Leviticus 22
СагӀанаш деза хилар
1Везачу Эло Мусага элира: 2«ДӀаала АхӀароне а, цуьнан кӀенташка а исраилхоша Суна къобалдеш долу деза сагӀанаш леррина леладе, Сан еза цӀе сийсаз ца яйтархьама. Со Веза Эла ву. 3ДӀаала цаьрга: „Шун тӀаьхьенах волу цхьаъ, Далла хьалха цӀена а воцуш, исраилхоша Суна къобалдинчу дезачу сагӀанашна гергакхачахь, Суна хьалхара дӀаэккхор ву иза. Со Веза Эла ву“. 4АхӀаронан тӀаьхьенах волу цхьаъ чкъуран цамгар йолуш я дегӀах тӀуналла схьайолуш велахь, цо деза сагӀа даа мегар дац, ша цӀанваллалц. Еллачу хӀуманах хьакхаеллачух куьг Ӏоьттинарг а, боьршачу нехан тӀуналла шех схьаяьлларг а, 5муьлххачу а текхаргех хьакхавелларг а, боьхачу стагах хьакха а велла, цӀена воцург а 6сарралц боьха хир ву. Цо деза сагӀа даа мегар дац, хица шен дегӀ диллалц. 7Малх чубуьзча, иза цӀена хир ву, тӀаккха цо сагӀанех йолу хӀума яа мегар ду, хӀунда аьлча иза цуьнан кхача бу. 8Къеделла я акхароша дийна долу дийнат даа мегар дац динан дена. Ишттачу кхачано иза бехвийр ву. Со Веза Эла ву. 9Сан хьехамаш ларбойла цара, шаьш бехке ца хилийтархьама а, тӀедиллинарг талхор бахьана долуш ца далархьама а. Уьш базбеш волу Веза Эла ву Со. 10Хийрачо цхьаммо а деза сагӀа даа мегар дац. Динан да волчохь Ӏачу хьешо а, динан дена йолах болх бечу стага а даа мегар дац деза сагӀа. 11Ахча а делла, эцначу а, цуьнан хӀусамехь дуьнен чу ваьллачу а лено даа мегар ду и сагӀа. 12Динан дайн тӀаьхьенах схьа ца ваьллачу стаге маре яханчу динан ден йоӀа дезачу сагӀина деанарг даа мегар дац. 13Бераш а доцуш, йисна я йитина Ӏаш йолчу динан ден йоӀа, шен хӀусаме юхаеача, даа мегар ду шен ден бепиг, ша жима йолчу хенахь санна. Ткъа хийрачо цхьаммо а иза даа мегар дац. 14Цхьаммо ларамаза дезачу сагӀанах цхьаъ яахь, цо динан дена и деза сагӀа юхаметтахӀотто деза, цу тӀе цуьнан пхоьалгӀа дакъа тӀе а тоьхна. 15Динан дайша шаьш а сийсаздан мегар дац исраилхоша Везачу Элана деана долу деза сагӀанаш, 16бакъо йоцучу нахе уьш даа а даийтина. Цу хӀумано уьш бехке а хуьлуьйтур бу, царна таӀзар а дийр ду. Уьш базбеш волу Веза Эла ву Со». 17Везачу Эло Мусага элира: 18«ДӀаала АхӀароне а, цуьнан кӀенташка а, берриг исраилхошка а: „Нагахь исраилхойх я царна юкъахь тӀевеана Ӏаш волчух цхьаммо цхьана нигатца я даггара леларца дийнаташ дагоран сагӀа Везачу Элана лерина доккхуш делахь, 19сагӀина далийна дийнат старгӀанех я койх, я бежалойх эцна сакхт доцу боьршаниг хила еза, Дела резахилийтархьама. 20 aТӀехь сакхт долу цхьа а дийнат Везачу Элана лерина ма даладелаш, цуьнца аш Дела резавийр вац. 21Нагахь цхьаммо шен нигатца я даггара леларца Везачу Элана лерина бертан сагӀина доккха я жима дийнат далийнехь, иза сакхт доцуш хила деза, Дела цунна резахилийта. Дийнаташна тӀехь цхьа а сакхт хила йиш яц. 22БӀаьрзе я лазийна, я цӀармата, я цомгуш долу, я даьӀнаш долу, я чераш долу дийнат Везачу Элана лерина ма даладе. Царах цхьа а, Везачу Элана лерина цӀера тӀехь даьккхина сагӀа санна, сагӀа доккхучу кхерча тӀе ма дилла. 23ТӀех беха я боца когаш болу старгӀа я Ӏахар даггара леларца долчу сагӀина дало мегар ду, амма нигатца доккхучу сагӀина уьш мегар дац, Дела резахир вац ишттачу хӀуманна. 24Боьршалла гойту коьчалш лазийна я хьаьшна, я дӀаяьхна, я дӀахедийна долу дийнаташ Везачу Элана лерина ма даладе, шайн махкахь и саннарг ма де. 25Кхечу къаьмнех болчу нехан карара иштта дийнаташ шайн Далла леринчу сагӀина схьа ма эца, хӀунда аьлча царна тӀехь сакхт ду. Цара Дела шуна резахуьлуьйтур вац“». 26Везачу Эло Мусага элира: 27«Эса я Ӏахар, я буьхьиг йича, ворхӀ дийнахь шен ненаца йита еза, ткъа борхӀалгӀачу дийнахь дуьйна цӀера тӀехь Везачу Элана цунах сагӀа даккха мегар ду. 28Аттана цо динчу эсаца, жийна цо бинчу Ӏахарца цхьана дийнахь урс ма хьакхалаш. 29Нагахь шаьш Везачу Элана лерина баркаллин сагӀа доккхуш делахь, Дела шайна резахуьлуьйтучу кепара даккха иза. 30Цу дийнахь даа деза и сагӀа, цунах хӀума Ӏуьйренга ма ялийта. Со Веза Эла ву. 31Сан весеташ лар а де, кхочуш а де. Со Веза Эла ву. 32Сан еза цӀе сийсаз ма е, исраилхойн дерриг а халкъо Со веза хилар къобалдан деза. Шу даздеш волу Веза Эла ву Со. 33Шун Дела хилархьама, шу Мисар-махкара арадаьхна Ас. Со Веза Эла ву».
Copyright information for
CheCAC2012