a Арадаккхар 23:10, 11.
e Арадаккхар 21:2-6; Карлабаьккхинарг 15:12-18.
Leviticus 25
ВорхӀалгӀа шо
(Карлабаьккхинарг 15:1-11)
1 aСинай-лам тӀехь Везачу Эло Мусага элира: 2«ДӀаала исраилхошка: „Аса шайна лун долчу лаьтта тӀе шаьш даьхкича, Везачу Элана лерина садоӀучу заманахь цу лаьтте садаӀийта. 3Ялх шарахь дӀае шайн аренаш, ялх шарахь шайн кемсаш а хедае, церан кенаш а лахьаде. 4Амма ворхӀалгӀачу шарахь лаьтте садаӀийта. Везачу Элана лерина шатайпа хан хила еза иза. Цу шарахь латта дӀа а ма де, кемсаш а ма хедае. 5Лаьтта тӀехь ша хьалаяьлларг тӀаьхьалонна дӀа ма йилла, хедоза йолчу кемсийн таьллангаш тӀера кенаш схьа а ма даха. Лаьтто садоӀу шо хир ду иза. 6Лаьтто цхьана шарахь садоӀур ду, амма тоъал кхача хир бу шуна а, шун лешна а, гӀарбашашна а, тӀелаьцначу белхалошна а, шуьгахь Ӏачу тӀебаьхкинчу нахана а, 7шун даьхнина а, шун лаьтта тӀехь йолчу акхарошна а. Лаьттах ша схьаяьлларг шуна яа мегар ю“».МеттахӀотторан шо
8«МеттахӀотторан шо ▼▼МеттахӀотторан шо – лаьтте садоӀуьйту шо.
шайна юкъахь долу ворхӀ шо ворхӀазза дагар а дай, шовзткъе исс шо шайн хилийта. 9Цул тӀаьхьа, ворхӀалгӀачу беттан уьтталгӀачу дийнахь берриг а шайн махкахь Къинош дӀадахаран де дӀакхайкхаде, маӀа а локхуш. 10Шовзткъе уьтталгӀа шо къобал а де, шайн махкахь Ӏаш мел волу стаг паргӀат а ваккха. МеттахӀотторан шо ду алий, кхайкхаде и шо. ХӀора а шен доьзалан долахь хиллачу лаьтта тӀе а, шен тайпане а кхача. 11Шовзткъе уьтталгӀа шо шун шатайпа меттахӀотторан шо хилла дӀахӀуттур ду. ХӀумма а де а ма де, лаьттах ша хьаладаьлларг тӀаьхьалонна дӀа а ма дилла, хедоза йолчу кемсаш тӀера кенаш схьа а ма даха. 12ХӀунда аьлча и хан шуна еза хир ю. Арара схьаяьлларг яа шайна. 13МеттахӀотторан шарахь хӀора а шен доьзалан латта тӀе верза, цуьнан дола дан. 14Хьайн уллорачунна цхьа хӀума юхкуш я цуьнгара оьцуш хьо велахь, вовшийн ле ма ве. 15МеттахӀотторан шо дӀадаьллачул тӀаьхьа долу шераш а дагардина, эца еза ахьа хьайн уллорачуьнгара хӀума, ткъа цо а, ялта хин долу шераш а дагардина, хьуна йохка еза иза. 16Нагахь санна дуьсуш долу шераш дукха делахь, мах лакхабаккха, нагахь кӀеззиг дуьсуш делахь, лахабаккха, хӀунда аьлча духкуш дерг масех шарахь хин долу ялта ду. 17Вовшийн ле ма де, шайн Делах кхера, хӀунда аьлча Со Веза Эла, шун Дела ву». ВорхӀалгӀачу шарахь яар
18«Аса шайна тӀедиллинарг а, Сан парзаш а, лар а деш, кхочушде. ТӀаккха шу синтем болуш Ӏийр ду шайн махкахь. 19Лаьтто шуна шортта ялта лур ду, шун дуккха а даа хӀума хир ду, тӀаккха шу синтем болуш шайн махкахь Ӏийр ду. 20Амма аша ала тарло: „Оха латта дӀадуьйш а ца хилча, ворхӀалгӀачу шарахь тхан яа хӀума хир яц“. 21Цунна аша са ма гатде. Аса йолхалгӀачу шарахь Сайн беркат доссор ду шуна тӀе, тӀаккха цу шарахь шуна кхаа шарахь даъал рицкъа хир ду. 22Ткъа бархӀалгӀачу шарахь ялта дӀадоьчу хенахь, шун шира ялта кхачоза хир ду, иза дуур ду аша, уьссалгӀачу шарахь керла ялта кхиъалц».ХӀума долахь хиларан бакъонаш меттахӀиттор
23Латта гуттаренна а дохка мегар дац, хӀунда аьлча иза Сан ду. Шу Сан латта лело шайна бакъо еллачу хийрачу махкарчу нахах тера ду. 24Шайн доьзалан латта мел долчохь иза юхаэцар магаде. 25Нагахь вашас, къий а велла, доьзалан латта дӀадохкахь, цунна гӀо дан дезаш волчу гергарчу стага, ван а веана, цо доьхкинарг юхаоьцур ду. 26Стеган шен доьзалан латта юхаэцийта гергара стаг ца хила а тарло, амма тӀаьхьо, беркат а хилла, цуьнгахь иза юхаэццал ахча хила мега. 27ТӀаккха цунна, доьзалан латта доьхкинчул тӀаьхьа йолу хан а лерина, шерашка хьаьжжина лаьттах хӀун мах бала беза хуур ду. Юха а эцна, доьзалан лаьттан дола дийр ду цо. 28Амма цуьнан шен доьзалан латта юхаэццал ахча ца хилахь, иза эцначу стеган карахь дуьсур ду меттахӀотторан шо тӀекхаччалц. Ткъа цу шарахь латта юха а шен хьалха хиллачу хӀусамден дола дер ду. 29Нагахь стага гонах пен болчу гӀалахь долу цӀа дохкахь, цхьа шо далале иза юхаэца бакъо ю цуьнан. 