‏ Leviticus 23

Везачу Элан дезачу денойх лаьцна

1Везачу Эло Мусага элира: 2«ДӀаала исраилхошка: „ХӀорш ду Суна лерина долу динан деза денош. Цу деношкахь аша безачу гуламашка халкъ кхайкха деза. 3 aЯлх дийнахь болх бан мегар ду, ткъа ворхӀалгӀа де, садоӀу шоьтан де, безачу гуламна лерина хилийта. Цу дийнахь цхьа а тайпа болх ма бе. Миччанхьа а шу Ӏаш делахь а, иза Везачу Элана лерина долу шоьтан де ду. 4ХӀорш ду Везачу Элана лерина кхидолу деза денош, шайн-шайн хенашкахь билгалдаьхначу гуламашца“».

Пасахьан а, совсазчу баьпкан а деза де

(Лелар 28:16-25)

5 b«Хьалхарчу беттан дейтталгӀачу дийнахь, сарахь, Везачу Элана лерина Пасахь хила деза. 6 cТкъа цу беттан пхуьйтталгӀачу дийнахь Везачу Элана лерина долу Совсазчу баьпкан деза денош дуьйладала деза. ВорхӀ дийнахь совсаза бепиг даа дезаш ду шу. 7Цу езачу хенан хьалхарчу дийнахь безачу гуламе нах кхайкха. Вукху деношкахь санна болу болх ма бе цу дийнахь. 8ВорхӀ дийнахь Везачу Элана лерина цӀера тӀехь сагӀанаш даха. ВорхӀалгӀачу дийнахь а кхайкха нах безачу гуламе. Вукху деношкахь санна болу болх ма бе цу дийнахь».

9Везачу Эло Мусага элира: 10«ДӀаала исраилхошка: „Ас шайна луш долчу лаьтта тӀе шаьш даьхкича, ялта чудерзочу хенахь дуьххьарлера цӀов динан дега дӀало. 11Цо и цӀов, шатайпа сагӀа санна, Везачу Элана хьалха хьалаойур бу, Иза шуна резахилийта. Шоьтан де чекхдаьллачу шолгӀачу дийнахь и ялтин цӀов Везачу Элана хьалха хьалаойур бу цо. 12ЦӀов хьалаойучу дийнахь цхьа шо кхаьчна, сакхт доцу Ӏахар а бей, цунах Везачу Элана лерина дийнаташ дагоран сагӀа даккха. 13Ӏахарца цхьаьна кӀен сагӀа а, чагӀаран сагӀа а да. КӀен сагӀина цхьа сахь кӀен тоьлла дама схьа а эца, ткъа цу тӀе даьтта тоха. ЦӀера тӀехь даьккхина кӀен сагӀин хьожа Везачу Элана тамехь хир ю. ЧагӀаран сагӀина хӀин
ХӀин – цхьа хӀин еа литаран барам бара.
цӀе йолчу бараман доьалгӀа дакъа чагӀар схьаэца.
14Шайн Далла лерина и сагӀанаш дохуш долу де тӀекхаччалц, бепиг а, кхерзина я керла буьртигаш а ма даалаш. Шун тӀаьхьенашна, миччанхьа шаьш Ӏаш делахь а, гуттаренна а тӀедуьллуш ду иза“».

Ялта чудерзоран деза де

(Лелар 28:26-31)

15 e«Везачу Элана хьалха хьалаайа шаьш цӀов баьхьначу шоьтан де чекхдаьллачу шолгӀачу денна тӀера дуьззина ворхӀ кӀира дагарде. 16Шовзткъе итт де дӀадаьлча, ворхӀалгӀа шоьтан де чекхдаьллачу шолгӀачу дийнахь, Везачу Элана лерина керла кӀен сагӀа даккха. 17Шайн хӀусамаш тӀера Везачу Элана хьалха хьалаайина шатайпа сагӀа санна ши бепиг да. Цхьа сахь тоьллачу кӀен демах хьакхийначу совсийначу бедах дина хила деза и баьпкаш. Везачу Элана лерина дуьххьарлерчу ялтех долу совгӀат хир ду иза. 18Баьпкашца цхьаьна шо кхаьчна долу, цхьа а сакхт доцу ворхӀ Ӏахар а, даккхийчу хьайбанех цхьа старгӀа а, ши ка а балабе. Цу бежанех Везачу Элана лерина дийнаташ дагоран сагӀа доккхур ду. Цаьрца цхьаьна кӀен а, чагӀаран а сагӀанаш даха дезаш ду. ЦӀера тӀехь дохуш долчу оцу сагӀанийн хьожа Везачу Элана тамехь хир ю. 19Къинан сагӀина цхьа бож а, бертан сагӀина шо кхаьчна ши Ӏахар а кечбе. 20Везачу Элана хьалха шатайпа сагӀа санна даккха деза динан дас дуьххьарлерчу ялтех дина баьпкаш а, ши Ӏахар а. Везачу Элана лерина деза сагӀа ду иза. И сагӀа динан дена дӀадала дезаш ду. 21Безачу гуламе цу дийнахь нах схьакхайкха, вукху деношкахь санна болу болх ма бе цу дийнахь. Шун тӀаьхьенашна, миччанхьа уьш Ӏаш белахь а, гуттаренна а тӀедуьллуш ду иза.

