a Арадаккхар 23:16; 34:22; Карлабаьккхинарг 16:9-12.
Leviticus 23:15-21
Ялта чудерзоран деза де
(Лелар 28:26-31)
15 a«Везачу Элана хьалха хьалаайа шаьш цӀов баьхьначу шоьтан де чекхдаьллачу шолгӀачу денна тӀера дуьззина ворхӀ кӀира дагарде. 16Шовзткъе итт де дӀадаьлча, ворхӀалгӀа шоьтан де чекхдаьллачу шолгӀачу дийнахь, Везачу Элана лерина керла кӀен сагӀа даккха. 17Шайн хӀусамаш тӀера Везачу Элана хьалха хьалаайина шатайпа сагӀа санна ши бепиг да. Цхьа сахь тоьллачу кӀен демах хьакхийначу совсийначу бедах дина хила деза и баьпкаш. Везачу Элана лерина дуьххьарлерчу ялтех долу совгӀат хир ду иза. 18Баьпкашца цхьаьна шо кхаьчна долу, цхьа а сакхт доцу ворхӀ Ӏахар а, даккхийчу хьайбанех цхьа старгӀа а, ши ка а балабе. Цу бежанех Везачу Элана лерина дийнаташ дагоран сагӀа доккхур ду. Цаьрца цхьаьна кӀен а, чагӀаран а сагӀанаш даха дезаш ду. ЦӀера тӀехь дохуш долчу оцу сагӀанийн хьожа Везачу Элана тамехь хир ю. 19Къинан сагӀина цхьа бож а, бертан сагӀина шо кхаьчна ши Ӏахар а кечбе. 20Везачу Элана хьалха шатайпа сагӀа санна даккха деза динан дас дуьххьарлерчу ялтех дина баьпкаш а, ши Ӏахар а. Везачу Элана лерина деза сагӀа ду иза. И сагӀа динан дена дӀадала дезаш ду. 21Безачу гуламе цу дийнахь нах схьакхайкха, вукху деношкахь санна болу болх ма бе цу дийнахь. Шун тӀаьхьенашна, миччанхьа уьш Ӏаш белахь а, гуттаренна а тӀедуьллуш ду иза.
Copyright information for
CheCAC2012