Leviticus 21
Динан дайшна тӀедуьллуш дерг
1Везачу Эло Мусага элира: «ДӀаала динан дайшка, АхӀаронан кӀенташка: „Шайн халкъана юкъара веллачух куьг а тохий, шаьш Далла хьалха бех ма де. 2Амма велларг цуьнан уллора гергарниг хиллехь – да я нана, кӀант я йоӀ, ваша 3я маре яхаза, цуьнца цхьаьна Ӏийна йиша – цунах куьг Ӏоттарца динан дена магийтина ду ша бехван. 4Халкъана юкъара муьлххачу стагах а хьакхавелла, ша бехван ца веза динан дас, сийсазвина ца хилийта ▼▼Я иштта: Зуда ялорехула я маре яхарехула цуьнца гергара хиллачу стагах а хьакхавелла, ша бехван ца веза динан дас, сийсазвина ца хилийта.
. 5 bШайн кортош дӀадаша а, мажойн йистош ларга а, дегӀ а хедош, билгалонаш ян а мегар дац динан дайшна. 6Шайн Далла хьалха цӀена хила беза уьш, Цуьнан цӀе сийсазъян ца еза цара, хӀунда аьлча Везачу Элана лерина цӀера тӀехь сагӀанаш дохурш бу уьш, ткъа и сагӀанаш Делан кхача бу. Цундела цӀена хилар тӀехь ду царна. 7Нахаца леларг а, шен сий дайина ерг а, майрачо дӀатесна ерг а яло мегар дац цара, хӀунда аьлча уьш шайн Далла хьалха цӀена бу. 8Динан да цӀена лара, хӀунда аьлча цо хьан Далла кхачанийн сагӀанаш доху. ЦӀена хуьлийла иза хьуна, хӀунда аьлча шу даздеш волу Со, Веза Эла, цӀена ву. 9Нагахь динан ден йоӀ нахаца лелахь, цо шен да сийсазвоккху. ЦӀергахь яго еза иза. 10 Динан коьрта да шен вежаршна юкъара хаьржина ву, коьрта тӀе даьтта доттарца къобал а веш. Деза духарш тӀедуха вазвина волчу цо сингаттам гайта шен коьртара месаш низам доцуш хилийта а ца еза, шен тӀера бедарш этӀо а ца еза. 11Велларг волчу чуваха ца веза иза. Ур-атталла деллачу дех я ненах а хьакхавелла, ша бехван ца веза цо. 12Велларг дӀаволлархьама, Делан цӀа долчуьра дӀа а вахана, шен Делан цӀа сийсаздан ца деза цо, хӀунда аьлча даьтта тӀедоттарца дина долу Делан къобалвар ду цунна тӀехь. Со Веза Эла ву. 13Шен халкъана юкъара йоӀстаг бен шена яло мегар дац цо. 14Йисина йолу я йитина йолу, я сийсазйина йолу, я нахаца лелаш йолу зуда яло мегар дац цо, динан дас шена ялориг шен халкъана юкъара йолу йоӀстаг хила еза, 15шен тӀаьхье Далла хьалха боьха ца хилийтархьама. Иза вазвеш волу Веза Эла ву Со“». 16Везачу Эло Мусага элира: 17«ДӀаала АхӀароне: „Нагахь хьан тӀаьхьенах волчу цхьаннан дегӀа тӀехь сакхт хилахь, шен Далла кхачанийн сагӀанаш даха мегар дац цунна. Иза гуттаренна а тӀедуьллуш ду. 18Далла сагӀанаш даха мегар дац иштта цхьа сакхт долчунна: бӀаьрзечунна, астагӀчунна, цӀарматчунна, 19ког я куьг заьӀап долчунна, 20букъ хьала ца нислуш волчунна, лохачунна, бӀаьрган цамгар йолчунна, чераш долчунна, чкъуран цамгар йолчунна, бехке меттехь чов йиначунна. 21Динан ден АхӀаронан тӀаьхьенах а волуш, дегӀа тӀехь сакхт долчу цхьана а стеган йиш яц Везачу Элана тӀеван цӀера тӀехь сагӀанаш даха. Сакхт ду цунна тӀехь, цундела шен Далла кхачанийн сагӀанаш даха мегар дац цунна. 22Суна лерина даьхна сагӀанаш даа мегар ду цо, беза кхача я уггар беза кхача иза белахь а. 23Амма цу стагана тӀехь сакхт хиларна, Делан четаран уггар езачу чоьнна хьалха долчу кирхьанна а, сагӀа доккхучу кхерчана а тӀеван мегар дац иза, Сан четар а, цунна чохь мел ерг а сийсаз ца ярхьама. Уьш язъеш волу Веза Эла Со ма ву“». 24АхӀароне а, цуьнан кӀенташка а, берриг а исраилхошка а дӀахаийтира иза Мусас.
Copyright information for
CheCAC2012