‏ Leviticus 19

ЦӀена хиларх а, нийсонах а тӀедиллинарг

1Везачу Эло Мусага элира: 2 a«ДӀаала массо а исраилхошка: „ЦӀена хила, хӀунда аьлча Со, шун Веза Дела, цӀена ву. 3 bХӀора а шайн нене а, дега а болчу ларамах вуьзна хила, Суна лерина шоьтан денош а ларде. Со шун Веза Дела ву.

4 cЦӀушна тӀе ма дерза, лалийна деланаш а ма бе шайна. Со ву шун Веза Дела.

5Веза Эла волчу Суна бертан сагӀа шаьш даьккхича, шуна тӀера Со цунна резахуьлуьйтучу тайпана даккха иза. 6Шаьш сагӀа даьккхинчу дийнахь а, шолгӀачу дийнахь а даа иза, кхозлагӀчу дийне даьлларг цӀергахь дагаде. 7КхозлагӀчу дийнахь и сагӀа даа мегар дац, иза Суна хьалха цӀена а дац, Со цунна реза а хир вац. 8Иза диинчо жоп дала деза, хӀунда аьлча цо Везачу Элана дӀакъастийнарг сийсаздина. И стаг шен халкъана юкъара эккхор ву.

9 dШайн лаьтта тӀехь ялта хьокхучу хенахь кхан йистошка кхаччалц ма хьакха иза, ткъа охьаэгна кенаш схьа ма лехьаде. 10Шайн кемсийн бешара тӀаьхьарчунна тӀекхаччалц кемсаш схьа ма лехьае, охьаэгна кемсаш схьа ма эца. Уьш къечарна а, тӀебаьхкинчарна а йита. Со шун Веза Дела ву.

11 eКъола ма де, аьшпаш а ма битта, вовшийн ле а ма де. 12 fХьайн Делан цӀеран сий а дойуш, харцонна тӀехь Сан цӀарах дуй ма баа. Со Веза Эла ву.

13 gНицкъаца хьайн уллорачуьнгара хӀума схьа а ма яккха, иштта цунна къола а ма де. ТӀелаьцна болх биначунна йогӀу ял сахиллалц цунна ца луш ма Ӏе. 14 hКъорачунна сардам ма болла, бӀаьрзечунна хьалха иза охьакхетийта хӀума ма йилла. Хьайн Делах кхера. Со Веза Эла ву.

15 iКхел нийса е, къечуьнга озабезам а ма бе, хьалдолчух а ма кхера. Нийсонца кхел е хьайн уллорачунна. 16Халкъана юкъахь мотт бетташ ма лела, хьайн уллорачун дахарна кхерам ма таса. Со Веза Эла ву.

17 jДага чохь хьайн веше хьагӀ йолуш ма хила, амма шегара даьллачух хьайн уллораниг кхетаве, хьо-хьуо бехке ца хилийтархьама. 18 kБекхам а ма бе, оьгӀазалла а ма латтае хьайн халкъах болчу нахе. Хьайн уллораниг хьо санна веза. Со Веза Эла ву.

19 lСан парзаш ларде. Хьайн тайп-тайпана бежанаш цхьаьна ма кхетийта. Шина тайпана хӀу ма де хьайн кха тӀе. Шина тайпана кӀадих йина бедар а ма лелае.

20Нагахь цхьаъ кхечу стагана къобалйинчу гӀарбашца дӀавижахь, и зуда паргӀатъяккхархьама оцу стага цунах мах ца беллехь а, цаьршинна таӀзар дан догӀу. Делахь а ден мегар дац и шиъ, хӀунда аьлча зуда паргӀатъяьккхина яц. 21Бехке волчу стага Везачу Элана лерина гуламан четаран неӀаре гӀуда такхаран сагӀа даккха ка бало беза. 22Динан дас Везачу Элана хьалха стага латийна къа дӀадоккхур ду, цуьнгара гӀуда такхаран сагӀина балийна ка а бийна. ТӀаккха латийначу къинна цу стагана гечдийр ду.

23Везачу Эло лур ду аьллачу лаьтта тӀе шаьш даьхкича, стом луш долу муьлхха а дитт догӀа. Цу диттан стоьмаш кхаа шарахь цӀена а ма лара, уьш баа а ма баа, 24ткъа доьалгӀачу шарахь берриг а стоьмаш Везачу Элана леринчу сагӀанашна дӀабала беза. 25ПхоьалгӀачу шарахь цу диттан стоьмаш аш баа мегар ду. Аша иштта дича, диттах долу ялта совдер ду. Со шун Веза Дела ву.

26 mШеца цӀий долу жижиг ма даа. Пал а ма тийса, бозбунчалла а ма леладе. 27 nГиччош долчуьра шайн месаш дӀа а ма хедае, шайн мажойн йистош а ма ларга. 28Белларш дагахь латто, шайн дилха а хедош, билгалонаш а ма е, шайн догӀмаш тӀехь йозанаш а ма де. Со ву Веза Эла.

29 oНахаца а лелийтий, шайн йоӀан сий ма дайа. Аша иштта дича, шун махкахула нахаца лелар дӀасадаьржар а ду, мохк зуламех бузур а бу. 30 pСуна лерина шоьтан денош лар а де, Суна Ӏибадат до меттиг а лара. Со Веза Эла ву.

31 qБеллачийн синош тӀедоьхучарна а, жинашца тайначарна а тӀе ма эха, цаьрга шаьш Далла хьалха боьха ца дайта. Со шун Веза Дела ву.

32Воккха стаг чуваьлча, хьалагӀовтта. Баккхийчу нахе ларам хила. Шайн Деле болчу ларамах дуьзна хила. Со Веза Эла ву.

33 rТӀевеана стаг шайн махкахь ваха охьахаахь, цунна ницкъ ма бе. 34Шаьш долчохь ваха хиъна волу тӀевеана стаг, шайн махкахо санна, лара. Хьо санна, веза иза, хӀунда аьлча шу а дара Мисар-махкахь тӀедаьхкина Ӏаш. Со шун Веза Дела ву.

35 sКхел ечохь а, хӀуманан йохалла билгалйоккхучохь а, хӀума узучохь а, юстучохь а харцо ма лелае. 36Нийса терза а, герканаш а, бараман саьхьаш а хуьлда шун. Мисар-махкара шу арадаьхна шун Веза Дела ву Со. 37Дерриг а Сан парзаш а ларде, Ас тӀе мел диллинарг кхочуш а де. Со Веза Эла ву“».
Copyright information for CheCAC2012