‏ Leviticus 20

ЛацадогӀарна таӀзар дар

1Везачу Эло Мусага элира: 2«ДӀаала исраилхошка: „Исраилхойх я цаьрца тӀевеана Ӏаш волчух цхьаммо шен бераш Мулка-далла дӀалахь, и стаг вен веза. Дерриг а халкъо цунна тӀулгаш кхисса деза. 3Ас, Сайн оьгӀазло цунна дуьхьал а яссийна, шен халкъана юкъара дӀаэккхор ву и стаг, хӀунда аьлча цо, шен бераш Мулкана дӀа а луш, Сан цӀа бех а дина, Сан сийлахь цӀе сийсаз а йина. 4Нагахь санна оцу стага шен берех цхьаъ Мулкана дӀаваларх халкъана юкъара массара а шайн бӀаьргаш дӀахьаббинехь, цара иза ца вийнехь, 5Ас-Айса Сайн оьгӀазло яссор ю цунна а, цуьнан гергарчарна а, Суна цатешаме а долуш, цуьнца цхьаьна Мулкана Ӏибадат деш болчарна массарна а дуьхьал. Аса уьш шайн халкъана юкъара лохкур бу.

6Суна тешаме а боцуш, беллачийн синош тӀедоьхуш волчунна а, жинашца тайначунна а тӀеоьхуш болчарна дуьхьал Ас сайн оьгӀазло яссор ю, уьш шайн халкъана юкъара дӀа а эккхор бу. 7Шаьш Далла лерина а хилийта, цӀена а хила, хӀунда аьлча Со, шун Веза Дела, цӀена ву. 8Сан парзаш лар а де, кхочуш а де, хӀунда аьлча Со шу даздеш волу Веза Эла ву.

9 aШен дена я нанна неӀалт аьлларг вен веза. Иза шен дена я нанна луьйш вара, цундела шен цӀий шена тӀехь ду цунна.

10 bШен уллорачун зудчуьнца цхьаъ лелахь, хьарам лелла стаг а, зуда а ден деза. 11 cШен ден зудчуьнца цхьаъ дӀавижча, цо шен да сийсазво. И стаг а, цуьнца лелла зуда а ден деза, церан цӀий царна тӀехь ду. 12 dНагахь цхьаъ шен несаца дӀавижахь, и ший а дуьйр ду, хӀунда аьлча дегаза гӀуллакх ду цара динарг. Церан цӀий царна тӀехь ду. 13 eНагахь цхьаъ стагаца, зудчуьнца санна, дӀавижахь, цара динарг дегаза гӀуллакх ду. И шиъ вен веза, церан цӀий царна тӀехь ду. 14 fХьарам хӀума ду зуда а, цуьнан нана а ялор. И стаг а, ший зуда а цӀергахь даго деза. И санна боьха гӀуллакх шайна юкъахь ма хилийта! 15 gДийнатаца цхьаъ дӀавижахь, иза ве, дийнат а де. 16Нагахь зуда дийнатца дӀайижахь, иза а е, дийнат а де. Уьш дайа деза, ткъа церан цӀий царна тӀехь ду.

17 hНагахь цхьаъ шен дена йинчу я нанас йинчу йишица дӀавижахь, цо динарг хьарам гӀуллакх ду. Шайн халкъана хьалха къомана юкъара дӀаэккхо деза и стаг а, зуда а. Шен йишица дӀавижарна, и стаг бехке а ву, цо жоп дала а деза. 18 iЗударийн цамгар хуьлучу деношкахь стаг зудчуьнца дӀавижахь, цуьнан цӀий дӀаэхар гучудаьккхина цо. И шиъ шайн халкъана юкъара эккхо деза.

19 jНенан йишица а, ден йишица а дӀа ма вижа, хӀунда аьлча и дарца ахьа хьайн гергарчеран сий дойу. Стаг а, зуда а бехке хир ду, цара жоп дала дезар ду. 20Нагахь стаг шен ден вешин зудчуьнца дӀавижахь, цо шен ден ваша сийсазвина. Стаг а, зуда а бехке хир ду, цара жоп дала деза, ткъа делла дӀадаллалц бераш хир дац церан. 21 kНагахь цхьаъ шен вешин зудчуьнца дӀавижахь, цо динарг боьха гӀуллакх ду. Шен ваша сийсазвина цо. Бехке долу стаг а, зуда а бераш доцуш хир ду.

22Дерриг а Сан парзаш лар а де, Ас тӀе мел диллинарг кхочуш а де, Ас шу даха тӀедуьгучу лаьтто шу дӀа ма Ӏеттадойла. 23Ас шу долчуьра дӀаэккхочу къаьмнийн гӀиллакхаш тӀе ма эца. Цу наха и массо а боьха гӀуллакхаш леладора, цундела Суна чӀогӀа ца бийзира уьш. 24Ас шуьга элира: ‘Аша церан латта схьадоккхур ду. Шуьраца а, мазаца а дуьзна долу и латта шун дола дӀалур ду Аса’. Дерриг а кхечу халкъех шу дӀакъастийна волу шун Веза Дела ву Со. 25Хьанал даьхни хьарамчух а, хьанал олхазарш хьарамчарах а дӀакъасто деза аша. Ас хьарам ду аьлла даьхни а, олхазарш а, лаьтта тӀехула текхаш ерш а яий, шаьш бех ма де. 26Суна хьалха цӀена хила, хӀунда аьлча Со, Веза Эла, цӀена ву. Ас кхечу халкъех дӀакъастийна шу, Сайн хилийтархьама.

27Нагахь стага я зудчо беллачийн синош тӀедоьхуш я пал туьйсуш хилахь, уьш байа беза. Царна тӀулгаш кхисса деза, церан цӀий царна тӀехь ду“».
Copyright information for CheCAC2012