22 fШайн лаьтта тӀехь ялта хьокхучу хенахь кхан йистошка кхаччалц ма хьакха иза, ткъа охьаэгна кенаш схьа ма лехьаде. Къечарна а, тӀебаьхкинчарна а дита уьш. Со шун Веза Дела ву».

Локхучу маӀийн деза де

(Лелар 29:1-6)

23Везачу Эло Мусага элира: 24«ДӀаала исраилхошка: „ВорхӀалгӀачу беттан хьалхарчу дийнахь садаӀа. МаӀаш а локхуш, безачу гуламе нах а кхайкха, дагалацаран де а хӀоттаде цу дийнахь. 25Вукху деношкахь санна болу болх ма бе, Везачу Элана лерина сагӀа даккха цу дийнахь“».

Къинош дӀадахаран де

(Лелар 29:7-11)

26 gВезачу Эло Мусага элира: 27«ВорхӀалгӀачу беттан уьтталгӀачу дийнахь безачу гуламе нах кхайкха, цу дийнахь къинош дӀадахаран де хир ду шун. Массо а хӀума шайна доьхкуш, марха а кхабий, Везачу Элана лерина цӀера тӀехь сагӀа даккха. 28Цу дийнахь цхьа а тайпа болх ма бе, хӀунда аьлча иза къинош дӀадахаран де ду, шун Везачу Далла хьалха шуна тӀера къинош дӀадохуш долу де. 29Муьлхха а цу дийнахь массо а хӀуманна тӀера марха ца кхаьбнарг шен халкъана юкъара эккхор ву. 30Цу дийнахь муьлхха а болх бинарг Ас шен халкъана юкъара хӀаллаквийр ву. 31Цхьа а тайпа болх ма бе. Шун тӀаьхьенашна, миччанхьа уьш Ӏаш белахь а, гуттаренна а тӀедуьллуш ду иза. 32Иза садоӀу шоьтан де ду шуна. Цу беттан уьссалгӀачу дийнахь сарахь дуьйна, массо а хӀума шайна доьхкуш, марха кхаба. УьтталгӀачу дийнан суьйре тӀекхаччалц ларде шайн садоӀу шоьтан де».

Адамаш кхалораш кӀелахь Ӏаш долу деза денош

33 hВезачу Эло Мусага элира: 34«ДӀаала исраилхошка: „Оццу ворхӀалгӀачу беттан пхуьйтталгӀачу дийнахь дуьйна ворхӀ де Везачу Элана лерина хилийта. Адамаш кхалораш кӀелахь Ӏаш долу деза денош де царах. 35Хьалхарчу дийнахь беза гулам дӀахьо, вукху деношкахь санна болу болх ма бе. 36ВорхӀ дийнахь Везачу Элана лерина цӀера тӀехь сагӀа даккха. БархӀалгӀачу дийнахь безачу гуламе нах а кхайкха, Везачу Элана цӀера тӀехь сагӀа а даккха. Иза динан гулам бу, вукху деношкахь санна болу болх ма бе цу хенахь.

37(Иштта ду Везачу Элана лерина деза денош. Цу деношкахь безачу гуламашка нах а кхайкха, шен-шен дийнахь цӀера тӀехь сагӀанаш а даха: дийнаташ дагоран а, кӀен а, бертан а, чагӀаран а сагӀанаш. 38И деза денош Везачу Элана леринчу шоьтан деношна тӀетоьхна а ду, ткъа и сагӀанаш – Везачу Элана лерина кхидолчу сагӀанашна а, шайн лаамца я шаьш динчу нигаташца дахьачу совгӀаташна а тӀетоьхна а ду.)

39ВорхӀалгӀачу беттан пхуьйтталгӀачу дийнахь дуьйна, шаьш ялта схьагулдина девлча, ворхӀ дийнахь Везачу Элана лерина деза денош дазде, хьалхарчу а, бархӀалгӀачу а дийнахь са а доӀуш. 40Хьалхарчу дийнахь тоьлла стоьмаш а, хурма-диттан а, шуьйра гӀаш долчу диттан а, хина уллохь кхуьучу дак-диттан а гаьннаш схьа а эций, шайн Везачу Далла хьалха ворхӀ дийнахь самукъадаккха. 41ХӀора шарахь ворхӀ дийнахь Везачу Элана лерина дазде и деза денош. Иза шун тӀаьхьенашна гуттаренна а тӀедуьллуш ду. ВорхӀалгӀачу баттахь дазде и деза денош. 42Кхалораш кӀелахь Ӏе ворхӀ дийнахь. Исраилан махкахь дина долу муьлхха а стаг а, зуда а кхалор кӀелахь Ӏен деза. 43Шун тӀаьхьенашна хуур ду тӀаккха, исраилхой Мисар-махкара арабаьхча, Ас кхалораш кӀелахь баха охьаховшийний. Со шун Веза Дела ву“».

44Иштта Мусас исраилхошна дийцира Везачу Элан дезачу денойх лаьцна.
Copyright information for CheCAC2012