уьш Делан лаамехь ца леларна, тхо таӀзар токхуш ду.
8Тхан мостагӀчун леша олалла до тхуна тӀехь,
цхьа а вац церан карара тхо кӀелхьардаха.
9Яьссачу арахь тхаьшна тӀе айина тур долу дела,
даларна а кхоьруш, сискал йоккху оха.
10Луьра хӀоьттинчу мацаллина, дагар а деана,
дӀахӀоьтти тхан чкъор, цӀе санна хилла.
11Тхан зударий а хьийзабо мостагӀаша Цийонехь.
Тхан мехкарий а хьийзабо цара ЯхӀуд-мехкан гӀаланашкахь.
12Тхан элий а мостагӀаша ирхъоьхкина,
тхан къаной а хӀинца ларам боцуш бу.
13Къоначаьрга а цара хьеран тӀулгаца ялта охьуьйту.
Ткъа дечиган мохь беза хиларна, кегий нах охьаоьгу.
14Къаной а ма бац хӀинца гӀалин кевнашкахь охьаховшуш.
Кегий нах а ма бац шайн зурманаш лоькхуш.
15Тхан дегнийн хазахетар а дӀадаьлла хӀинца.
Тхан халхарш а белхаре дирзина хӀинца.
16Тхан кортош тӀера таьжнаш а охьаэгна.
Оха къинош летадарна, тхо Ӏазапехь ду!
17Цундела тхан дегнаш а ду доьлхуш.
Цундела тхан бӀаьргаш а ду гӀелделла.
18Цийон-лам бассабаларна,
чангӀалкхаш ю цу тӀехула лелаш.
19Ткъа Хьо, Веза Эла, даим а олалла деш ву.
Хьан Ӏарш тӀаьхьенера тӀаьхьенгахь лаьтташ ду.
20Кхоччуш диц хӀунда дина те Ахь тхо?
Еххачу ханна тхо дӀа хӀунда теси те Ахьа?
21Дерзадехьа тхо Хьайгахьа, Веза Эла, оха чӀогӀа доьху Хьоьга!
Карла а дахий, дӀахӀиттадехьа тхан денош, Айхьа хьалха уьш дӀахӀиттош ма-хиллара.
22Гуттаренна а дӀатесна-м хир ма дац Ахь тхо?
Доза доцуш оьгӀазвахна-м ма вац Хьо тхуна?
Copyright information for
CheCAC2012