30Амма шо далале цо иза юха ца эцахь, гонах пен болчу гӀалара цӀенош эцначу стеган а, цуьнан тӀаьхьенан а дола довлу, меттахӀотторан шарахь а доьхкинчу стагана иза юхалур дац. 31Ткъа гонах пен боцучу шахьаршкахь долу цӀенош арарчу лаьттан меха лоруш ду. Уьш мичча хенахь а юхаэца а мега, ткъа меттахӀотторан шарахь шайн хьалхалерчу хӀусамден юха а дола довлу. 32Шайн долахь йолчу гӀаланашкахь муьлххачу хенахь а цӀенош юхаэца бакъо ю левихойн. 33Ткъа, масала, царах цхьаммо цӀенош юха ца эцахь, меттахӀотторан шарахь уьш юха а хӀусамден дола девр ду, хӀунда аьлча левихойн гӀаланашкахь долу цӀенош церан долахь ду. Исраилхошна юкъахь левихойн дакъа ду иза. 34Амма церан гӀаланашна гонах йолу аренаш йохка мегаш яц, хӀунда аьлча уьш гуттар а йолчу ханна церан дола яьхна ю.Къийбеллачарах а, лех а
35 cНагахь санна хьайн ваша, къийвелла, таро йоцуш велахь, гӀо де цунна, тӀевеанчу стагана я хьешана санна, иза шуна юкъахь кхидӀа а Ӏайта. 36Айхьа цуьнга деллачу ахчанах ял а ма яккха, хьайн Делах а кхера, хьайн ваша шайна юкъахь а вахийта. 37 dЯл яккхийта духалург хьайн ахча а ма ло цуьнга, са яккхийта хьайн ялта а ма дохка цунна. 38КанаӀан-мохк шуна бала а, шун Дела хила а Мисарара шу арадаьхна волу шун Веза Дела ву Со.Леш дӀахеца
39 eКъийвеллачу вашас ша хьайна вохкахь, ваца ма ве иза, лай санна. 40Хьо волчохь Ӏайта иза, цхьана ханна тӀевеана стаг санна, меттахӀотторан шо тӀекхаччалц. 41ТӀаккха, шен бераш схьа а эцна, гергарчу нахана тӀегӀур ву иза. Цигахь шен доьзалан латта юха схьаоьцур ду цо. 42ХӀунда аьлча уьш Сан леш бу, Ас Мисарара арабаьхна болу. Уьш леш санна, бохка мегар дац. 43Къизаллица олалла а ма де цу стагана тӀехь, хьайн Делах кхоьруш а хила. 44Шайна леш я гӀарбашаш безахь, гонахарчу къаьмнашна юкъахь эца уьш. 45Иштта шайн махкахь тӀебаьхкина Ӏаш болу нах а, шайн лаьтта тӀехь кхиинчу церан тӀаьхьенах берш а эца мегар ду. Уьш шун долахь хила мегаш бу. 46Шайн тӀаьхьенашна бита а мега аша уьш, кхин болу бахам санна. Уьш гуттар а церан долахь хир бу, леш а хилла. Ткъа шайн вежаршна-исраилхошна тӀехь къизаллица олалла ма де. 47Хийрачу махкара веана я цхьана ханна шуна юкъахь Ӏаш волу стаг хьал долуш велахь, ткъа хьан ваша, къий а велла, цу стагана вохкавеллехь, 48ша юхаэцийта бакъо хир ю цуьнан. Вежарех цхьаммо юхаэца мегар ду иза. 49Цуьнан девашас я девешин кӀанта юхаэца мегар ду иза, гергарчу нахах я тайпанах цхьаммо юхаэца а мегар ду. Ткъа тоъал таро елахь, ша мах бала а мегар ду цо шех. 50Ша эцначунна мах дӀатакха беза цо, ша воьхкинчу шарна тӀера дуьйна меттахӀотторан шарна тӀекхаччалц. Шех делла долу ахча а, шераш мел ду а хьаьжна, дӀадала деза цо, хӀунда аьлча и стаг хӀусамда волчохь тӀелаьцна белхало санна хилла. 51Ткъа меттахӀотторан шо тӀекхача дуккха а шераш дуьсуш делахь, церан терахье а хьаьжна, ша юхаоьцуш деллачу ахчанал сов дӀадала деза цо. 52Нагахь шераш кӀезиг дуьсуш делахь, уьш дагар а дина, дӀабала беза шех богӀу мах. 53ХӀора шарахь йолах тӀелаьцначу белхалочуьнца санна хила деза шу цуьнца. ХӀусамдега цунна тӀехь ницкъ ма байта. 54Нагахь цхьаммо а иза юха ца эцахь, меттахӀотторан шарахь иза а, цуьнан бераш а паргӀатдевр ду. 55ХӀунда аьлча исраилхой Сан леш бу, Ас Мисарара арабаьхна болу. Со шун Веза Дела ву.
Copyright information for
CheCAC2012