‏ Leviticus 15

ДегӀах доьзначу цӀена цахиларх лаьцна

1Везачу Эло Мусага а, АхӀароне а элира: 2«ДӀаала исраилхошка: „Нагахь стеган бехкечу меттера схьакъаьсташ тӀуналла хилахь, и тӀуналла цӀена яц. 3Ткъа стаг цӀена вац, цунах схьакъаьсташ йолу тӀуналла бахьана долуш – тӀуналла схьайолуш елахь а, стеган дегӀаца иза юьсуш елахь а. 4И стаг тӀевуьжуш болу муьлхха а мотт а, иза тӀехиъна йолу муьлхха хӀума а боьха хир ю. 5Иза дӀавуьжучу маттах дӀахьакхавелларг, шен бедарш а йиттина, хица лийча веза. Сарралц цӀена хир вац иза. 6Нагахь дегӀах тӀуналла схьайолуш волу стаг тӀехиъначу хӀуманна тӀе цхьаъ хаахь, шен бедарш а йиттина, лийча веза иза. Сарралц цӀена хир вац иштта стаг. 7ТӀуналла схьайолучун дегӀах хьакхавелларг, шен бедарш а йиттина, лийча веза. Сарралц цӀена хир вац иза. 8ДегӀах тӀуналла схьайолучо цхьанна тӀе шат тохахь, бехвинарг, шен бедарш а йиттина, лийча веза. Сарралц цӀена хир вац иза. 9ДегӀах тӀуналла схьайолуш верг тӀехь лелаш йолу муьлхха а нуьйр цӀена яц. 10Цу стагана бухахь хиллачу хӀуманах дӀахьакхавелларг сарралц цӀена хир вац. И хӀума карахь дӀаяьхьнарг а, шен бедарш а йиттина, лийча веза. Сарралц цӀена хир вац иза. 11ДегӀах тӀуналла схьайолург, куьйгаш дилина а доцуш, цхьаннах дӀахьакхалахь, иза шех хьакхавелларг, шен бедарш а йиттина, лийча веза. Сарралц цӀена хир вац иза. 12Шех тӀуналла схьайолург дӀахьакхавелла кхийра пхьегӀа йохо еза, ткъа дечигах йина пхьегӀа хица йила еза.

13ДегӀах схьакъаьсташ йолу тӀуналла сецча, ворхӀ дийнахь Ӏан веза и стаг, Далла хьалха цӀена хилархьама. Цул тӀаьхьа, шен бедарш а йиттина, шовданан хица шен дегӀ дила деза цо, тӀаккха иза цӀена хир ву. 14БорхӀалгӀачу дийнахь ши къоркхокха я ши къона кхокха схьа а эцна, Везачу Элана хьалха гуламан четаран неӀаре а веана, ши олхазар динан дега дӀадала деза цо. 15Цхьана олхазарх къинан сагӀа а, вукхунах дийнаташ дагоран сагӀа а даьккхина, динан дас Везачу Элана хьалха стаг цӀанваран Ӏадат кхочушдийр ду.

16Нагахь стагах боьршачу нехан хуьлу тӀуналла схьакъастахь, цо хица дерриг а шен дегӀ дила деза. Сарралц цӀена хир вац иза. 17И тӀуналла тӀекхетта муьлхха бедар а, чкъор а хица дила деза, сарралц цӀена хир дац уьш. 18Нагахь стаг зудчуьнца дӀавижча, цунах тӀуналла схьакъастахь, стаг а, зуда а хица лийча деза. Сарралц цӀена хир дац и шиъ.

19Нагахь, шайна хуьлучу цамгарца доьзна, зуда дегӀах цӀий дӀакъаьсташ елахь, ворхӀ дийнахь иза цӀена хир яц. Муьлхха а цунах дӀахьакхавелларг сарралц цӀена хир вац. 20Ша цӀена цахиларан деношкахь и зуда тӀейижна а, тӀехиъна а йолу хӀума цӀена яц. 21Иза дӀаюьжучу маттах хьакхавелларг, шен бедарш а йиттина, лийча веза. Сарралц цӀена хир вац иза. 22И зуда тӀехиъна Ӏийначу хӀуманах хьакхавелларг, шен бедарш а йиттина, лийча веза. Сарралц цӀена хир вац иза. 23Иза дӀайижначу маттера я хиъна Ӏийначуьра цхьана хӀуманах хьакхавелларг сарралц цӀена хир вац. 24Нагахь цӀий догӀучу хенахь цу зудчуьнца майра дӀавижахь, иза ворхӀ дийнахь цӀена хир вац. И тӀевижна муьлхха а мотт цӀена хир бац.

25Нагахь зудчун цӀий дӀаэхар, баттахь хуьлу цӀена цахиларан хенахь а доцуш, кхечу деношкахь хилахь, я гуттар а хуьлучу хенал сов дахлахь, дерриг а цу деношкахь иза цӀена хир яц, баттахь хуьлучу цӀена цахиларан хенахь санна. 26Зудчунна цӀий догӀучу хенахь иза тӀейижна муьлхха а мотт, иза тӀехиъна муьлхха а хӀума цӀена хир яц, баттахь цӀена ца хиларан хенахь тӀейижна мотт санна. 27Цу хӀуманех дӀахьакхавелларг цӀена хир вац, шен бедарш а йиттина, лийча веза иза. Сарралц цӀена хир вац иза. 28ЦӀий дӀаэхар сецча, зудчо ворхӀ дийнахь собар дан деза. Цул тӀаьхьа иза цӀена хир ю. 29БорхӀалгӀачу дийнахь ши къоркхокха я ши къона кхокха, гуламан четаран неӀаре схьа а беана, динан дега дӀабала беза цо. 30Олхазарех цхьаннах къинан сагӀа, вукхунах дийнаташ дагоран сагӀа доккхур ду динан дас. Иштта Везачу Элана хьалха и зуда цӀанъяран Ӏадат кхочушдийр ду цо.

31Иштта шаьш боьха хуьлуьйтучу хӀуманех исраилхой къостуьйтур бу ахь, царна юкъахь долу Сан цӀа сийсаз а деш, шайн боьхачу хӀуманашца уьш ца балийта.

32Иштта ду дегӀах тӀуналла схьакъаьстачех долу тӀедиллинарг: стаг цӀена ца хуьлуьйтуш йолчу боьршачу нехан тӀуналлех а, 33цӀий дӀаоьхучу зударех а, тӀуналла дегӀах схьакъаьстачу стагах а, зудчух а, цӀена йоцучу зудчуьнца дӀавижначу майрачух а долу тӀедиллинарг“».
Copyright information for CheCAC2012