Leviticus 18
Шен дахарехь цӀена лелар
1Везачу Эло Мусага элира: 2«ДӀаала исраилхошка: „Со шун Веза Дела ву. 3Шаьш хьалха Ӏийначу Мисар-махкахь хилларг а, хӀинца Ас шаьш дуьгучу КанаӀан-махкахь лелош дерг а ма леладелаш, церан ламасташ а тӀе ма эцалаш. 4Ас тӀедиллинарг кхочушде, Сан парзаш ларде. Со шун Веза Дела ву. 5 aСан парзаш а, Ас тӀедиллинарг а ларде. Уьш кхочушдийриг цаьрца вехар ву. Со Веза Эла ву. 6Цхьа а стаг шен гергарчу зудчуьнца дӀавижа мегар дац. Со Веза Эла ву. 7Хьайн да сийсаз ма ваккха, хьайн ненаца дӀа а вуьжуш. И зуда хьан нана ю, цуьнца дӀавижа мегар дац. 8 bХьайн ден кхийолчу зудчуьнца а дӀа ма вижа. Иза хьайн деца дӀавижар санна ду. 9 cХьайн ден я ненан йоӀаца, хьайн йишица, дӀа ма вижа – иза хьайн цӀахь я кхечу меттехь йина елахь а. 10Хьайн кӀентан я йоӀан йоӀаца дӀа ма вижа. И дарца ахь-хьо сийсаз ма воккху. 11Хьан дестечо хьан дена йинчу йоӀаца дӀа ма вижа. Хьан йиша ма ю иза. 12 dХьайн ден йишица дӀа ма вижа. Хьан деца цхьана цӀийх схьаяьлла ма ю иза. 13Хьайн ненан йишица дӀа ма вижа. Хьан ненаца цхьана цӀийх схьаяьлла ма ю иза. 14Хьайн ден ваша сийсаз ма ваккха, цуьнан зудчуьнца дӀа а вуьжуш. Иза хьан деца ма ю. 15 eХьайн несаца дӀа ма вижа. Иза хьан кӀентан зуда ма ю. 16 fХьайн вешин зудчуьнца дӀа ма вижа. Иза хьайн вешица дӀавижар санна ду. 17 gНенаца а, йоӀаца а дӀа ма вижа, ткъа иштта зудчуьнца а, цуьнан кӀентан я йоьӀан йоӀаца а ма вижа. Уьш цхьана цӀийх схьабевлла бу. Цаьрца дӀавижар дегаза ду. 18Бухахь йолчу зудчунна тӀе цуьнан йиша ма ялае, царах эмгарш хилийта. Хьайн зуда дийна а йолуш, цуьнан йишица дӀа ма вижа. 19 hХьайн зуда цӀена йоцучу деношкахь цуьнца дӀа ма вижа. 20 iХьайн уллорачун зудчуьнца дӀа ма вижа, хьо Далла хьалха боьха хир ву. 21 jМулка-далла сагӀа даккха хьайн бераш дӀа ма ло, хьайн Делан цӀе иштта сийсаз ма е. Со Веза Эла ву. 22 kЗудчуьнца санна, стагаца дӀа ма вижа. Иза дегаза хӀума ду. 23 lЦхьана а дийнатца дӀа ма вижа, цу гӀуллакхо хьо Далла хьалха боьха хуьлуьйтур ву. Зуда а дийнатца дӀа ма йижа. Иза чӀогӀа маьттаза хӀума ду! 24Оцу гӀуллакхашца шаьш Далла хьалха боьха ма хилийталаш. Шу долчуьра Ас дӀалохкучу халкъаша цу хӀуманашца шаьш бехдина. 25Ур-атталла уьш тӀехь Ӏаш долу лаьтта а боьха хилира. Цуьнан къинош бахьана долуш Ас таӀзар до оцу лаьттана, цо шена тӀера и нах дӀаӀеттор бу. 26Ткъа аша Сан парзаш а, Ас тӀедиллинарг а ларде, исраилхочо а, шуна юкъахь тӀевеана Ӏаш волчо а и дегаза хӀуманаш ма леладе. 27(Шул хьалха оцу лаьтта тӀехь баьхначу наха лелийна и дегаза гӀуллакхаш, цара бехдина и латта.) 28Цара санна, аш и латта бехдахь, цо шена тӀера дӀаӀеттор ду шу, шул хьалха цигахь Ӏийна халкъаш санна. 29Нагахь цхьаммо и дегаза гӀуллакхаш леладахь, иза шен халкъана юкъара эккхор ву. 30Аса тӀедуьллург ларде: шайл хьалха хиллачара лелийначу дегазчу гӀиллакхех цхьа а кхочуш ма де, цаьрца шаьш бех ма де. Со шун Веза Дела ву“».
Copyright information for
CheCAC2012