Leviticus 10
Надабан а, АбихӀун а къа.
1АхӀаронан кӀенташа, Надаба а, АбихӀус а, хӀораммо а богуш болу кӀора дӀасабахьа шен ной схьа а эцна, цу чу цӀе а, хаза хьожа йогӀу хӀума а йиллира. Амма Цунна хьалха цара еана цӀе хийра яра, хӀунда аьлча Везачу Эло царна тӀе ца диллинера ишттаниг дан. 2ЦӀеххьана Везачу Элера цӀе елира, ткъа оцу цӀеро уьш дӀакхаьллира. Иштта и шиъ Везачу Элана хьалха велира. 3Мусас элира АхӀароне: «ХӀара дара Везачу Элана ала лууш хилларг, Цо иштта аьлча: „Суна уллохь болчараСо Веза хилар лара деза,
ткъа дерриг а халкъана хьалха
Сан сийлалла къобалдан деза“».
Амма АхӀарон вист а ца хуьлура.
4АхӀаронан девешин Ӏузиалан шина кӀанте, Мишаале а, Элцапане а, схьа а кхайкхина, Мусас элира: «Даха а гӀой, шайн шичой Делан цӀенна чуьра меттаматтал арахьа дӀахьо». 5ДӀа а вахана, динан дайн духарш тӀехь долу белларш меттаматтал арахьа дӀабаьхьира цу шиммо, Мусас шайна тӀе-ма-диллара. 6АхӀароне а, цуьнан шина кӀанте, ЭлиӀазаре а, Итамаре а, Мусас элира: «Сингаттаман билгалонна шайн коьртара месаш низам доцуш ма хилийта, духарш а ма этӀаде, шаьш ца далийта а, халкъана тӀе Делан оьгӀазалла ца яийта а. Амма шун вежарий долу дерриг а Исраилан халкъ Везачу Эло латийначу цӀеро багийначарна тийжа мегар ду. 7Гуламан четарна чуволучунна уллора дӀа ма довла, шаьш хӀаллак ца дайта, хӀунда аьлча шуна тӀехь Везачу Элера долу вазваран даьтта ду». Мусас ма-аллара, кхочушдира дерриг а.
Динан дайшна лерина бакъонаш
8Везачу Эло АхӀароне элира: 9«Гуламан четарна чудоьлхуш чагӀар а, вахош долу маларш а ма мала ахьа а, хьан кӀенташа а, шаьш хӀаллак ца дайта. Шун тӀаьхьенна гуттаренна а тӀедуьллуш ду иза, 10шуьга дезаниг деза доцучух а, Далла хьалха цӀенаниг Цунна хьалха боьхачух а къастадайта а, 11исраилхошна Везачу Эло Мусагахула довзийтина мел долу парзаш хьехийта а». 12 aМусас АхӀароне а, цуьнан бисинчу кӀенташка, ЭлиӀазаре а, Итамаре а, элира: «Везачу Элана цӀера тӀехь даьккхинчу кӀен сагӀанах дисинарг схьа а эций, цунах дина совсаза бепиг сагӀа доккхучу кхерчана уллохь дӀадаа, хӀунда аьлча и сагӀа чӀогӀа деза ду. 13Езачу меттехь даа и бепиг, хӀунда аьлча иза Везачу Элана цӀера тӀехь даьхначу сагӀанех хьан а, хьан кӀентийн а дакъа ду. Иштта тӀедиллина суна Везачу Эло. 14 bШатайпа сагӀа санна даьккхинчу некхан жижиг а, гӀогӀ а даа Далла хьалха цӀена йолчу меттехь ахьа а, хьан кӀенташа а, мехкарша а, хӀунда аьлча иза хьуна а, хьан берашна а делла исраилхойн бертан сагӀанех долу дакъа ду. 15Ерриг а мохь цӀера тӀехь йоккхуш йолчу хенахь цара гӀогӀ а, некхан жижиг а, шатайпа сагӀа санна, Везачу Элана даккха деза. И дакъош хьуна а, хьан берашна а гуттаренна а лерина ду, Везачу Эло тӀе-ма-диллара». 16Къинан сагӀина лерина бож леррина лоьхуш вара Муса. Юха цунна хиира иза хӀинцале ягийнийла! АхӀаронан висинчу шина кӀантана, ЭлиӀазарна а, Итамарна а, оьгӀазвахара Муса: 17 c«Къинан сагӀа езачу меттехь хӀунда ца диира аш? Иза чӀогӀа деза сагӀа ду! Халкъан бехк а, церан къинош а Везачу Элана хьалха дӀадахархьама, шуна делла ма дара иза. 18Цуьнан цӀий гуламан четарна чу ца даьхьна дела, аш иза езачу меттехь даа дезаш дара, суна тӀедиллина ма-хиллара». 19АхӀарона элира Мусага: «Цара тахана къинан сагӀа а, дийнаташ дагоран сагӀа а даьккхина Везачу Элана хьалха. Суна хилларг хьуна хаьа. Ас тахана къинан сагӀа диъча, Веза Эла суна резахир вуй те?» 20Иштта жоп хезча, Муса цунна резахилира.
Copyright information for
CheCAC2012