‏ Leviticus 1

Дийнаташ дагоран сагӀанаш

1Веза Эла Мусага кхайкхира, гуламан четар чуьра цуьнга къамел дира Цо: 2«ДӀаала исраилхошка: „Шух цхьанна Везачу Элана лерина сагӀа даккха лиъча, доккхачу а, жимачу а даьхних даккха и сагӀа. 3Нагахь санна Везачу Элана лерина дагоран сагӀа стага доккхачу даьхних даккхахь, иза боьрша хила деза, цхьа а сакхт а доцуш. Цо и бежана гуламан четарна чуволлучохь дӀахӀотто деза, Везачу Эле иза къобалдайтархьама. 4Схьадалийначу бежанан коьрта тӀе цу стага куьг диллича, и сагӀа цу стеган метта Дала тӀеоьцур ду, цунна тӀера къинош дӀадахархьама. 5Везачу Элана хьалха старгӀина урс хьакха деза цу стага, цул тӀаьхьа АхӀаронан кӀентий болчу динан дайша гуламан четарна чуволлучохь лаьттачу сагӀа доккхучу кхерчана массо а агӀор тӀетоха деза цу бежанан цӀийн цинцаш. 6Оцу стага, дийначу бежанна тӀера неӀ схьа а даьккхина, и бежана дакъошка декъа деза. 7АхӀаронан кӀентий болчу динан дайша, сагӀа доккхучу кхерча тӀехь цӀе а латийна, цу тӀе дечиг дилла деза. 8АхӀаронан кӀентий болчу динан дайша, цӀера тӀе дехкинчу дечигаш тӀе бежанан дакъош а, корта а, мохь а йилла еза. 9Оцу стага бежанан когаш а, чоко а дилича, динан дас дерриге а дакъош цӀера тӀехь даго деза. Иза цӀера тӀехь дагош долу сагӀа ду, цуьнан хьожа Везачу Элана тамехь ю.

10Нагахь санна Везачу Элана лерина дагоран сагӀина стага жимачу даьхних – уьстагӀех я гезарех – даккхахь, иза цхьа а сакхт доцу боьрша дийнат хила деза. 11Стага Везачу Элана хьалха, сагӀа доккхучу кхерчан къилбаседехьарчу агӀор охьа а диллина, дийнатна урс хьакха деза, цул тӀаьхьа АхӀаронан кӀенташа, динан дайша, цу дийнатан цӀий тоха деза кхерчан массо а агӀор. 12Стага дийнат дакъошка декъа деза, кортий, моххьий дӀа а къастийна. Юха динан дас и дакъош кхерча тӀерачу цӀерана тӀе техкинчу дечигна тӀе дахка деза. 13Стага дийнатан когаш а, чоко а йилича, дерриге а дакъош кхерча тӀехь даго деза динан дас. Иза цӀера тӀехь дагош долу сагӀа ду, цуьнан хьожа Везачу Элана тамехь ю.

14Нагахь санна Везачу Элана лерина дагоран сагӀина стага олхазар дахьахь, иза я къоркхокха я кхокха хила беза. 15Динан дас, кхокха сагӀа доккхучу кхерчана тӀе а беана, цуьнан корта схьабоккхур бу. Цуьнан цӀий кхерчан агӀонна тӀе охьа а дахийтина, иза багор бу цо кхерча тӀехь. 16Кхокханан харданг а, месаш а схьа а яьхна, кхерчан малхбалерчу агӀор, юкъ дӀахьокхучу метте, охьатосур ю динан дас. 17Стага и кхокха, цуьнан тӀемаш, кег а ца деш, дӀа а озийна, кагбича, иза кхерча тӀе техкинчу дечигна тӀерачу цӀергахь багор бу динан дас. Иза цӀера тӀехь дагош долу сагӀа ду, цуьнан хьожа Везачу Элана тамехь ю“».
Copyright information for CheCAC2012