Leviticus 2
КӀен сагӀа
1«Нагахь цхьанна кӀен сагӀа даккха лаахь, кӀенах дина тоьлла дама схьа а дай, цу тӀе зайтдаьтта а дотта, ливан цӀе йолу сегӀаз а дилла цо. 2И сагӀа динан дай болчу АхӀаронан кӀенташна тӀе дан деза. Деман цхьа кана, цуьнца долчу зайтдаьттанца схьа а эцна, дерриг а ливанаца иза сагӀа доккхучу кхерча тӀехь багор бу динан дас. Дерриг а дама Везачу Элана сагӀина дӀаделла хиларан билгало хир ю иза. ЦӀера тӀехь доккхуш долчу оцу сагӀин хьожа Везачу Элана тамехь хир ю. 3КӀен сагӀанах бухадиснарг АхӀаронна а, цуьнан кӀенташна а дала деза. Иза чӀогӀа деза ду, Везачу Элана леринчу цӀера тӀехь даьхначу сагӀанех иза схьаэцна долу дела. 4Нагахь санна пешахь деттина кӀен сагӀа ахь доккхуш делахь, иза тоьллачу демах дина хила деза: зайтдаьтта тоьхна совсаза бепиг я тӀе зайтдаьтта хьаькхна дуткъа совсаза хьокхамаш хила деза. 5Нагахь хьан кӀен сагӀа кхийрачу пхьегӀи тӀехь деттина делахь, иза зайтдаьтта тоьхначу демах совсаза дина хила деза. 6Бепиг дакъошка а декъий, цунна тӀе зайтдаьтта дотта. Иза Везачу Элана лерина кӀен сагӀа ду. 7Нагахь хьан кӀен сагӀа ялгӀу тӀехь деттина бепиг делахь, иза зайтдаьттанца долчу тоьллачу кӀен демах дина хила деза. 8Иштта кечдина кӀен сагӀа Везачу Элана схьада. Динан дега дӀакховдаде иза, цо кхерча тӀе дуьллур ду и сагӀа. 9Динан дас, схьа а эцна, кхерча тӀехь сагӀин цхьа дакъа дагор ду. Дерриге а Везачу Элана сагӀина дӀаделла хиларан билгало хир ю иза. Цу сагӀин хьожа Везачу Элана тамехь ю. 10КӀен сагӀанах бухадиснарг АхӀаронна а, цуьнан кӀенташна а дала деза. Иза чӀогӀа деза ду, Везачу Элана леринчу цӀера тӀехь даьхначу сагӀанех иза схьаэцна долу дела. 11Везачу Элана лерина дахьачу муьлххачу а кӀен сагӀанах морза ма тоха, хӀунда аьлча я морза а, я моз а Везачу Элана леринчу сагӀанца даго бакъо яц шун. 12Дуьххьара схьаэцначу ялтех долу совгӀат санна дан мегар ду уьш Везачу Элана лерина, амма тамехь хьожа яийта кхерча тӀехь даго мегар дац. 13Муьлххачу а кӀен сагӀанах туьха тоха, хьайн сагӀа Делаца бинчу бертан туьха ца тухуш ма дита. Муьлххачу а айхьа дахьачу сагӀанца Везачу Далла туьха да. 14Дуьххьарчу ялтех кӀен сагӀа доккхуш делахь, цӀера тӀехь дакъийначу кенех даьхна аьтта долу буьртигаш да. 15Царна тӀе зайтдаьтта а дотта, ливан цӀе йолу сегӀаз а дилла. Иза кӀен сагӀа ду. 16Динан дас буьртигийн цхьа дакъа – зайтдаьттанца а, мел долчу ливанаца а эдина – дагор ду. И дерриге а Везачу Элана лерина сагӀина дӀаделла хиларан билгало хир ю иза. Иза Везачу Элана цӀера тӀехь даьккхина сагӀа ду».
Copyright information for
CheCAC2012