Leviticus 11
Хьаналчу а, хьарамчу а дийнатех лаьцна
(Карлабаьккхинарг 14:3-21)
1Везачу Эло Мусага а, АхӀароне а элира: 2«ДӀаала исраилхошка: „Декъачу лаьтта тӀехь дехаш долчу массо а дийнатех шуна даа мегаш дерш хӀорш ду: 3кӀоргга харш а долуш, шина декъе екъаелла берг йолу а, нох доккхуш долу а муьлхха а дийнат даа мегар ду. 4Амма нох доккхуш долчу я шина декъе екъаелла берг йолчу дийнатех хӀорш ма даалаш: эмкало нох даккхахь а, цуьнан бергаш екъаелла яц. Иза шуна хьарам ю. 5ГӀамарпхьагал а нох доккхуш ю, амма цуьнан когаш бекъабелла бац. Иза шуна хьарам ю. 6Пхьагал а ю нох доккхуш, амма цуьнан когаш бекъабелла бац. Иза шуна хьарам ю. 7Хьакха кӀорггера хоршаца шина декъе екъаелла бергаш а йолуш ю, амма цо нох ца доккху. Иза шуна хьарам ю. 8Цу дийнатийн жижиг а ма даа, церан чархех куьг а ма Ӏотта. Уьш шуна хьарам ю. 9Хи чохь а, хӀорда чохь а долчу дийнатех кӀеда а, онда а пелагаш дерш даа мегар ду. 10Ткъа пелагаш доцурш, хи чохь а, хӀорда чохь а Ӏаш а, нека деш а дерш, шуна дегаза хета деза. 11Уьш шуна хьарам ду: церан жижиг а ма даа, церан чархаш а дегаза а хета. 12Хи чуьра пелагаш доцу массо а дийнаташ шуна дегаза ду. 13Олхазарех хӀорш шуна хьарам а ю, яа мегаш а яц: аьрзу а, ломъаьрзу а, боца ког болу аьрзу а, 14маккхал а, шен тайпанашца леча а, 15шен тайпанашца муьлхха къиг а, 16страус а, бухӀа а, чайка а, шен тайпанашца куьйра а, 17соька а, чӀерийдохург а, ибис а, 18бухӀа а, пеликан а, сип а, 19аист а, шен тайпанашца зуя ▼▼Зуя – иза чӀерий лоьцургийн тайпанах долу олхазар хила тарло.
а, хӀуттут а, бирдолаг а. 20ТӀемаш а долуш, лаьттахула текхаш йолу сагалматаш дегаза ю шуна. 21ТӀемаш а долуш, лаьттахула текхачу сагалматех цхьаерш яа мегаш ю: лаьтта тӀехула кхиссаялархьама, шайн когашна тӀехула настарш ерш ю уьш. 22Царах аша даа мегар ду: шен тайпанца цӀоз а, ткъа иштта шайн тайпанашца солӀам а, хьаргол а цӀераш йолу цӀоз а, шен тайпанашца цаьпцалг а. 23Кхин муьлхха а тӀемаш долу а, лаьттахула текхаш йолу а сагалмат шуна дегаза ю. 24ХӀинца дуьйцур долчу дийнаташа шу Далла хьалха боьха хуьлуьйтур ду. Церан чархех дӀахьакхавелларг сарралц Далла хьалха боьха хир ву. 25Церан чарх схьаэцнарг шен бедарш йитта декхарийлахь ву, иза сарралц Далла хьалха боьха хир ву. 26Берг екъаелла а йолуш, амма цунна юккъехь кӀорга харш а доцу, нох доккхуш а доцу дийнат шуна хьарам ду. Муьлхха а цунах дӀахьакхавелларг сарралц Далла хьалха боьха хир ву. 27Беа кога тӀехь лелачу акхаройх тӀодаш тӀехь леларш шуна хьарам ю. Муьлхха а церан чархах дӀахьакхавелларг сарралц Далла хьалха боьха хир ву. 28Церан чарх схьаэцначу муьлххачо а шен бедарш