Leviticus 17
ЦӀийн деза хилар
1Везачу Эло Мусага элира: 2«ДӀаала АхӀароне а, цуьнан кӀенташка а, берриг исраилхошка а: „Везачу Эло вайна тӀедуьллург хӀара ду: 3нагахь исраилхойх цхьаммо меттамотт болчохь я цул арахь я старгӀина, я Ӏахарна, я газанна, урс а хьаькхна, 4уьш Везачу Элан четарна хьалха, Везачу Элана лерина сагӀа даккхархьама, схьа ца дахьахь, цу стагана тӀехь цӀий хир ду. Цо цӀий Ӏанийна, цундела иза шен халкъана юкъара эккхор ву. 5Исраилхошка шаьш эрна арахь урс хьокхуш долу дийнаташ Везачу Элана хьалха, гуламан четаран неӀаре, динан да волчу схьадаладайта деш ду иза. Везачу Элана лерина бартбаран сагӀина дайа деза цара и дийнаташ. 6Динан дас гуламан четарна хьалха болчу Везачу Элан кхерчана тӀе цӀий а тухур ду, мохь а ягор ю, Везачу Элана томана йолу хьожа хилийтархьама. 7Газа-цӀушна шайн сагӀанаш а дохуш, исраилхой Везачу Элана кхидӀа цатешаме лела мегар дац. Гуттаренна а царна тӀедуьллуш ду иза“. 8Кхин а ала цаьрга: „Нагахь исраилхойх я царна юкъахь тӀебаьхкина Ӏаш болчарах цхьаммо дийнаташ дагоран я кхин сагӀа доккхуш хилахь, 9Везачу Элана лерина гуламан четаран неӀаре цо дийнат схьа ца даладахь, и стаг шен халкъана юкъара эккхор ву. 10 aНагахь исраилхойх я царна юкъахь тӀебаьхкина Ӏаш болчарах цхьаммо муьлхха а цӀийца долу жижиг даахь, Аса Сайн оьгӀазло яссор ю цӀий дуучун синна дуьхьал, шен халкъана юкъара и са дӀа а эккхор ду. 11 bДегӀан са цӀийна чохь долу дела, Аса цӀий сагӀа доккхучу кхерчана лерина хилийта аьлла шуьга, цӀий Ӏанорца шун синош къинойх цӀандайтархьама. Шена чохь са долчу цӀийно къинош дӀа ма доху. 12Цундела аьлла Ас исраилхошка, царах цхьаммо а, царна юкъахь тӀевеана Ӏаш волчо а цӀий даа мегар дац. 13Нагахь исраилхойх я царна юкъахь тӀебаьхкина Ӏаш болчех цхьаммо яа мегаш йолу акхаро я олхазар лацахь, цуьнан цӀий дӀа а дахийтина, юха цу цӀийна тӀе латта таса деза, 14хӀунда аьлча муьлххачу дегӀан са цуьнан цӀийна чохь ду. Цундела аьлла Ас исраилхошка, шеца цӀий долу цхьа а дилха ма даа. ЦӀий дууш верг муьлхха а шен халкъана юкъара эккхор ву. 15Къеелла а, экхано цистина а хӀума йиънарг, исраилхо я тӀевеана стаг и велахь, шен бедарш а йиттина, хица лийча веза. Сарралц цӀена хир вац иза, цул тӀаьхьа цӀена хир ву. 16Нагахь цо шен бедарш а ца йиттахь, шен дегӀ а ца цӀандахь, иза бехке а ву, цо жоп дала а деза“».
Copyright information for
CheCAC2012