‏ Leviticus 12:6-8

6ЦӀанъяларан денош чекхдевлча, шен кӀантах я йоӀах дийнаташ дагоран сагӀина шо кхаьчна Ӏахар а, къинан сагӀина кхокха я къоркхокха а гуламан четарна чуволлучохь волчу динан дена бан беза цо. 7Везачу Элана хьалха сагӀа а даьккхина, и зуда цӀанъяран Ӏадат кхочушдийр ду динан дас. ТӀаккха иза дӀаихначу шен цӀийх Далла хьалха цӀена хир ю. Иштта ду кӀант я йоӀ йинчу зудчух долу тӀедиллинарг.

8 aНагахь зудчун сагӀина Ӏахар бало таро яцахь, ши къоркхокха я ши кхокха бан мегар ду цо. Цхьаъ дийнаташ дагоран сагӀина, важа къинан сагӀина хир бу. Динан дас зуда цӀанъяран Ӏадат кхочушдийр ду, тӀаккха иза Далла хьалха цӀена хир ю“».
Copyright information for CheCAC2012