‏ Leviticus 23:26-32

Къинош дӀадахаран де

(Лелар 29:7-11)

26 aВезачу Эло Мусага элира: 27«ВорхӀалгӀачу беттан уьтталгӀачу дийнахь безачу гуламе нах кхайкха, цу дийнахь къинош дӀадахаран де хир ду шун. Массо а хӀума шайна доьхкуш, марха а кхабий, Везачу Элана лерина цӀера тӀехь сагӀа даккха. 28Цу дийнахь цхьа а тайпа болх ма бе, хӀунда аьлча иза къинош дӀадахаран де ду, шун Везачу Далла хьалха шуна тӀера къинош дӀадохуш долу де. 29Муьлхха а цу дийнахь массо а хӀуманна тӀера марха ца кхаьбнарг шен халкъана юкъара эккхор ву. 30Цу дийнахь муьлхха а болх бинарг Ас шен халкъана юкъара хӀаллаквийр ву. 31Цхьа а тайпа болх ма бе. Шун тӀаьхьенашна, миччанхьа уьш Ӏаш белахь а, гуттаренна а тӀедуьллуш ду иза. 32Иза садоӀу шоьтан де ду шуна. Цу беттан уьссалгӀачу дийнахь сарахь дуьйна, массо а хӀума шайна доьхкуш, марха кхаба. УьтталгӀачу дийнан суьйре тӀекхаччалц ларде шайн садоӀу шоьтан де».
Copyright information for CheCAC2012