Leviticus 12
Бер динчу зудчух лаьцна тӀедиллинарг
1Везачу Эло Мусага элира: 2«ДӀаала исраилхошка: „Нагахь зудчо кӀант вахь, ворхӀ дийнахь, шен зударийн цамгар хуьлучу деношкахь санна, Далла хьалха цӀена хир яц иза. 3 aБорхӀалгӀачу дийнахь кӀант хадо везаш ву. 4Кхин ткъе кхойтта де даьлча, кӀант виначу цӀийх Далла хьалха цӀена хир ю иза. Цу деношкахь цхьана а езачу хӀуманах дӀахьакхаяла а, Делан четарна улло ян а цунна могуьйтур дац, шен цӀанъяларан денош чекхдовллалц. 5Нагахь зудчо йоӀ яхь, шина кӀирнах Далла хьалха цӀена хир яц иза, зударийн цамгар хуьлучу деношкахь санна. Кхузткъе ялх дийнахь Ӏан деза цуьнан, йоӀ йинчу цӀийх Далла хьалха ша цӀанъяллалц. 6ЦӀанъяларан денош чекхдевлча, шен кӀантах я йоӀах дийнаташ дагоран сагӀина шо кхаьчна Ӏахар а, къинан сагӀина кхокха я къоркхокха а гуламан четарна чуволлучохь волчу динан дена бан беза цо. 7Везачу Элана хьалха сагӀа а даьккхина, и зуда цӀанъяран Ӏадат кхочушдийр ду динан дас. ТӀаккха иза дӀаихначу шен цӀийх Далла хьалха цӀена хир ю. Иштта ду кӀант я йоӀ йинчу зудчух долу тӀедиллинарг. 8 bНагахь зудчун сагӀина Ӏахар бало таро яцахь, ши къоркхокха я ши кхокха бан мегар ду цо. Цхьаъ дийнаташ дагоран сагӀина, важа къинан сагӀина хир бу. Динан дас зуда цӀанъяран Ӏадат кхочушдийр ду, тӀаккха иза Далла хьалха цӀена хир ю“».
Copyright information for
CheCAC2012