Leviticus 24
Къуьданах лаьцна тӀедиллинарг
(Арадаккхар 27:20, 21)
1Везачу Эло Мусага элира: 2«Исраилхошна тӀедилла, даго тоьлла цӀена зайтдаьтта да алий, стогар массо а хенахь богуш хилийта. 3Бартбаран тӀорказна дуьхьалъоьллинчу кирхьанан арарчу агӀор гуламан четарна чохь АхӀарона стогар Везачу Элана хьалха латийна латто беза, сарахь дуьйна Ӏуьйре тӀекхаччалц. Шун тӀаьхьенашна гуттаренна а тӀедуьллуш ду иза. 4ЦӀеначу деших бинчу стогарна тӀехь болу къуьданаш Ӏалашбийр бу цо, Везачу Элана хьалха иза гуттар а латийна латтор а бу».Дезачу баьпках лаьцна тӀедиллинарг
5 a«КӀен дама схьа а эций, цунах шийтта бепиг датта, хӀора баьпкана цхьа сахь дама хьакхаде. 6Везачу Элана хьалха гонах цӀена деши лаьцначу стоьла тӀе шина могӀарехь, ялх-ялх а дуьллуш, охьадахка и баьпкаш. 7ХӀора могӀарехь хаза хьожа йогӀу сегӀаз а охьадилла, баьпкан метта Везачу Элана лерина цӀера тӀехь доккхучу сагӀина хир ду иза. Дерриг а бепиг Везачу Элана сагӀина дӀаделла хиларан билгало хир ю иза. 8ХӀора шоьтан дийнахь исраилхойн метта динан дас Везачу Элана хьалха дахка деза и баьпкаш. Иза гуттаренна а болу барт бу. 9 bАхӀаронан а, цуьнан кӀентийн а хир ду и баьпкаш. Езачу меттехь дуур ду цара уьш, хӀунда аьлча Везачу Элана леринчу цӀера тӀехь даьхначу сагӀанех деза сагӀа ду иза царна делла долу. Иза гуттаренна а тӀедиллина хӀума ду».Дела емалварна таӀзар дар
10Исраилхойн зудчо мисархочунна вина цхьа кӀант исраилхошна тӀевеара. Церан меттамотт болчохь цхьана исраилхочуьнца дов даьккхира цо. 11Везачу Элана лен а, Цуьнан цӀе емалъян а волавелира и кӀант, тӀаккха исраилхоша Мусана тӀе валийра иза. (Оцу кӀентан ненан цӀе яра Шаламат – иза данхо волчу Дибиран йоӀ яра.) 12Царна Везачу Элан лаам хаийтталц, наха дӀалецира иза. 13Везачу Эло Мусага элира: 14«Далла луьйш хилла волу стаг меттаматтал арахьа ваккха. Цо дийцинарг хезначара цуьнан коьрта тӀе куьйгаш дахка, массо а халкъо цунна тӀулгаш кхисса. 15ДӀаала исраилхошка: „Шен Далла луьйш верг бехке а хир ву, ткъа цо жоп дала а деза. 16Везачу Элан цӀе емалъеш верг вен веза. Дерриг а халкъо цунна тӀе тӀулгаш кхисса деза. ТӀевеана стаг я махкахо Везачу Элан цӀе емалъеш велахь, иза вен веза. 17 cНагахь цхьаммо стаг вехь, иза вен веза. 18Цхьаммо нехан бежана дехь, цо иза дӀатакха деза: дахарна дуьхьал – дахар. 19Нагахь цхьаммо шен уллорачун дегӀан меже лазийнехь, цо диннарг цунна а дан деза: 20 dмеже кагйинехь, цуьнан а кагъян еза, бӀаьргана дуьхьал бӀаьрг баккха беза, цергана дуьхьал церг яккха еза. Цо кхечу стеган дегӀа тӀехь дина зен цунна а дан деза. 21Цхьаммо бежана дехь, цо иза дӀатакха деза. Цхьаммо стаг вехь, иза вен веза. 22 eЦу гӀуллакхашна тӀедиллинарг цхьаъ хир ду шуна тӀевеанчунна а, махкахочунна а, хӀунда аьлча Со шун Веза Дела ву“». 23Мусас дӀадийцира иза исраилхошка. Дела емалвеш хиллачу стагана, меттаматтал ара а ваьккхина, тӀулгаш кхиссира цара. Везачу Эло Мусана тӀе-ма-диллара, дерриг а кхочушдира исраилхоша.
Copyright information for
CheCAC2012