йитта еза, ткъа иза сарралц Далла хьалха боьха хир ву. И санна акхарой шуна хьарам ю. 29Лаьттахула лелачу дийнатех шуна хьарам ю: шайн тайпанашца боьлкъазар а, дахка а, моьлкъа а, 30ткъа иштта анака а, хамелеон а, летаа а, хомет а, тиншемет а цӀераш йолу моьлкъарчий а. 31Лаьттахула лелачу дерриг а дийнатех уьш шуна хьарам ю. Уьш елла йолуш, царах дӀахьакхавелларг сарралц Далла хьалха боьха хир ву. 32Нагахь санна царах цхьаъ, яла а елла, цхьана хӀуманна тӀе йожахь, и хӀума – дечиган пхьегӀа а, я бедар а, я тӀаьрсиг а, я гали а иза делахь – Далла хьалха боьха хир ю. Иза хи чу йилла еза. Сарралц иза Далла хьалха боьха хир ю, ткъа цул тӀаьхьа иза цӀена хир ю. 33Цу дийнатех елла хӀума кхийрачу пхьегӀи чу йожахь, цу чохь ерг Далла хьалха боьха хир ю. И пхьегӀа йохо еза. 34И санначу пхьегӀи чуьра хица йина яа хӀума шуна хьарам хир ю, ишттачу пхьегӀи чуьра молу хӀума а хьарам хир ю. 35Церан чархах схьаяьлла тӀейоьжна хӀума а Далла хьалха боьха хир ю: кхийра пеш я кхийра кхерч бохо беза. Уьш Далла хьалха боьха хир бу, ткъа уьш шуна хьалха а боьха хир бу. 36Нагахь иза чохь хи долу хьоста я гӀу елахь, и Далла хьалха цӀена юьсу, ткъа деллачу оцу дийнатех дӀахьакхавелларг Далла хьалха боьха хир ву. 37Деллачу дийнатах схьаяьлла хӀума тӀейоьжна долу дӀадоь хӀу Далла хьалха цӀена дуьсу. 38Ткъа шена тӀехь хи долчу хӀуьнна тӀе деллачу цу дийнатан цхьа хӀума йожахь, и хӀу Далла хьалха боьха хир ду. 39Аш дуучу дийнатех цхьаъ лахь, цунах дӀахьакхавелларг сарралц Далла хьалха боьха хир ву. 40Деллачу оцу дийнатан жижиг диънарг шен бедарш йитта дезаш ву, иза сарралц Далла хьалха боьха хир ву. Цу дийнатан чарх дӀаяьхьнарг шен бедарш йитта дезаш ву, иза сарралц Далла хьалха боьха хир ву. 41Муьлхха а лаьттахула текха дийнат шуна дегаза ду, иза даа мегар дац аша. 42Иза гай тӀехь текхаш а, я беа кога тӀехь лелаш а, я дуккха а когаш болуш а елахь – и дийнат ма яалаш, иза шуна дегаза ю. 43Лаьттахула оцу текхаш йолчу дийнаташка шаьш Далла хьалха дегаза ма дайта, уьш бахьана долуш шаьш Далла хьалха боьха ма хилийта. 44 bХӀунда аьлча Со шун Веза Дела ву. Суна хьалха шаьш дӀакъастаделаш, иштта цӀена хилалаш, хӀунда аьлча Со а цӀена ву. Лаьттахула текхачу боьхачу хӀуманашка шаьш бех ма дайта. 45Шун Дела хилархьама, шу Мисар-махкара арадаьхна Веза Эла ву Со. ЦӀена хилалаш, хӀунда аьлча Со а ву цӀена. 46Иштта ду бежанех а, олхазарех а, хи чохь лелачу а, лаьттахула текхачу а дийнатех долу тӀедиллинарг, 47Далла хьалха боьхачух цӀенаниг а, даа мегачу дийнатех даа ца мегарш дӀакъасто хаийтархьама билгалдаьккхина долу“».
Copyright information for
CheCAC2012